«Синтемо» синтем кхуллу…

    2001-чу шарахь ГIалгIайн махкахь дагадеара регионан зударийн «Синтем» юкъараллин организаци кхоллар. Вайн республикехь тIемаш хилар бахьана долуш ГIалгIайн махкахь четарийн лагершкахь бехаш бара нохчий. ХIинца «Синтем» организацин куьйгалхо йолу Айрапетян Инна хIетахь цигахь гуманитарни организацехь болх беш яра. Цу хенахь-м вайн махкахойх дукхахболчарна хаьара цIийнах, кхерчах бевлла лелар атта  доцийла, делахь а, цхьаболчаьргахь къаьсттина ледара хьал дара. И дерриге а гора Иннина. Кхана наной хила безачу зударшна психологически, социальни оьшу гIо даран Iалашонца болх бан, зударшца цхьаьнакхета дагадеара цунна. Кхечу гуманитарни организацешкахь («Красный крест», «Человек в беде») болх беш йолу 3 зуда яра Инница гергарло лелош. Царах дагаелира иза. Уьш хазахетарца тIетайра. Иштта, хIора баттахь шайна схьалучу алапех ахча  охьадуьллура оцу еа зудчо. Четарийн лагершкахь, уггаре а миска зударий схьа а хоржий, царна ахчанца гIо дора. Айрапетян Иннас дийцарехь, уьш гIо дан буьйлалучу хенахь цунна дагахь а дацара шаьш организаци кхуллур ю бохург.синтем

   Шаьш гIо динчу зударех хIора а дика дагайогIу Иннина. Цхьана зудчунна шаьш гIодар къаьсттина дагахь лаьтта цунна. Цхьана дийнахь Иннас болх бечу организаце еана хиллера ханна мелла а йоккха йолу цхьа зуда. Шегара бала а буьйцуш, гIо дийхира цо. Дукха хан йоццуш дуьнен чу яьллачу шен кIентан йоьIан жаннашца цамгар хиларх а, шайн цунна дарба дан аьтто цахиларх а, йоьIан нана могаш йоцуш хиларх а лаьцна дийцира цо. КIентан йоI больнице йига а таро ца хилла церан. Оцу зудчуьнга дикка ла а доьгIна, шаьш гIо дийриг хилар хаийтира цо. ТIаккха Иннас, ахча вовшах а тоьхна, и йоI больнице йигийтира цаьрга. Больницехь дан догIу дарба а хьехна, цIа хьажийра уьш, цу юкъа дукха хан ялале юха а еара и зуда. Цуьнан карахь йоьлуш жима йоI  яра. Цунах синхьаам хилира Иннина. Иза кхийтира шаьш дийриг кIезиг хIума цахиларх. Шайн бала а бохьуш цкъа мацах шайна тIебаьхкинарш, цхьа хан  яьлча, юха шайна баркалла  олуш баьхкича хазахетара Иннина а, цуьнан накъосташна а. Уьш синтеме, ирсе шайна гича кхин а дуккха а диканаш дан дог догIура церан. Иштта, цара хIетахь дуккха а зударшна гIо дира. Уггаре а халчу хенахь гIийлачу, мискачу зударшна дина диканаш дийцина ца валлал дукха ду. Цул тIаьхьа, масех шо а делира.

Вайн республике маьрша хан еача цIабирзира нах. 2006-чу шарахь Инна а схьаеара Нохчийчу. Оццу хенахь кхоьллира цо зударийн регионан «Синтем» юкъараллин организаци. ХIетахь «Синтем» организацино юкъаяьккхира «Нана а, бер а» аьлла йолу проект. Наной хила безачу зударшна лерина яра и проект. Наношна хаа мел дезарг Iамадора лерринчу курсашкахь. Психологаша а болх бора зударшца. Доцца аьлча, психологически а, социальни а гIодора «Синтемо». «Нана а, бер а» проект мехала хилла хилар гойту, цо иттех шарахь дуккха а наношца болх бина хиларо.

2006-чу шарахь дуьйна юкъаяьккхина ю «ГIоьнан тускар» проект. «Синтемо» кхоьллинчу проектех уггаре а къинхетаме ю иза. ХIора а баттахь, шайн таро йолчара бедарш а, иштта кхийолу хIума а оцу тускар чу юьллура. Дийнна баттахь дуккха а хIума вовшахкхетара. ТIаккха бутт чекхболучу хенахь Iер-дахарца хала бохкучу зударшна дIалора гулъелла хIуманаш. «ГIоьнан тускар» дуйла хиира нахана дукха хан ялале. Шо шаре мел дели а, шайгара гIоьнан тускарна чу сагIа дилла луурш а алсамбевлира. Бутт чекхболуш, пIераскан дийнахь Iуьйранна бархI сахьт а далале, тускарна уллохь зударий гуллора. Шайна эхь хетташехь, дан хIума цахиларна богIура уьш цига, Иннас дийцарехь. Уьш гича, царна тIехьаьжча, тоьаш дара, цаьргахь ледара  хьал дуй хаа. Ишттачу зударшна гIо мел до кхидIа а болх бан дог догIура «Синтеман» декъашхойн. «ГIоьнан тускар» проект шуьйра йовза йолаелира нахана. ТIаккха зударша шайна оьшучун цIерш йохура, масала, берийн гIудалкх а, берийн бедарш а, тайнигаш а, кхийолу хIуманаш а. Социальни «FAСEBOOK» сета чу хаам боккхура «гIо оьшу», олий. Цуьнан тидам а бора наха. Къинхетамечу наха шайга схьакхачийнарг оцу зударшна дIалора «Синтеман» куьйгалло.

«Синтем» кхоьлличхьана дукха проекташ кхочушйина цуьнан куьйгалло. ТIаьхьарчу проектех цхьаъ ю «ЦIаберзар». Кхечу мехкашка, цкъа мацах дIабахана хилларш цIабогIуш, царна юьхьанца гIодар ю цуьнан коьрта Iалашо.

ХIокху организацис гергарло леладо «Ларам», «Зударий кхиарехьа бу», «Ресурс» юкъараллин организацешца. Уьш кест-кеста  цхьаьна а кхета, вовшашна зеделларг довзийта, дагабовла.

Айрапетян Иннас дIадолийна гIуллакх беркате хилла. Цо кхоьллинчу организацис бечу белхан мах хадийна  вер а вац. «Синтеман» декъашхойх лаьцна Иннас ша иштта дуьйцу:

«Уггаре а хьалха къинхетаме, комаьрша, цIена дегнаш долу зударий бу организацин декъашхой. Ишттанаш бен кхузахь хуьлийла а дац. Вайна юкъахь, хIора а къомана юкъахь а санна, даима а хилла сирла, цIена адамаш. И тайпа зударий бу кхузахь болх беш берш. Берриге  бертахь а бу. Массо а йоккхае, шаьш дечу диканех дог ца Iеба церан».

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: «Синтем» организацин декъашхой – «Новые горизонты» проектехь

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: