Араяьлла «СтелаIад» журналан рогIера (хьалхара) номер (1–2 шиъ цхьаьна).
Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса юбилейца декъалваран дешнаш даладо журналан хьалхарчу агIон тIехь. Циггахь берашна евзар ю шайна лерина Мусас язйина «Деза дешнаш» байт. Иза ешча хуур ду хIума яале а, иза йиъначул тIаьхьа а дан дезарг.
«Берийн кхолларалла» рубрикехь евзар ю Р.Газиевн «Хьалхара класс», Ж.Тарамован «Хьехархочунна», Р.Усманован «Марша да хьо, Керла шо» байташ, М.Яриханован «Баба а, бедан кIорнеш а» жима дийцар.
Бераша хазахеташ доьшур долуш дийцарш, байташ кхин дуккха а ю журналан агIонаш тIехь. Масала: М.Мумаидовс дIаяздина «ЦIоьмалг а, ешап а», С.Дакаевн «ХIилланах хилларг», А.Тапалаеван «Керла шо кхана хир ду», М.Алиевн «Турпалхо» дийцарш.
Баьпкан дозаллах лаьцна Хь.Саракаевн «Баьпкан чкъуьйриг» дийцарехь ца хуучунна девзар ду баьпкан дозаллах дерг.
«Бераша олу…» рубрикехь Ж.Махмаевн «Иза кхин ву…», «Шекар лоьхуш» самукъане кегий дийцарш.
«Дийнатийн дуьненахь» рубрикехь С-М.Гелагаевс яздо чагIалкх экханах лаьцна.
М.Арсанукаевс оьрсийн маттера гочдинчу «Бозбуанчалла» оьрсийн халкъан туьйранехь девзар ду эсала, оьзда мотт бийцинчу йоIана хилларг а, иштта кIоршаме, кура мотт лебинчу йоIана хилларг а.
С-I.Аслахановс йовзуьйту кхетош-кхиорехь лехамийн эвсаралле хьаьжча, «ГIулгех ловзар» ловзаран гIолехь йолу кеп.
«СтелаIодан» дошам» рубрика а пайдехь хир ю берашна. Кхузахь царна девзар ду журналан агIонаш йоьшучу хенахь шайна ца кхеташ хиллачу дешнийн маьIна.
Базан суьртехь йолу а, I.Вахаевн «Хаар-зер» а кроссвордаш йича берашна девзар ду керла дешнаш.
Л.ДАУТОВА
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо