Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенис хаам бо 2016-чу шеран 1-чу февралехь дуьйна – страховани йина пенсешна индексаци ян йолийчахьана – индексаци хьесапе а оьцуш, луш долу пенсеш дIалуш ду 300,8 эзар пенсионерана. 2015-чу шеран 30-чу сентябрана долчу хьолаца болх беш хиллачу а, болх бечуьра севцца хиларан хьокъехь долу документаш ПФР-н учрежденешка дIадалаза волчу а 53 962 пенсионера хьалхалеррачу барамашкахь схьаоьцур ду шайн пенсеш.
Пенсионни фондо кхин цкъа а дагадоуьйту 2016-чу шарахь дуьйна страховани йинчу пенсешна индексаци 2015-чу шеран 30-чу сентябрана долчу хьолаца балхахь ца хиллачу пенсионерашна бен еш цахилар, нагахь болх бечуьра 2015-чу шеран 30-гIа сентябрь чекхбаьллачул тIаьхьа цIахь а сецнехь, болх беш хилла цахиларан хьокъехь документаш схьа а кхачийнехь.
Нагахь пенсионераша шайн къинхьегаман гIуллакхаш 2015-чу шеран 30-чу сентябрал тIаьхьа, аьлча а, 2015-чу шеран 1-чу октябрехь дуьйна 2006-чу шеран 31-гIа март чекхбаллалц болчу муьрехь совцийнехь, цунах лаьцна цуьнан хаам бан йиш ю Пенсионни фонде. Оцу Iалашонца пенсионера заявлени яздан деза, шеца къинхьегаман гIуллакхаш совцор чIагIдеш долу документаш а долуш (дукха хьолахь къинхьегаман книжкаш). И заявлени къастийначул тIаьхьа, рогIерчу баттахь дуьйна 4 процентана тIекхетар ду царна луш долу пенсеш.
2015-чу шеран 1-чу октябрехь дуьйна 2016-чу шеран 31-гIа март чекхбаллалц болчу муьрехь къинхьегаман гIуллакхаш совцийна хилар чIагIдан а, ПФР-н учрежденешка шайца хьокъала доллу документаш а долуш заявленеш дала а йиш ю 2016-чу шеран 31-гIа май чекхбаллалц. Цул тIаьхьа иза дан дезар дац, хIунда аьлча, кху шеран шолгIачу кварталехь дуьйна болх луш болчарна отчеташ яларна мелла а бегIийла хьелаш кхуллуш хиларна. Цара хIора баттахь беш болчу хаамийн буха тIехь Пенсионни фондо болх беш хилар автоматикин гIоьнца билгалдоккхур ду. Болх луш болчара беш болчу хаамашна тIе а доьгIна, лакхадохур ду болх беш боцчу пенсионерийн пенсеш. Нагахь пенсионер юха а болх бан волалахь, цуьнан пенси лахлур дац.
Пенсионерашкара заявленеш тIеоьцу ПФР-н меттигерчу ерриге а органашкахь а, МФЦ-хь а.
Л.МАГОМАЕВ
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо