Кху шарахь – 7000 турист веана Нохчийчу

 Россин тайп-тайпанчу регионашкара Нохчийн Республикин пачхьене хьовса оьхуш болу туристаш сих-сиха го Соьлжа-ГIалин урамашкахь. Дукха хьолахь уьш Кавказан Минералийн Хиш олучу туристийн кластерехь садоIуш болу нах хуьлу. Цигара экскурсица кхочу уьш Соьлжа-ГIала. ХIинццалц кхераме, йоьхна, аьтта дIаяьккхина хилла йолу гIала, тахана туристашна вуно чIогIа тайна. Нахана Соьлжа-ГIале хьаьвсина ца Iаш, Аргуне а, Гуьмсе а, Шела а ган лаьа.

Къаьсттина чIогIа хазахета туристашна «Грозный-Сити» олуш йолу гIишлойн комплекс, «Нохчийчоьнан дог» цIе йолу маьждиг, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Сийлаллин Аллей, Хьачарахь  еш йолу лыжийн «Ведучи» курорт,  Къилбаседа Кавказан жовхIар лерина болу Къоьзан Iам, иштта кхийолу меттигаш.

2016-гIа шо доладелчахьана дуьйна Нохчийн Республике кхаьчна 7 000 турист. Луларчу республикашкара хьеший а балош, хIора дийнахь автобусаш кхочу вайн махка. Нохчийн Республикин туристско-экскурсионни гIуллакхийн куратора Исакова Дагмарас билгалдарехь, хьешаша уггаре а дукха хоржучу маршрутех ю Органан чIож а, Къоьзан Iам а.chechnya-03-war

– Туристаша дуьйцу, шаьш вайн махка бахкаран бахьана феникс-гIала а, мохк а ган лаар ду олий. Уьш цецбуьйлу, дуккха шерашкахь лаьттинчу тIеман лар а йоцуш, масех шарахь мохк юхаметтахIоттарх, – бохуш дуьйцу Д.Исаковас.

Нохчийн Республикехь туризман декъехь долу хьал довза луучарна лерина, кестта газет ду арахеца долор долуш. Цу тIехь туристически объекташ а, церан маршруташ а хир ю билгалъяхна. Цул сов, вайн махкахь мел йолу сийлахь меттигаш а хир ю цу тIехь.

Иштта, дукха хан йоццуш республикехь дIакхайкхийна «Нохчийчоьнан тоьлла  юрт» цIе йолу конкурс. Конкурсехь толам баьккхина  юрт республикин туристически маршрутана юкъайохуьйтур  ю.

И.ХАСАХАНОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: