Яздархой – кегийрхой болчохь

ПисателиМарт беттан хьалхарчу деношкахь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь «Ахмат» кегийрхойн патриотически боламан декъашхоша цхьаьнакхетар вовшахтуьйхира Яздархочун денна лерина. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Яздархой союзан председатела Ибрагимов Кантас, нохчийн халкъан яздархочо Мамакаев Эдуарда, Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Газиева Азас. Боламан жигархочо Бибулатов Адама бовзийтира хьеший. Хьалхара дош Мамакаев Эдуарде делира. «Кегийрхой нохчийн литературица, яздархошца бала кхочуш хилар суна доккха хIума хета. Со жима волуш яздархо гур ву ала ца хIуттура, иза гича цунна улло вахана, цуьнца хабаре валар-м гуттар а дуьнен чохь хила ца тарлуш долу ирс хетара», – элира цо. Нохчийн литературин классикан Мамакаев Iаьрбин кIанта олу дош а, цуьнца цхьаьна охьахевшина цуьнга ладогIа шайн аьтто хилар а мехала хеташ бара кегийрхой. Газиева Азас билгалдаьккхира: «Яздархочун де билгалдаккха лиънехь, шуна хаа деза Нохчийн яздархойн союз маца кхоьллира, мила вара цуьнан дуьххьарлера председатель. Шуна бовза беза нохчийн яздархой-классикаш а, церан говзарш а». Къамел кар-кара оьцуш дора хьешаша.  «Учитель истории» роман язъяле ас 50 гергга книга йийшира, историн, политикин декъехула. Болх бира архивашкахь эзарнаш документаш кегош. Яздархо цхьана хенна къинхьегамхо, историк, географ, археолог, Iилманча ву. Бералла Соьлжа-ГIалахь дIаяхана, ткъа мукъа хан – библиотекехь, книгийн туьканахь а», – бохура халкъан яздархочо Ибрагимов Кантас.

Хьешаша кегийрхошка дехар дира шайн къоман яздархойн а, оьрсийн яздархойн а книгаш ешаре кхойкхуш.

«Шун бахам – иза жималла ю. Интернет, телефон хан йойъу, шун кхетамна, син кхачанна новкъарло еш ю. Цундела деша, шу кхана архитекторш, инженераш, хьехархой, лоьраш хилла дIахIитта деза.

Аш дIа ца лаьцначу меттехь нехан нах карор буйла а хаалаш», – элира кегийрхойн кханенах дог лозучу Газиева Азас. Цхьаьнакхетар Яздархочун денна лерина делахь а, цигахь дийца лазаме долу дукха хIуманаш хилира. Цхьаьнакхетар дерзош безамна суьрташ дехира кегийрхоша шайн безачу хьешашца цхьаьна.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: яздархошца цхьаьнакхетар

 

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: