СагӀадоьхургех юх-юха дийца-м дуьйцура вай, бакъду, хедаш хьовха, лахлуш а бац уьш. И сагӀадехар вай-ваьш къобал ца дахь а, доьхучунна иза ца делча а ца Ӏало, хьайн керта я неӀаре уьш схьахӀиттича. Марахь я юххедаьхна бераш хилча, муххале а. Заманаш хийцаелча а, Ӏедал чӀагӀделча а, «колорадски» чхьаьвригел башха, къарлуш бац-кх и нах. ДӀа ойла йича, тамашийна хӀума а дай и-м: сагӀа дехарх болх бина лелачарна вайх ца хета-кх, царна ца дала вайна шайх хеттачул эхь.
ХӀокху Ӏай ду-кх, шийла деанчу цхьана базаран дийнахь, пеш гал а яьлла, иза нисъян гӀерташ воллура со, дӀалаца я схьакховдо цӀахь цхьа а воцуш, и керла юкъаевлла пешаш тоечара цхьа пайда боццу хӀума нисдийриг а, механ цӀарах хьан кисанара дӀаузучу ахчанах кхоам а хеташ. Шена чу газ, токкий ший а цхьаьний ца ягӀахь, дуьхьалйовлу пенах туху пешаш юйцу ас.
Базаран дийнахь, бол санна, базарара нахарташ гулйина бевлча, юххерчу ярташка чубаьржа сагӀадоьхурш. Церан аьттонна санна, базарна гена яц тхан юрт а.
УьйтӀахь мохь бетташ а хезна, дечунна юкъахваьлла, неӀаре воьду со. Лаьтташ ву-кх цхьаъ, буйнахь суьлхьанаш а долуш, со шегара салам схьаэца кхиале, доӀа даран кеп хӀиттош, вайна а хуург ах-улх доьшуш. Ахча а кховдадой, дӀавохуьйту ас и.
Жимма Ӏийча, юха а мохь хеза уьйтӀахь. Араволу со. Ши зуда хуьлу лаьтташ, юххехь цхьацца бер а долуш. Уьш а дӀабохуьйту ас, церан «хьаште» а хьожий.
Цара букъ берзийна дукха хан ялале, уьйтӀахь кхойкхучо юха а балхана юкъахвоккху со. Буйнара морзах охьабилла вицлой, резавоцуш араволу со. Нисвелла жима стаг ву-кх лаьтташ, хӀумма а беркъа а воцуш, саламан метта «сагӀина» боху дош кхийдош соьга. Пеш дуьхьалъяьлла, догъэтӀаш хьийзачу сайн багара муха делира а хаац, амма: «ХӀорш цӀахь бац. Со кхарна балха веана ву, таро цахиларна, сагӀа ца дехархьама. Гой хьуна, – олу ас, «тоьшаллина» буйнара морзах дӀаухьуш. – Ахь суна гӀо дахь, балхана сайна кхара лундолчух хьуна дакъа-м дийр ду ас», – олий, тӀе а тухуш. Хетарехь, шен дагахь, ца вешаш дӀавахара и ас цецваьккхинарг.
Сарахь чувеанчу сайна эвхьаза волчу цхьана-шинна дийцира ас оцу сагӀадоьхучунна айса дина хӀилла. Амма тӀаьхьа, иза карла мосазза долу, сайгара яьлларг ледарло хеташ, схьавеана со таханлерчу дийне кхаччалц.
Тахана а базаран де ду, Ӏаьнан тӀаьххьарчу беттан тӀаьххьара базаран де. Тхан кертахь шена елла сом-ком а эцна, лулахойн кевнал чоьхьа тилира кху ураме чубаьржинчу сагӀадоьхучех бер тӀаьхьахӀоттийна еана цхьаъ. СагӀа даларехь ийман чӀогӀа долчу цара шекар делла хиллера цунна сагӀина. Ахча карахь долуш а, доцуш а ма хуьлий. Я доьхнарг ца хилла хир ду. Церан кех араяьлла, дӀайолаеллачу оцу сагӀадоьхучо, шега кховдийна тӀоьрмиг бассош, некъайисттерчу Ӏомала хийцира цхьа пхьегӀа юззал хир долу шекаран бӀелигаш. Суна ша гойла хиънехь, ца дан а мегара цо иза.
Кхечу кертахь шега схьакховдийна нахарташ схьаэцна яьллера сагӀадоьхург, со тӀаьхьакхачале. Сайн ма-хуьллу бехкбаьккхира ас цунах, ша динарг суна гарна иза юьхьӀаьржа хӀуттур ю моьттуш. Мичара! Шек а йоцуш, юххехула а яьлла, дехьарчу лулахойн кевнах чутилира-кх вайн бусалба йиша.
ТӀаьхьа хӀун хир хаац, амма цкъачунна ас ен ойла цаьргахьа яц: Далла духахьара а ма хоьтийла, уьш совцо декхарийлахь болчарна новкъа а ма догӀийла, и бевлла лела сагӀадоьхурш, кхин дӀа йолчу хенахь тергал ца бан дагахь-м ву со.
Р.S. Хьахаделлачуьра, оцу «сагӀадоьхург» бохучу дашах а ала вай жимма. Мациев Ахьмадан 1961-чу шарахьлерчу словара тӀехь причасти санна билгалдина и къамелан дакъа, «нищий», аьлла, гоч а деш. Амма цӀердешан маьӀна а ма ду цу дешан вайн маттахь. Лакхахь а, коьрта долчу декъана, цӀердешан маьӀнехь лелийна ас и, лач дожарехь причасти санна легийнехь а (сагӀадоьхучунна). Ткъа дукхаллин терахьехь муха хила деза техьа и – сагӀадоьхургаш я сагӀадоьхурш? ШолгӀа кеп причастина йогӀуш хета, ткъа цӀердашна – хьалхарниг. Цунна тӀедоьгӀна, долийнера ас хӀара йоза лач дожарехь долчу «сагӀадоьхургаш» дашца. Иза суна хетарг ду, харц хила а мегаш. Ткъа дика хуурш меттан Ӏилманчаш бу. Цара хӀун эр дара техьа?
АХМАТУКАЕВ Адам
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо