«Мобильни лахар»

Декхарийлахь болу водительш гучубахаран керла кеп карийна Нохчийчохь «Мобильни лахар» олучу программин гIоьнца.Суьдан пурстоьпаш

Суьдан пурстоьпийн службе декхарийлахь болу водительш  гучубахаран «Мобильни лахар» цIе йолу керла программни комплекс кхаьчна. Иза мобильни приложени ю. Цуьнан гIоьнца суьдан пурстоьпийн таро ю транспортан регистрационни номерца машенан долахочунна тоьхна гIуда ду я дац  хаа а, нагахь санна цунна тIехь кхидолу декхарш  делахь, церан барам бовза а.

Керла приложени дуьххьара теллина ФССП-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин ТIехьа-Мартан районерчу отделан белхахоша.

Махлелоран павильонашна хьалха дIахIиттийначу машенийн регистрационни номерш мобильни телефонан камерца сканировать а еш чекхбевлла районан суьдан пурстоьпаш.

Цул тIаьхьа билгалделира шина машенан долахочунна тIехь некъан бакъенаш талхор бахьана долуш, тоьхна гIуда хилар. Машенийн ший а долахо схьаваллалц собар а дина, суьдан пурстоьпийн службин белхахоша дийцира, цара шайн лаамехь гIуда ца такхахь, цу шинна  иза такхар тIедожориг хиларх лаьцна.

Де суьйрене  далале, декхарийлахь волу ши водитель гIуда такхаран хьокъехь квитанцеш а дохьуш, ТIехьа-Мартанан суьдан пурстоьпийн отделе вахана.

И.ИСЛАМОВ

Суьрта тIехь: Суьдан пурстоьпаш бу  «Мобильни лахар» толлуш

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо                         

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: