ХIусамера арайоккхур яц
Соьлжа-ГIалин Ленински районан суьдо хIусам къовсарца доьзна бинчу сацамна ша реза цахилар гойтуш, Матаев Салмана апелляцин арз делира республикин Лакхарчу суьде. Дакъалоцуш прокурор Ацаев Тимур а волуш, граждански гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллегехь иза къастош гучуделира Виситаева Фирозин ордер бакъо йоцуш а лерина, иза ша Iаш йолчу хIусамера араяккхар лоьхуш Матаевс бинчу лехамна дуьхьало еш хьалхарчу тIегIанан суьдо сацам тIеэцна хилар.
Лехам беш волчо дийцарехь, 2005-чу шеран 30-чу июнехь Ленински районан суьдо бинчу сацамца цунна бакъо еллера къовсамечу хIусамна доладан. Амма керла бакъдерш гучудовларца доьзна оццу суьдо 2013-чу шарахь шен и сацам бохийнера. Цо гойтура, карахь иза бакъо луш долу цхьа а документ а доцуш, къовсаме хIусам дола яккха гIерташ беш болу лехам бух боцуш хилар.
И дерриге хьесапе а эцна, прокурорана хетачуьнца реза а хилла, суьдан коллегис хийцам ца беш битира хьалхарчу тIегIанан суьдан сацам. Зуда шен хIусамехь йисира.
Терроризм къобалъярна…
Нохчийн Республикин прокуратурин пачхьалкхан бехкевархочо дакъа а лоцуш, Къилбаседа Кавказан округан тIеман суьдо къастийра РФ-н УК-н 280-чу статьян 1-чу декъаца а, 205.2 статьян 1-чу декъаца а (терроризман гIуллакхаш лелоре кхайкхар, уьш къобалдар) билгалдина зуламаш дарна бехкевеш волчу 25 шо кхаьчначу Мусаев Аптица доьзна долу уголовни гIуллакх.
Суьдехь билгалделира 2014-чу шеран 22-чу майхь Интернетаца зIе йолуш долчу алссамчу адамийн кхетамна, лаамна Iаткъам баран Iалашонца Мусаевс социальни сетех цхьаьннан шен агIон тIехь терроризман а, экстремизман а амал йолуш долу гIуллакхаш лелоре кхойкхуш а, уьш къобалъеш а йолу ши статья зорбатоьхна хилар.
Мусаевн жима кхоъ бер хилар, дина зуламаш талларехь а, гучудахарехь а цо жигара дакъалацар хьесапе а эцна, прокурорана хетачунна тIе а доьгIна, динчу зуламашна иза бехке а лоруш, суьдо бехкевеш волчунна таIзар дира арахь яккха кхо шо хан тохарца.
ГIалин вахархочун дехар кхочушдина
РогIера тIеэцар дIахьочу хенахь регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис схьаийцира 510 эзар соьман барамехь долчу ахчанна тIехь ямартло лелийна волчу Курумов Бекханан гIуллакх нийса теллина цахиларан хьокъехь долу Соьлжа-ГIалин вахархочун Хамзаев Русланан заявлени.
Прокуроро дина тIедиллар кхочушдеш дIабаьхьначу талламо гайтира Соьлжа-ГIалин полицин отделехь Курумовна дуьхьал уголовни гIуллакх доло дуьхьало яран хьокъехь кху шеран 3-чу февралехь бина сацам нийса цахилар. И материалаш толлуш иштта гучуделира Хамзаев Iеха а вина, бизнесан Iалашонна пайда а оьцур бу, хилла са шинна юкъахь йоькъур а ю аьлла Курумовс цуьнгара схьаэцна 510 эзар сом ахча шен хьаштана хьовзийна хилар.
Оцу хьоло а, ткъа иштта ахча схьаэцна ши шо сов хан яьлла хиларо а гойту Курумовс РФ-н УК-н 159-чу статьян 3-чу декъаца догIуш долу зулам дина хилар. Цунна тIе а доьгIна, уголовни гIуллакх доло дуьхьало яран хьокъехь болу сацам дIа а боккхуш, Соьлжа-ГIалин Ленински районан прокуроран заместитела тIедожийна хьем ца беш законца богIуш болу сацам тIеэцар. И лехам кхочушбеш 2016-чу шеран 25-чу февралехь Курумовна дуьхьал уголовни гIуллакх долийна.
Ямартло ярх жоп делла
Кхеташонехь дакъалоцуш пачхьалкхан бехкевархо Арсемерзаев Адам а волуш, Соьлжа-ГIалин Октябрьски районан суьдо къастийра РФ-н УК-н 159-чу статьян 3-чу декъаца догIуш долу ши зулам дарна (Iехоран некъаца I миллион 450 эзар соьман механ нехан бахам лачкъорна) бехкевеш волчу Арсимиков Илесана дуьхьал долийна уголовни гIуллакх. 2014-чу шарахь, пельменаш яран гIирс а, ткъа иштта машенаш йиларна оьшуш болу гIирсаш а эца воллура аьлла, уьш Iеха а бина, республикерчу масех стагера юхалург даьккхина ахча шен хаьшташна хьовзийнера цо.
Динчу зуламийн йозалла, иза хьалха уголовни жоьпе озийна хилла хилар хьесапе а эцна, суьдо Арсимиков Илес бехке а лерира, и зуламаш дарна 6 шой, 6 буттий хан а туьйхира юкъарчу рожан колонехь яккха.
Суьдан кхиэл хийцина
РФ-н УК-н 158-чу статьян 2-чу декъан «в» пунктана а, 159-чу статьян 3-чу декъана а тIедоьгIна Ахматов Iумар чуволла Соьлжа-ГIалин Октябрьски районан суьдо йина кхиэл нийса ца лоруш республикин прокуроран заместитела елла апелляци къастийра регионан Лакхарчу суьдо. Оцу статьяшца билгалдина зуламаш дарна бехкевеш волчунна чIогIачу рожан колонехь яккха 2 шой 6 буттий хан тоьхнера.
Хьалхарчу тIегIанан суьдо сацам тIеоьцучу хенахь уголовни закон талхийна хилар дара прокурор реза цахилар. Ша аьлча, Ахматовс дина зулам доккха лара дезаш доллушехь, цунна дина таIзар дикка дайдинера. Суьдан кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу прокурора Байтаева Миланас далийна бакъдерш бухе а дехкина, апелляцин тIегIанан суьдо районан суьдо йина кхиэл хийцира. Дина дерриге а зуламаш хьесапе а эцна, бехкевеш волчунна 3 шо хан туьйхира.
Кхиэл законан бакъоне йирзина.
Харцо чекх ца йолу
Товаран учрежденин белхахочунна тIехь ницкъ барна, РФ-н УК-н 321-чу статьян 2-чу декъана тIе а доьгIна, Невран районан суьдо чIогIачу рожан колонехь яккха 4 шой, 6 буттий хан туьйхира Адуев Мовсарна. Цо йинчу кхиэлана реза ца хиллачу Адуевс апелляци елира регионан Лакхарчу суьде шен бехк цахилар чIагIдан гIерташ.
Амма цунах гIуллакх ца хилира. Дерриге а бакъдерш теллича гучуделира иза бехкевеш хьалхарчу тIегIанан суьдо йина кхиэл нийса хилар. Цундела апелляцин суьдо ца хуьйцуш йитира иза.
Налогаш дIа ца елча…
Регионан прокуратурехь бух болуш лерина 59 шо кхаьчна волчу Бутаев Куьрина дуьхьал РФ-н УК-н 199-чу статьян 1-чу декъана (организацина тIера баккхийчу барамашкахь налогаш дIа цаялар) тIедоьгIна уголовни гIуллакх долоран хьокъехь Россин СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин талламхочо тIеэцна сацам.
Талламан органашна хетарехь, «Агротехсервис» ГУП-н генеральни директоран даржехь а волуш, пайда барна тIехьажийна финансийн-бахамаллин гIуллакхашна тIехь урхалла а деш, Бутаевс Россин Федеральни налогийн службин Нохчийн Республикехь йолчу №1 йолчу районашна юкъарчу инспекце харц хаамаш тIехь болу налогийн декларацеш елла. Бюджете дIакхачаза дисинчу такхарийн юкъара барам 3 миллион 100 эзар соьмал сов бу.
Реабилитаци яран туьшара талхораш дIадаьхна
Кху шеран январехь республикин прокуратуро могашалла ледара йолчу берашна а, кхиазхошна а лерина йолчу И.С.Тарамовн цIарахчу регионан реабилитаци яран туьшахь дIабаьхьначу талламо гайтира учрежденин куьйгалхоша шайн белхахошна еххачу хенахь баттахь цкъа бен белхан алапа луш хилла цахилар. Цул совнаха дуккха а талхораш гучудаьхна пачхьалкхан закупкаш ярехь, цу юкъахь аукционан документаш чIагIдарехь а, пачхьалкхан контракташ кхочушъяран хьокъехь хаамаш барехь а.
Регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима учрежденин куьйгаллина тIедиллира билгадаьхна кхачамбацарш йоццачу хенахь дIадахар. Терго латторан органо бина лехам кхочушбеш, бухгалтерин хьесапдаран план хIотторан, отчеташ яларан отделан бухгалтерна Исаева Аэлитина а, оццу отделан закупкаш яран агентана Джамбеков Изноврина а таIзарш дина.
Кхаъ эцарна – жоьпе озийна
Соьлжа-ГIалин Ленински районан прокуратуро нийса лерина РФ-н УК-н 290-чу статьян I-чу декъаца (даржехь волчо ахчанца кхаъ эцар) догIуш долу зулам дарна гуманитарно-технически техникуман директоран заместительна дуьхьал уголовни гIуллакх долор. Бинчу талламо гайтина цо цхьана гражданинан кIант оцу дешаран заведене дIахIотториг 10 эзар соьман барамехь кхаъ эцна хилар.
Цуьнца доьзна долийна уголовни гIуллакх. Карарчу хенахь толлуш ду билггал хилларг. Оцу кепара зулам дарна бехкевеш волчунна кхаа шаре кхаччалц чохь яккха хан тоха тарло.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо