Хьанна пайдехь ду эладита даржор?

ТIаьхьарчу хенахь Россин Пенсионни фондан (ПФР) Нохчийн Республикехь йолчу Отделене а, меттигашкахь йолчу цуьнан органашка а кхочуш долчу кехаташкахь а, дехаршкахь а регионан  гражданаший, пенсионераший доьху страховани йинчу пенсин цкъа луш долу дакъа схьаэцаран бакъенех кхетор.

   Иштта хаам баржийна социальни ерриге а сеташкахь, мобильни зIенах пайдаоьцуш болчаьрга хIоранга а хаамбаран кепехь, хIокху тайпана текст а ялош: «1957–1966-чуй шерашкахь бинчу берриге а зударийн а, 1953–1967-чуй шерашкахь бинчу берриге а божарийн а бакъо ю цкъа луш долу ахча схьаэца, хIунда аьлча цара пенсин страховой декъана ахча охьадуьллуш хилла хиларна, иза сихха дан а деза – 2016-чу шеран 1-ра март кхачале». Цул совнаха, иштта хаамаш Пенсионни фондан белхахойн мобильни зIене а кхаьчна.kak-nachislyaetsya-pensiya-tem-kto-rodilsya-do-1967-goda

Цуьнца доьзна дIахаийта луур дара и хаамаш бух боцуш хилар а, уьш билггалчу цхьана Iалашонна тIехьажийна кхоьллина хилар а. Уьш баржош болчеран а, оцу гIуллакхе хьашт долчеран а тидам тIебохуьйту оха страховани йинчу пенсин страховой дакъа кхолларна дина такхарш цкъа цхьана хеннахь цунна юхадаларан къепе нисъеш йолу оцу кепара хорма карарчу хенахь гIуллакх деш долчу законодательствоца билгалйина цахиларна. Законо магош дац иза дар.

Дукха хан йоццуш пенсионни реформа хиллачул тIаьхьа, аьлча а, пенсийн системина хийцамаш юкъабалийчахьана юкъара (къинхьегаман) пенси масех декъе декъна: цхьана тIегIанехь лаьтташ дерг, страховани йинарг, динчу IаIорех вовшахтоьхна пенси. Царах IаIораш динарг бен дац шен лаамехь деш, шаьш болх бечу хенахь гражданаша IаIораш даран чоьтах кхуллуш дерг. Суна хетарехь, цу тIехь дукхах болчеран хаттарш, цакхетарш, чолхаллаш кхоллало IаIораш даран декъан чулацамах, цо лелош долчу маьIнех цакхетар бахьанехь.

Цундела нийса хир ду аьлла хета оцу декъехь цхьаболу кхетамаш белча. Иштта, пенсин IаIораш даран декъана лерина дина такхарш шайн лицевой счеташ тIекхаьчначу болх бечу гражданийн таро хуьлуьйту: цкъа-делахь, оцу декъах харж яр шега билгалъяккхийта, шолгIа-делахь, харжаш яза дисина дакъа весет дарца кхечеран цIартIе даккхарна  таро кхуллу. IаIорийн декъах харжаш яран цхьа кеп билгалъяккха гражданинна бакъо ло тахана гIуллакх деш долчу Россин законодательствос («IаIорийн пенсин хьокъехь» долу закон) билгалйинчу масех кепах: цкъа цхьана хеннахь ахча дIадалар; дерриге а ахча цхьабосса дакъош дина дIадалар; пенсин коьртачу декъана тIетохарш дар.

Къинхьегаман пенсин IаIорийн дакъа цкъа цхьана хеннахь дIадаларан кепана юкъа цхьамогIа хийцамаш балийна – 2016-чу шарахь дуьйна пенсин IаIорийн дакъа схьадалар доьхуш заявлени яздаран хенаш яхйина. Нагахь хIинццалц иштта дехар шарахь цкъа дан йиш хиллехь, IаIораш цхьана хеннахь схьадалар деха  кху шарахь дуьйна пенсионеран  пхеа шарахь цкъа бен дан таро хир яц.

IаIорийн пенсина бакъо ю страховани йинчу адамийн хIокху тобанан:

– яр тIехь а долуш йинчу пенсионни страхованин системин дакъалацархой болчу 1967-чу шарахь бинчу а, цу хенал къоначу а божарийн, зударийн. IаIорийн пенси схьаэца церан бакъо ю, нагахь уьш болх беш белахь, я 2001-чу шарал тIаьхьарчу муьлххачу муьрехь цара болх бинехь, ялх шарал кIезиг йоцуш церан страховой стаж елахь, пенсе ваха хан тIекхаьчнехь (божаршна 60 шо, зударшна 55 шо), я хенал хьалха пенси эца бакъо елахь;

– 1953-чу шарна тера 1966-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь бинчу божарийн а, 1957-чу шарна тIера 1966-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь бинчу зударийн а. Оцу тобанан IаIораш даран пенси кхаа шарахь бен вовшах ца кхетта – 200–2004-чуй шерашкахь. Пенсийн хьокъехь долу закон хийцадаларца доьзна IаIораш даран системина юкъара 2005-чу шарахь дуьйна дIабаьхна уьш. Ткъа пхеа шеран страховой стаж хилар цу тIехь билгалдеш дац. IаIорийн пенси схьаэца церан бакъо хир ю  пенсе боьлху хан тIекхаьчча.

Пенсешна кхитIе ахча даларан пачхьалкхан программин декъашхой бу:

– IаIорийн пенсина кхитIе страховой такхарш деш болу гражданаш (2008-чу шеран 30-чу мартехьлерчу Законан 3-гIа статья);

– IаIорийн пенси вовшахтохарна ненан (доьзалан) капиталан ахча, я цуьнан цхьа дакъа дIахьажийна болу ненан (доьзална) капиталан сертификатан долахой (2006-чу шеран 29-чу декабрехьлерчу Законан 12-чу статья). Пенси хIоттийначу дийнахь дуьйна схьаэца йиш ю церан IаIорийн пенси (2011-чу шеран 30-чу ноябрехьлерчу Законан 3-гIа статья).

   Страховани йиначун бакъо шайгахь юьсуш берш, я гергарнаш.

Нагахь IаIорийн пенси хIоттоле, я цуьнан барам билгалбаккхале гражданин кхелхинехь, пенсин IаIораш (цу юкъа ца догIу ненан капиталан а, иза инвестицешна юкъахьовзорах хиллачу пайданийн а ахча) уьш дIасадекъаран къепе билгалйоккхуш долу гражданинан заявлени дацахь, IаIорийн ахча цуьнан бакъо шайгахь юьсучарна дIало. Цхьана хеннахь луш долу IаIорийн ахча пенсионеран гергарчеран счета тIе дIахьажийна хила а тарло, нагахь IаIорийн декъаца доьзна хьакъ доллу весет а долуш и пенсионер кхелхинехь. Веллачун и ахча схьаэца гергарчеран бакъо ю воккхаллин хене, къинхьегамна хьуьнаре хиларе хьаьжна доцуш.

Хьалхарчу рогIехь цу юкъадогIу бераш, цу юкъахь цIартIе даьхнарш а долуш, хIусамда (хIусамнана), бер цIартIе даьккхина дай-наний. ШолгIачу рогIана юкъабоьлху вежарий, йижарий, деда, денана (ненада, ненанана), берийн бераш.

Кхелхинчун бакъо шайгахь йисинчара гражданин кхелхинчул тIаьхьа ялх беттан хенахь ахча схьадеха деза ПФР-н меттигерчу органашка. IаIорийн пенси схьаэцарна оьшуш долу кехаташ пенсионер ваьхначу меттехь йолчу, и ахча цигахь долчу ПФР-н органе дала деза. Заявленица цхьаьна хила декхар ду паспортан копи, страховани яран тоьшалла (СНИЛС), цхьана хеннахь схьаоьцуш долу ахча тIедоккху долчу счетан банкан реквизиташ, пенси оьцуш хилла хиларан хьокъехь справка.

Шен рогIехь ПФР-н меттигера орган декхарийлахь ю шеца лакхахь билгалдаьхна документаш долуш долу заявлени тIеэца, динчу дехарна ши де далале жоп дала а. Шина кепара хила тарло цигахь бина сацам. Нагахь иза дехар диначун гIолоцуш белахь, цуьнга хаам бина хила декхар ду дIалун долчу ахчанан барамах дерг. ПФР-н счета тIера гражданина счета тIе ахча дIахьажор ду сацам тIеэцначул тIаьхьа шина беттан хенахь.

ГIуллакх деш долчу законодательствоца иштта билгалдина ПФР-н меттигерчу органе документаш почтехула дIадахьийта таро хилар, я дуккха а агIонийн туьше (МФЦ) дехар дарца. Оцу кепара заявленеш дIадахьийтарна хенан доза тухуш дац, иза пенсионеран дан йиш ю шена бегIийла хеттачу хенахь.

Лакхахь дийцинчун маьIна доккхуш, эладитанийн харц хаамаш баржош болчаьрга дIахаийта луур ду, гIуллакх деш долчу законодательствоца нийса а догIуш, ишттачу меттигашна бакъонаш ларъяран органаша къаьсттина тидам тIебохуьйтург хилар а, хьакъ доллу жоп доьхург хилар а.

А.ХАСАНОВ,

Россин Пенсионни Фондан Нохчийн Республикехь йолчу Отделенин юридически отделан хьаькаман заместитель

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: