Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшо билгалбехира хIорашеран «Дашо бухIа» совгIатан лауреаташ. СовгIаташ даздаран хьолехь дIадалар Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь хилира. Регионан юкъараллин Интеллектуальни туьшо 12-гIа луш ду шайн совгIаташ. Оцу 12 шарахь 116 стаг ву и совгIат кхаьчнарг. Ламасте дирзина схьадогIуш ду 11 коьрта а, 5 леррина а билгалъяьхначу номенацешкахула (дешар, могашалла Iалашъяр, Iилма, искусство, литература, журналистика) совгIаташ далар. Толамхой леррина оцу балхана хаьржинчу жюрис къастош бу.
Иштта, «Iилма» номинацехь тоьлларг лерира кху шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан доцент, Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманан-талламан комплексни институтан Iилманан белхахо Исраилов Сайд-Ахьмад. «Шен декхарна тешаме» номинацехь къастийнарг Астрахань гIалара пачхьалкхан медицинин университетан ректор, медицинин Iилманийн доктор, Россин Федерацин хьакъволу лор, профессор, инфекционни цамгарийн кафедрин заведующи Галимзянов Халил ву, «Дешар» номинацин лауреаташ Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор Керимов Махьмуд а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан проректор Юшаев Сайд-Эми а, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан Iилманан-методикин кхеташонан председатель Генеева Лариса а ю.
«Литература» номинацехь «Гумс» газетан коьрта редактор Борхаджиев Хож-Бауди а, «Искусство» номинацехь Х.Нурадиловн цIарахчу къоман театран артист, Нохчийн Республикин халкъан артист Вахидов Бай-Iела ву билгалваьккхинарг. «Могашалла Iалашъяр» номинацехь Соьлжа-ГIалин №4 йолчу клинически больницин терапин отделенин заведующи Ахмадова ПетIамат ю билгалъяьлларг. «За подвижничество» номинацин лауреат юкъараллин-политикин «Вести республики» газетан белхахо Абалаева Малика ю. «Шеран хьехархо» номинацин лауреат ТIехьа-Мартан №3 йолчу школин физикин а, математикин а хьехархо Габзоева Нуржан ю. Ткъа «Син дахаран орамаш» номинацин лауреат Нохчийн Республикин Парламентан депутат Джамалайл Сайд-Хьамзат ву.
«Къона интеллектуал» номинацин лауреат – Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан доцент, технически Iилманийн кандидат Мусаев Абубакар, «Журналистика» номинацехь – Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам ву. Кхушара Интеллектуальни туьшан сацамца керла ши совгIат дира «Лаккхарчу корматаллина» аьлла. Оцу номинацин совгIат делира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместительна Алаудинов Аптина, «ТIеман ветеранийн Республикин клинически госпиталан» коьртачу лоьрана Дудаев Рамзанна. «За вклад в развитие интеллектуальной сферы» номинацин лауреат хилла «Россельхозбанк» ОАО-н Нохчийн регионан филиалан директор Ериханов Iусман ву.
Даздарш хаздира нохчийн эстрадин артисташа.
З.ХИЗИРОВА
Суьрта тIехь:«Дато бухIа» совгIаташ далар
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо