(Эссе)
Соьлжа-ГIалин бер дуьнен чу долучу коьртачу цIийнан йоьалгIачу гIат тIе хьалаволуш вара, юккъерчу дегIехь волу зоьртала стаг.
Iаьржачу духарца, терхийн гIопаста тIехула дай хехкало куьг, доций, стаммий пIелгаш долуш хиларна а, берзинчу коьртара юькъачу Iаьржачу месех къаьсташ детех диллина сир лергийн яххашкахь алссамчу серлонца лепарна а, кху меттигца вогIуш ца хетара иза.
БIаьстенан чIегIардигийн хотIаца, «заррийнехь» долчу синкъерамечу беларшца, вовшашца дуьйцу хабарш ца сацош, кхунна дуьхьал бетталора лекхачу «коскаш» тIехь, кIайчу духарца болу мехкарий. Иштта, хIара тIаьхьа а вуьтуш, хезаш ца хезаш: «Де дика хуьлда», – олуш, кхул хьалхабовлурш а бара. Шел хьалха а, тIаьхьа а гIовгIа дIатийча, алссам хIаваъ чуузуш, терхийн социйлехь доккха са даьккхина, парггIатчу боларца терхеш тIехула хьалаваьлла, кIайчу неIарехь сацавелира хIара.
Ца хIуттуш санна, бай пIелг туьйхира неIарх. Дуьхьал вистхуьлуш цхьа а цахиларна, ший а куьг кисана а диллина, жимма айвелла, дуьхьларчу пенах лекхуо долчу корах арахьаьжира. ГIушлакхе баьллачу малхо, ца кхоош охьахецначу йовхачу зIаьнарша дагочу тхевнаш тIера Iа гIуьттуш хаалора. ХIинццалц къардайна, дуткъачу тIемашца хIаваъ цоьстуш хьийзачу олхазарийн «чIир» а ца хезаш, тийналлин бурко хIоьттинера Iаламехь.
– ЭхI, хьо беркат, хьо Делан ниIмат! – масех дийнахь «къагоза» йолчу шен юьхь тIе хьаьдда велакъажар, кисанара хьаладаьккхина куьг хьаькхна, дайъира кхуо. Ткъа Iаьржачу бIаьргех летта воккхаверан суйнаш дашон хIара ларавалаза а волуш, еллаелира кIайн неI.
– Ва-й, марша ва хьо! Сан бераллехь ма лекха а, генахь а хетара хьо! – ши куьг вовшахтоьхна, сацаелира, лоьран кIайчу духарца йолу жима зуда.
ТIаккха, могаш-паргIат хаьттина, кхунна охьахаа гIант схьа а оьзна:
–ТIемаш хилале хьалха мамица дуккхазза а хьан концерте еана со. ХIоразза а елха йоьду те, нана цига олий, хетара суна цу хенахь. ХIинца кхета со хьан иллех а, сан ненан дог-ойланех а. «Дог цIандо довха дешнаш а, сирла мукъамаш а бу илланчин», – олура цо. Цуьнан безамна, хьан иллешка ладугIуш хазахета суна хIинца а, айса цуьнга дагара дийцича санна, сайн ненан аьхналла карайо цаьргахь … – тIаьххьара дешнаш, къаьсташ ца къаьсташ, лохо элира зудчо, тIаккха шен тIунделлачу бIаьргаш чохь синкъерамен зIаьнарш а латийна:
–Хьайн доттагIчун кIант вовза веана хьо? Кху хенахь-м уьш берриге а цхьабосса хета. Тхуна-м бевзара уьш, шайн наношначул а дика. ХIинцца… – аьлла, каде дехьа чу елира зуда.
«Веана-те, сайн доттагIчун кIант вовза, иза беркат дохьуш, ийманехь ваха кху дуьнен чу веана хуьлийла сайна лаарна…» – ойла йора, лоьрийн жимачу чохь ша висинчу Нохчийн Республикин халкъан артиста Ясаев Мохьмада. ХIаъ, и вара иза! КIайчу духарца, сийна я баьццара «колпак» олу куй тиллина хиларна бен, лоьрех-зударех халла бен ца къаьсташ, боьрша нах кIезиг хуьлучу кху цIийне веанарг. Шен 60-чу бIаьстене волуш, хIинццалц ца девзинарг я ца динарг кхочушдан веанера иза кхуза.
Сийна зезаг долчу кIайчу шаршу юккъе хьарчийна, дуьнен чу даьлла 3–4 де долу бер, шина а куьйга леррина маракъевлина а долуш, схьакхечира дехьа чу яхнарг. Воккха хьаша тIевеача санна, хьалагIаьттира халкъан артист.
Ший а куьг дIакховдийна: «БисмиллахIиррохьманирроххьийм, Дала беркате ве хьо, ийманехь кхиа хьо», – аьлла, леррина караийцира цо и ховха «мижарг».
Дистинчу бIаьрнегIаршна тIекхочуш, йоккхачу стага санна, чукарчийна тиллина йовлакх а долуш, можа бос дIабалазчу юьхь тIехь, юкъ-кара къаьсташ, кIай босбуаргаш а йолуш, лилхина, кIайн чкъоьрнаш тIера дIадовлаза цIен ховха балдаш долу жима батт а къевлина вара дуьненан керла вахархо.
Цуьнан некъ АллахIа билгалбинарг хуьлийла лаарна, беран аьтто лерга тIера шаршу жимма дIа а теттина, Делан Элчано (I.с.в.с.) тIедиллина ма-хиллара, молла кхайкхира Мохьмада, тIаккха аьрро лерга – къамат а дира…
Геннарчу бераллин шерашкахь, къегинчу сцени тIера Даймахках, безамах, ненах, доттагIаллех лаьцна чулацамечу дешнашца, шен нуьцкъалчу пехаш чуьра ма-даллара, ондачу озаца иллеш аларца вевзаш хилла республикин халкъан артист, кху «цIинцIалгана» лере молла кхойкхуш хазар тамашийна хета лор, цецъяларца хьоьжура. Ткъа шаршу юккъехь воллург, молла кхайкхар шена даима а хезна гIуллакх долуш санна, меттах ца хьайра, мелхо а къевлина хилла шен жима батт эсалчу велакъажарца меттаххьайира.
Кху чоьнан жималла ца тоьъна Ясаевн аз, сени чуьрчу паргIатонан паналле даьлла, дIасадаьржира. Масех чуьра аракъедира, хIуьрлаIан мехкарий санна, кIайчу духаршца долу зудбераш. Ша-ша йогIуш, молла кхойкху аз хезачу неIаре баьхкира. Молла кхайкхар дIадирзина, вовшашка хьаьжна, бистхила хIорш кхиале, къамат а хезира.
Дуьнен чу довлучу берийн я церан нанойн мохь-орций бен хезаш ца хуьлучу кху больницехь, тамашийна хетара халкъан артистан молла кхойкху аз.
Тамашийна дан а дара иза. Амма, дуьне духур ду баьхначу билгалонех а доцуш, бусалба умматна кхин цхьаъ а декъашхо тIекхетар бахьана долчу кхоах хилар дара коьртаниг.
Ден доттагIчун декхар кхочушдина, йоьалгIачу гIат тIера охьавуссучу Ясаевна «коскийн» гIовгIа тийна, шабарийн гIовгIа хезара: «Хьажахьа, иштта хуьлуш хилла-кх халкъан артист!».
ХIинцачул 20–30 шо хьалха ма-хиллара, дайчу боларца, наггахь ши-кхо терхи тIаьхьа юьтуш, кхоссавала а дагахь, охьавоьссира халкъан артист. Мацах, къоналлехь олуш хиллачу иллеша санна, дог тIома доккхуш, керла ницкъ белира цунна ша кхочушдинчу керлачу гIуллакхо.
«Хастам бу, я АллахI, Ахь деллачу кху дуьненан ниIматашна», – цIеначу стигала хьалавирзина, Деле доIийна куьг кховдийра цо. ТIедогIучу шеран 8-чу мартехь шен 60 шо кхачаран юбилейна кечамбечу цунна, ойла яста, кхин гIолехь дешнаш ца карийра…
Т.САРАЛИЕВА
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо