ЦIарах ларбала Iамабо

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин МЧС-н белхахоша республикин школашкахь дIахьош ду  бераш цIеяларх лардарна лерина цхьаьнакхетарш.  Иштта, дукха хан йоццуш, Теркан районерчу Горагорск поселкерчу №2 йолчу школехь юьхьанцарчу классийн дешархошца а хилира церан цхьаьнакхетар. Иза дIадаьхьира «Кхерамазаллехь йолу Кавказ» цIе йолчу проектан гурашкахь.P1030757

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Теркан районан цIарах кIелхьарабахаран № 27 йолчу декъан инспектор Мустафаев Хьусейн. Цо дешархошна дийцира цIеяларх муха ларбала беза а, сирникашца ловзар мегарг цахиларх  а лаьцна.

Инспектора берашна йовзийтира цIе яьлча ларъян еза бакъенаш а, экстренни службийн номерш а. Иштта, шен къамелехь цо билгалдаьккхира, МЧС-н белхахошка харц орцанаш дохуш телефонаш еттаро, уьш шайн балхана юкъаха бохуш хилар а, и тайпа «ловзарш» лелийнарш административни жоьпе озо богIуш хилар а.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: дешархошца цхьаьнакхетар        

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо                         

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: