Эсхаджиев Якъуб, филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу деятель, вина 1936-чу шеран март беттан 8-чу дийнахь Грозненски районан Девкар-Эвлахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь (1962-чу шарахь дуьххьара и отделени чекхъяьккхинчарех вара иза). Белхаш бина РСФСР-н къаьмнийн школин институтан Нохч-ГIалгIайн филиалан куьйгалхо, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан кафедрин заведующи, профессор, Нохчийн Республикин дешаран гIуллакхийн институтан хьехаран методикин лабораторин куьйгалхо волуш.
50 сов Iилманан белхан автор. Царех коьртаниш лара догIу: 8–9-чуй классашна лерина нохчийн меттан синтаксисан учебник (соавторшца цхьаьна), «Нохчийн меттан чолхечу предложенин синтаксисехула лекцийн курс», «9-чу классехь нохчийн мотт хьехар» (хьехархошна лерина методикин пособи), «5–6-чуй классашна лерина нохчийн маттехула дидактически материал», и.дI.кхин а.
Iилманчин кхалхар хилла 2007-чу шарахь.
Ясаев Мохьмад, Нохчийн Республикин халкъан артист, вина1957-чу шеран март беттан 8-чу дийнахь Казахстанан Семипалатински областан Чарская станцехь. Дешна Нохч-ГIалгIайн республикин музыкин училищехь а, Краснодарерчу культурин институтехь а.
1980-чу шарахь дуьйна 2011-гIа шо кхаччалц болх бо Нохч-ГIалгIайн (Нохчийн Республикин) пачхьалкхан филармонехь.
ДIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь ладогIархошна уггаре а дезачарех цхьаъ хилла дIахIоьттира М.Ясаевс дIаолуш хилла «Кемсийн аре» илли (дешнаш – Э.Мамакаевн, мукъам – С.Димаевн). ЛадогIархоша дезаш тIеэцна цо дIаолуш долу «Езачу йоIе», «Хьоме Кавказ» цIерш йолу халкъан иллеш, ткъа иштта Э.М.Эльжуркаевн, I.Яричевн, кхечу поэтийн дешнашна ша даьхна иллеш а («Орцахвала Везан Дела», «Даймехкан илли», «Нана», «Сан Нохчийчоь»…).
Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат ву Ясаев Мохьмад.
Сайтиев Бувайсар, Россин спортан хьакъволу мастер, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кхузза Олимпийски чемпион, вина 1975-чу шеран март беттан 11-чу дийнахь Дагестан Республикин Хасавюьртахь. Шен исс шо кхаьччахьана паргIатчу кепара охьатохархлатаран секце лела кIант, цуьнан дуьххьарлера тренерш бара вежарий Исхьакъ, Мурад ИрбайхановгIар. ТIаьхьо шуьйра евзаш йолчу охьатохархлатаран Красноярскерчу школе, Д.Миндиашвили волчу дехьа волу иза.
Спортехь баьхначу баккхийчу кхиамийн юьхь йолаелира 1995-чу шарахь. Оцу шарахь цкъа хьалха кегийрхошна юкъахь хиллачу дуьненан чемпионатехь хьалхара меттиг йоккху Бувайсара, цул тIаьхьа дукха хан ялале баккхийчарна юкъахь дуьненан чемпион а хуьлу. Шен ирсе нисделлачу спортан дахарехь 6-зза Европин чемпион, 6-зза дуьненан чемпион, 3-зза – 1996-чу шарахь Атлантехь, 2004-чу шарахь Афинехь, 2008-чу шарахь Пекинехь – Олимпийски ловзарийн чемпион хуьлу Б.Сайтиевх. Нохчашлахь дуьххьара Олимпийски ловзарийн деши даьккхинарг ву Сайтиев Бувайсар.
Махмаев Жамалди, берийн яздархо, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо, вина 1939-чу шеран март беттан 14-чу дийнахь Грозненски районан БердакIел юьртахь. Бераллин а, кхиаран а шераш Казахстанехь чекхдевлира. Цуьнан дуьххьарлера стихотворени зорбатуьйхира «Казахстанан пионер» газета тIехь иза 6-чу классехь доьшуш волуш. Вайн къам шен махка цIадирзича нохчийн литература а, мотт а кIорггера Iамо волавелира иза. Цо чекхъяьккхира хьехархойн училище а, хьехархойн институт а. Белхаш бина Грозненски районан «Заветы Ильича» а, цул тIаьхьа «Ленинан некъ» а газеташкахь. 1970-чу шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де кхаччалц ша винчу юьртарчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш къахьийгира. «Маликат», «Маликат школехь», «Со – Соскин Солса ву», «Мамин сурт», «Самукъане абат», «Сан кегий доттагIий», «Некъан абат», «Аьттан бер», берашна леринчу кхечу а книгийн автор.
Хьехархочун, поэтан Махмаев Жамалдин хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадош, цунна совгIаташ дина «Знак почета», А-Хь.Кадыровн цIарахчу орденшца. Кхалхар хилла 2015-чу шарахь.
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо