Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 19-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь «Ахмат-Аренехь» цхьаьнакхийтира Москварчу «Локомотив» командица.
Майданан дай: Городов, Уилкшир, Семенов, Родолфо, Рыбус, Кузяев, Пирис, Иванов, Грозав, Айссати, Митришев.
Хьовсархоша шайн хьомечу командин ловзар гаре шина баттахь сатийсинера. Ткъа хIокху цхьаьнакхетарх лаьцна аьлча, шинна а командо жигара дIайолийра матч. Ловзаре хьажа веана 15 эзар сов болельшик вара. Матч йолаелла дукха хан ялале, 4-чу минотехь «Терекан» кевна чу гол тоха аьтто белира хьешийн. Амма, 8-чу минотехь «Локомотив» командерчу футболистан шайн кевна хьалха буьрканах куьг кхетар бахьана долуш, пенальти тоха бакъо елира «Терекна». Иштта, жамI 1:1 хилира. Вайн командо 33-чу минотехь кхин цхьа гол туьйхира «Локомотив» командина. Ший а гол М.Рыбуса туьйхира. ЖамI 2:1 долуш садаIа бахара футболисташ. ШолгIачу таймехь а гIолехь ловзура вайн футболисташ. Гол тоха герга а бара уьш, амма ницкъ ца тоьира. Иштта, жамI кхин хийца ца луш, чекхъелира матч.
ХIокху цхьаьнакхетарехь толам баккхар бахьана долуш, «Терек» команда турниран таблицехь 5-чу меттехь ю, 31 очко а йолуш. 3-чу меттехь йолчу «Локомотив» командина 1 очко бен тIаьхьа юьсуш яц «Терек».
РогIерчу турехь «Терек» хьошалгIахь ловзур ю Москварчу «Динамо» командица.
М.КАНТАЕВ
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо