Абу ТIалибе арздар

verblud4

Маккарчу къурайшийн  нахах болчу цатешачарна гуш дара, бусалбанашна  шаьш мел Iазап  дарх, уьш шаьш лелочу динах юхабовлуш  цахилар, ислам-дино дукха нехан дегнаш а, хьекъалш а шена тIедерзош  хилар. Иштта   царна гуш дара, бусалбанаш хIора  денна алсамбовлар. ТIаккха царна   дагадеара, Элчанца  (I.с.в.с.) къамел дан деза  вай, аьлла. Цуьнга  ойла  хийцийта, керла  дин цуьнга шега дитийта лууш  бара уьш. Ислам-дин  ма  кхайкхаде аьлла. Элча (І.с.в.с.)  бертвало, РабиIатан кIант  Iутбат  вахийтира   цара.  КаIбатана  юххехь  ламаз  деш волчу  Элчанна (I.с.в.с.) тIекхечира Іубат. Цо элира: «ХІай сан  ваша, хьо тхох  ма ву, тхуна  юкъахь уггаре а цIеяхханчу нахах а  ма  ву, ма доккха  хIума ду ахь  хьайн  къоме   хIоттийнарг, нах шина  декъе  бекъна  ахь, уьш  Iовдал хета хьуна?  Цара Iамалъеш  болу  церан  делий (суьрташ)  сийсазбина ахь, церан  белла  болу  дай а, дедай а  Делах  цатешарш бу  аьлла сацам  бина ахь. Соьга ладогІахьа, ас бохург  къобалдехьа», – аьлла. Делера  къинхетам а, маршо а хиларо  элира: «Дийцахьа, со ладугIуш  ву  хьоьга». Iутбата элира: «Сан  ваша, ахь  хIара гIуллакх хьал дезаш  долийнехь, оха хьал вовшахтухур ду хьуна, хьо  тхол а хьалдолуш хилийта. Хьо  массарел а сийлахь  хила  лууш велахь, тхайн эла  вийр ву-кха  охо хьох,  хьох, дагадевлла бен  цхьа а гIуллакх  ца деш. Хьо паччахьалла дезаш велахь, тхайна тIехь  паччахь  а вийр  ву оха  хьох и хьайн керла  дин ахь   дIатасахь». Элчано (I.с.в.с.) элира: «Соьга ладогIал  хIинца». Iутбата элира: «ЛадугIуш ву», – аьлла. АллахIан  Элчано  (I.с.в.с.) дийшира  «Фуссилат» бохучу  сурата чуьра хьалхара   аяташ: «БисмиллахIиррохьманиррохьийм. Хьа-мим (жайна)  охьадоссар  (ду  хIара)  къинхетам дукха  болуш волчуьнгара. Жайна (ду хIара), шен  аяташ  (Пайхамарийн дийцаршца а, хьехамашца а, шарIан хIьукматашца а) къаьсттина долу, Iарбийн  (маттахь) дешар а долуш, кхеташ   долчу  къоман  (кхеташ  болчу нахана  лерина а долуш, Iарбийн  мотт хууш  верг  бен  цуьнан   къайленна тIе а кхуьур  воцуш). (Муъма  нахана) кхаъбохьург а, (цатешачарна) кхерамча  а (ду хIара  Къуръан), царех  (Делаца  накъостий лаьцначарех) дукхахберш   дIабирзира. Шайна ца хезаш (и къобал  ца деш). Цара элира: «Тхан дегнаш къевлина  ду  ахь тхо шега кхойкхучух, тхан  лергаш  чохь къоралла ю, тхуна юкъахь а, хьуна юкъахь а кирхьа ду. Хьайн Iамалъе, оха тхайн  Iамал йийр ю». Ахь ала (цаьрга, хIай Мухьаммад) : «Баккъал  а, со-м  адам ду шу санна, соьга вахьюнца  (Делера  болчу  хаамца) хаийтина  шун  Дела  цхьа Дела вуйла. ТIедерза  Цунна (иманца, муьтIахь  хиларца), Цуьнга  (шайна) гечдар деха (хIинццалц шаьш  летийначу  къиношна). Бала бу-кх (Iазап ду-кх)  Делаца  накъостий  лоьцучарна. Шаьш закалт  ца луш  болчу, эхартах (гIовтторах а, хьесапах  а, бекхамах а) ца  тешаш  бу уьш. Баккъал а, ийман диллинарш  а, дика  Iамал  йинарш а – царна  хедар йоцуш  ял ю (хедар  доцу   Ялсаманин ниIматаш  ду)» (Къуръан, 41 сурат, 1–8 аят).

Мустафа доьшуш  Iийра  Лекхаволчу  Делан  даша тIе кхаччалц: «Цуьнан  Iаламатех ю буьйса а, де а, малх а, бутт а. Сужуд ма де  малхана а, баттана а, аш сужуд  де  Далла, Ша уьш  кхоьллина   волчу,  шаьш  Iибадат  деш  делахь» (Къуръан, 41 сурат, 37 аят). ТIаккха Элчано (I.с.в.с.) Къуръан  дешаран  сужуд дина,  Iутбате элира: «Хезин хьуна?» Iутбата: «ХIаъ», – элира. Дешнарг  тоьар  дара, кхин ма дешахьара аьлла,  дехар  дира цо Мухьаммаде (I.с.в.с.). Къурайшийн  нахана тIе юхавирзира  Iутбат, кхераделла хьоза  санна, вегавеш. Цара элира цуьнга: «Тхо долчара  дIавоьдуш чIогIа хьуьнаре ма вара  хьо, схьавеача, кхерийна, Iадийна  ма ву  хьо. ХIун ду хьуна хилларг?»  Iутбата   элира: «ВаллахIи, хIинццалц  цкъа а   цахезнарг   ма хези   суна. ВаллахIи, я  байташ а ма яцара  уьш, я  жиналла   ма дацара   иза. Ас бохург  дейша. Шена луъург  дан Iадвитийша и стаг. Шайна  лаахь, петохийша цунна. ВаллахIи, цо  дуьйцуш  долчух  дуьнен  чохь яккхий  тIаьхьенаш хир  ма ю. Нагахь  Iарбий цул толахь, шу цунах  паргIатдевр  ма ду, иза толахь, цуьнан толам  шун толам ма бу (Iарбийн  сий  хир ма ду), бахам  оьшуш, лоьхуш  вац иза: цуьнан  долахь  дерг шун  хир   ма ду». Цара элира  Iутбате:  «Мухьаммада (І.с.в.с.) шен  къамелашца   Iаткъам  бина, дерриг  дицдина  хьуна?». Цо  элира:  «Ас  сайна   хетарг  дIабоху  шуьга, дан  шайна  луъург  де».

КхидIа  шаьш лелочух  гIуллакх а ца  хилла, цара  Элчане (I.с.в.с.) олу, вовшийн  Iибадатехь  дакъалаца  деза  вай: оха хьан  Далла Iибадат дийр ду, ахь тхан деланашна (суьрташна)  Iибадат  дан деза. Церан дашна  жоп луш, Дала Мухьаммаде (І.с.в.с.)  Къуръанан  сурат  доссадо: «Ахь ала  (хIай Мухьаммад),  хIай (Делах) цатешарш:  Ас Iибадат ца до аш  Iибадат  дечунна (суьрташна). Шу а дац Iибадат деш, ас  Iибадат  дечунна  (АллахIана). Со  а вац  Iибадат  дийр  долуш, аш Iибадат диначунна. Шу а  дац  Iибадат дийр долуш, ас Iибадат диначунна. Шуна   шайн  дин ду  (ширк), суна сайн  дин ду  (Ислам)» (Къуръан, 109 сурат, 1–6 аят). Мухьаммад (I.с.в.с.) шаьш бохучунна тIе ца  вирзича цуьнан  деваша Абу-ТIалиб волчу  бахара  уьш. Мухьаммад (I.с.в.с.) шайна  схьало, оха  цуьнан метта  Валидан  кIант  Iумар  лур ву хьуна олу  Абу-ТIалибе юха тІетуху: «ХIара къурайшашна  юкъахь  уггаре а хьекъал  долуш,  уггаре а майра  верг ву хьуна, дIаэца  иза. Цуьнан хьекъалх а, майраллех а пайдаэца, хьайна  кIант  ве цунах. Тхуна  Мухьаммад (I.с.в.с.) схьало, шен  дин хийцина волу, шен  дайша лелийнарг дIатесна волу, шен  къам, шен нах шина  декъе  бекъна волу, уьш  берриге  а  хьекъал доцуш лерина волу. Мухьаммад тхоьга вен схьало. Цуьнан метта  хIара  стаг  дIаэца. Цхьанна дуьхьал цхьаъ ву  хьуна». Абу-ТIалиба олу: «Цхьамма а къобалдийр долуш хIума дац  аш  дуьйцург. Шайн  кIант  соьга   кхабийта  схьалуш  ву аш, сайниг  шайга вейта боху аш. Иза  цахиндерг ду, хIуъа хилахь а, къобал  дан йиш  йоцуш  хIума  ду иза. Эмкал  шен  йоцу  кIорни  езаш, цунна  тIегIерташ гиний  шуна?». Цара цуьнга олу: «Тхаьш ала декхар дерг дIабоху оха хьоьга, хIетте а, оха  бохург  цхьа а хIума  къобалдан  лууш  вац  хьо». Абу-ТIалиба  элира: «Аш суна дуьхьалдовла бартбина. Шайна луъург де. Мухьаммад ас дIатосур  вац  шуна». ЧIогIа  оьгIазбахара  къурайшийн  тхьамданаш, хIора тайпано  шайна  юккъерчу  бусалбанашна таIзарш дан  долийра юха а, Ислам  дIатаса   бохуш. Абу-ТIалиба  шен нах  тIегулбина, хилларг  дIа а дийцина, массарна а  Мухьаммад (I.с.в.с.) ларвар  тIедожийра. И ларван  массо а резахилира, царех ийман диллина  верг а, воцург  а. Цхьа а дуьхьал ца велира цуьнан  нахах, Абу-ЛохIаб боху  Элчанан (I.с.в.с.) цхьа  деваша воцург. Иза  цатешачаьрца берта а вахана, Элчанна (I.с.в.с.) дуьхьалваьлла вара, цуьнан  уггаре а чIогIачу  мостагIех а вара.

Мустафа (I.с.в.с.)  Делан омра халкъе  дIакхачош, Цхьаъ волчу Далла  гIуллакххе, суьрташна  Iамалъяр дита бохуш, кхайкхамаш  беш  вара. Шена  таIзарш дар а, ша сийсазвар  а тергал ца деш. Цатешачеран  цуьнца   долу  мостагIалла а кхин а чIагIделлера, хьагI  лаьцнера цара  Мухьаммадца (І.с.в.с).  Вовшийн  (йохье  бохуш)  гIо  деш,  Элчанна (I.с.в.с.)  зенаш  деш, иза   балехь  латтош бара уьш. Абу-ТIалиб волчу  бахана, цуьнга элира   цара: «Хьо  ханна воккха а ву, тхуна юкъахь куьйгалла  дечех  а ву. Оха  хьайн  вешин  кIант сацаве  аьлча,  шен  дин ма  кхайкхадайта  цуьнга  аьлча, саца ма ца ви ахь. Тхо  иштта  IадIийр  дац  хьуна, оха  сацор  ву хьуна иза. Оха  цуьнца  тIом  бийр  ма бу, цуьнца  бертахь  волчу хьоьца  а бийр  бу тIом. Я хьо  лийр  ма ву, я тхо  лийр ма ду», – аьлла, арабевлла  дIабахнера  уьш. ЧIогIа  гатвелла, хьере  хилла  хьаьвзира  Абу-ТIалиб. Ша  оццул  лоруш  долчу шен  къомах  муха  хедар ву ша, аьлла. Шен  берел а  дукхавезаш волу  Мухьаммад (I.с.в.с.)  цаьрга  Iазап  дайта а, вейта  а муха  вуьтур ву ша, аьлла. ТIаккха иза  схьа а кхайкхийтина элира  цо: «ХIай сан вешин кIант, хьан   къам  деанера со волчу, ахь  шайца а, шаьш дечу  Iибадатца а чIир  лаьцна  боху-кх  цара, сан а, хьайн  а ойла ехьа, сан  дIабахьа  ницкъбоцу  мохь  суна  тIе ма  билалахьа». Мухьаммадана (I.с.в.с.) хааделира  шен девешехь долу  хьал, цунах  доглозуш  вара  Мухьаммад (I.с.в.с.) Ша ларван кхин ницкъ  ца кхаьчна, шен деваша  мостагIашна  ша дIавала воллу  хьуна  аьлла, дагатесира   цунна. Цо хIун  дан  дезара, цунна  баккъал а хууш ма дара, шена  тIедиллина   гIуллакх (Пайхамаралла)  чекхдаккха  ша  декхарийлахь  вуйла! Цо  тIаккха шен девеше   элира: «Сан деваша, суна  хьо мел дукхавеза, ас хьо мел лору  ма хаьа  хьуна. ХIетте а Делан омра – Пайхамаралла  дIатаса йиш ма  яц сан. ВаллахIи, и  болх бита аьлла  цара суна аьтто   агIор  малх дIахІоттийча  а, аьрру агIор  бутт дIахIоттийча а, и болх  ца битича, суо  лийриг  хилча а буьтур ма бац ас.  Дала шен дин  дIахIоттадаллалц, и даржадаллалц  буьтур  ма бац ас»,  – аьлла. Элча (I.с.в.с.) вилхира  тIаккха, хьала а гIаьттина дIаваха  велира. ХолчахIоьттина, тIаьхьа кхайкхира цунна Абу-ТIалиб. Цо элира: «ХIай сан кIант, дIагIой, хьайна  бакъахьа  хеттарг  дийца. ВаллахIи, ас  хьо  дIатосур ма вац, хIуъа  хилахь а, со хьоьца цхьаьна хир ма  ву». Делера  къинхетам а, маршо а цуьнан  Элчанна Мухьаммадана хуьлда, цуьнан  доьзална, цуьнан  асхьабашна   хуьлда.

С-М.МУРТАЗАЕВ,

Россин Кишин Кунта-Хьаьжин  цIарахчу институтан  хьехархо  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: