Вайн къомана юкъахь даима а хилла къахьегна а, шайн дахарехь дукха халонаш лайна а, ирча хIуманаш гина а зударий. Ишттачарех цхьаъ ю Мамацаева Сацита.
Иза дуьнен чу яьлла 1968-чу шеран 27-чу февралехь Грозненски районан Дочу-Борзехь. Сацита шен 5 шо кхаьччахьана дуьйна Шелахь дененаца кхиъна. Деша а яхара иза циггахь школе. Дененах беркат делира цунна. ГIиллакх-оьздангалла йолуш, шатайпа дика йоI кхиийра денанас. Уггаре а коьртаниг – цIена нохчалла долуш, шира Iадаташ девзаш а яра иза. Дахарехь карор дуйла а хууш, шен кIентан йоIана дешар марздора денанас. Шен дененан хьехаршка лерина ладугIура йоIа. Школехь дика доьшуш яра Сацита. Цул сов, цIахь дан дезачуьнца а ларайора иза.
Иштта дIаихира шераш… Хьалакхиира Сацита. ЙоI шеца кхиаре терра, цуьнан денанна лаьара, дахарехь цунна шен меттиг карайойла. ЙоIа хаьржинарг хьехархочун корматалла яра. Денанас Сацита хьехархойн училище деша яхийтар къобалдира. Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалин хьехархойн училище деша яхара иза.
Сацитас училищехь доьшучу хенахь дагахь доцу ирча де деара. Нанас санна, ша кхиийна йолу хьоме, мерза денана кхелхира цуьнан. Шен дахарехь нислушдерг а, ша дан дагалаьцнарг а, дерриге а цуьнга дийца а, массо а хIуманна тIехь цунах дагаяла а Iемина йолчу Сацитина чIогIа хала дара дененах къастар лан. КхидIа долчу шен дахаран сурт а ца гора цунна. Тезет дIадирзинчул тIаьхьа, Дочу-Борзе шен да-нана долчу дIаяха дийзира йоьIан. ХIора а Iуьйранна ша самаяьлча дененан аз лере догIуш, юха кест-кеста, суьйранна цо шена дуьйцуш хилларш дагаоьхуш, яьккхира цо цхьа хан.
Училищехь кхидIа деша а башха дог догIуш яцара Сацита. Делахь а, цхьа хан яьлча мелла а меттаеара иза. Дешарна гуттар а тIейирзира хин йолу хьехархо. Кхиамца чекхъяьккхира хьехархойн училище. КхидIа лаккхарчу дешаран заведенехь деша лууш яра иза. Делахь а, вайн махкахь тIемаш хиларна, цига деша яха аьтто ца хилира цуьнан.
Шен дахарехь уггаре а ирчаниг хилла даьлла моьттура цунна, амма ирча денош кхин а дахка яздина хиллера цуьнан кхолламехь. 1993-чу шарахь Сацитас доьзал кхоьллира. Цул тIаьхьа 3 шо а далале хIусамда кхелхира цуьнан. Цхьа шой, ши шой долчу шина йоIаца (Линда а, Луиза а) ша цхьаъ йисира иза. Йоьхнера иза, шега доьзал когахIотталург хиларх тешаш яцара.
Делахь а, доьзалан дуьхьа вайн наноша ца деш хIун ду?! Доьзална оьшург латтон а, мерзаниг яон а лаьара цунна. Иштта, юьртарчу юккъерчу школе хьехархочун балха яхара иза. Вайн махкахь шолгIа тIом болабелча, ГIалгIайн махка дIаяхара иза шина йоIаца. Цигахь цхьа шо гергга хан яьккхира. Цул тIаьхьа Дочу-Борзе цIабирзира уьш. Шен хилла лаам кхочушбира цо. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте деша яхара Сацита. ТIаккха ша болх бинчу юьртарчу юккъерчу школе балха яхара. Цигахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхура цо. Шина йоIе Соьлжа-ГIалахь дешийта лаарна, цигахь яха хиира Сацита. Соьлжа-ГIала схьаеанчул тIаьхьа, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназе деша дIаелира ши йоI (хIетахь №41 йолу школа ). Царна мел оьшург латто хьожура иза.
Юьхьанца шина школехь болх бира цо: №12 йолчу гимназехь а, №11 йолчу школехь а. Шен болх дукхабезарна хазахетарца бора цо. Бераш а дукхадезара цунна. №11 йолчу школин куьйгалло тидаме ийцира Сацита дика говзанча хилар. Дукха хан ялале оццу школехь директоран дешаран-методикин балхехула заместитель хIоттийра иза. ТIаккха №12 йолчу гимназера дIаелира.
Балхахь кхиамаш а баьхна Сацитас. Болх дика барна делла дипломаш а, Сийлаллин грамоташ а ю цуьнан. 2009-чу шарахь дIаяьхьначу «Тоьлла хьехархо» республикин конкурсехь совгIатан меттиг яьккхира цо.
Даима денанас шега жимачохь олуш хилларг дагаоьхура цунна: «Дика дешча дахарехь шен меттиг карайо». Денанас шега ма-аллара, хIинца шен доьзале а кест-кеста и дешнаш олу цо. Линдас а, Луизас а кхиамца чекхъяьккхина гимнази. Цул тIаьхьа, Къилбаседа-ХIирийн пачхьалкхан медицинин Академин педиатрин факультете деша яхана ши йоI.
ХIусамда а воцуш доьзалхо кхион атта дац. ХIетте а, оьзда а, ийманехь а, гIиллакхе кхиийна Сацитас ши йоI.
З.ХАСИЕВА
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо