Промышленни продукци арахецар – тергонехь

Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствехь дIадаьхьира Нохчийн Республикехь законца йогIуш йоцу промышленни продукци арахецарна дуьхьал къийсам дIабахьаран комиссин аппаратан цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалацархоша дийцаре дира комиссин аппарат вовшахтохаран гIуллакхаш а, цунна хьалха лаьтта декхарш а.

   Цхьаьнакхетарехь коьрта доклад йира республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон экономикин а, махлелоран а, хьаштхойн рынкан а департаментан директора, комиссин аппаратан куьйгалхочо М-Х.Мустафиновс.

– Законца йогIуш йоцу промышленни продукци арахецарна дуьхьал къийсам латторехь ведомствошна юкъара зIенаш чIагIъяр ю Комисси кхолларан коьрта Iалашо, – элира М-С.Мустафиновс.

Комиссин балха тIехь куьйгалла латтош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо – комиссин председатель Р.Кадыров.

Комисси вовшахтохаран гIуллакхаш чекхдахийтархьама Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс 2015-чу шеран 16-чу декабрехь №223 йолчу указана куьг яздарца къастийна комиссин аппарат а, вовшахтохараллин гIуллакхаш дIакхехьа декхарийлахь верг а.

Комиссин аппарато вовшахтохараллин  а, методически а гIо до республикехь Iедал кхочушден федеральни органашна, республикин а, меттигерчу а шайн урхаллин органашна а, комиссин цхьаьнакхетаршна материалаш кечъеш йолчу организацешна а, иштта уьш кечъярна тIехь терго а латтайо.

– Цу юкъахь дакъалоцуш йолчу органаша бертахь болх баро бен аьтто бийр бац вайна республикехь промышленни продукцин законца йогIуш йоцуш арахецар, йохкар сацон а, цунна профилактика яран хьокъехь белхаш дIабахьа а, – билгалдаьккхира М-Х.Мустафиновс.

Промышленностан декъехь терго латтон бакъо йолуш масех ведомство ю комиссина юкъайогIуш: Федеральни налогийн служба, Федеральни таможенни служба, Роспотребнадзор, Россельхознадзор, МВД.

М-Х.Мустафиновна хетарехь, бакъахьа хир ду комиссина юкъайогIуш йолчу хIора а ведомствехь комиссин аппаратаца гуттар а юкъаметтиг латтон декхарийлахь йолу орган я белхан тоба вовшахтоьхча.

 

И.ЧЕЧАНХО

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо                          

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: