ООН-н Генеральни Секретара Пан Ги Муна дIахьедина: «Терроризмана дуьхьал дерриге а дуьнено цхьаьна дIабахьа беза къийсам».
***
Герзаш деттар сацоран а, машар баран а хьокъехь болу барт къобалбеш йолу тобанаш Шемахь денна алсамюьйлуш ю.
***
ТIом бар сацорца доьзна маьрша нах шайн хIусамашка юхабоьрзуш бу. ТIеттIа алсамдолуш ду царна гуманитарни гIодар. Шемахой цунах баккхийбеш бу.
***
Великобританерчу жимачу а, юккъерчу а бизнесан векалша дIахьедина шаьш шайн пачхьалкх Евросоюзана юкъара дIайолийла лууш хилар.
***
Венесуэлан оппозицис дIадолийна мехкан Президент Мадуро отставке вахийтарна тIехьовсийна долу гIуллакхаш.
***
Пакистанехь суьдан гIишлонна хьалха теракт яр бахьана долуш 17 стаг кхелхина, 20 гергга стагана чевнаш йина.
***
Иран хIокху баттахь дуьйна дикка алсамдаккха лерина ю Европин пачхьалкхашна мехкадаьтта дохкар.
***
Евросоюзан куьйгалло дIахьедина Украина герггарчу 20–25 шарахь я Евросоюзана а, я НАТО-на юкъагIур яц аьлла.
***
Евросоюзан а, Хонкаран а саммитехь барт хилла Европин пачхьалкхашка оьхуш болу мигранташ Хонкарахь совцориг хиларан хьокъехь. Таханлерчу дийнахь 2,5 миллион мигрант ву Хонкарахь.
***
Женевехь дIаяьхьира дуьненаюкъара 86-гIа автосалон. Цига шайн тоьлла машенаш ялийра Германерчу, Японерчу, Iамаркерчу компанеша.
***
Россин Президента В.Путина куьг яздина мехкан харжамийн Коьртачу комиссин декъашхой чIагIбаран хьокъехь долчу Указана. Харжамийн Коьртачу комиссин хьалхара кхеташо 28-чу мартехь хир ю.
***
Тахана Москвахь Россин Президент В.Путин цхьаьнакхетар ву Сербин Президентаца Т.Николичца. Цара дийцаре дийр ду шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо