Дийцаре дира хьуьнан бахам кхиоран гIуллакхаш

Хьуьнан бахаман Федеральни агенствон (Рослесхоз) цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь. Цигахь дийцаре дира хьуьнан бахаман субъекташна дIаелла йолу бакъонаш Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а, ГIирмин а федеральни округашкахь кхочушъяран а, 2015-чу шарахь бинчу белхан жамIаш даран а хьокъехь долу гIуллакхаш.IMG_2866

   Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин вице-премьера Хакимов Хьасана, Россин МЧС-н Нохчийчохь йолчу Коьртачу урхаллин хьаькаман заместитела Абдулвахабов Расула, Россин МЧС-н Къилбаседа Кавказан регионан туьшан хьаькаман заместитела Гадеев Владислава, Россин Федерацин Iаламан тIаьхьалонийн а, экологин а министран заместитела, Хьуьнан бахаман федеральни агентствон куьйгалхочо Валентик Ивана, Къилбан а, ГIирмин а, Къилбаседа Кавказан а федеральни округашкарчу субъектийн хьуьнан бахаман ведомствийн векалша, иштта кхечара а.

Валентик Иванна хетарехь, дIадаханчу шеран жамIех коьртаниг лара мегар ду хьаннашкахь цIерш йийлар шозза а, яккхий цIерш йийлар кхузза а лахделла хилар.

ЦIерш йийларна къаьсттина жигара духьало латторна а, хьуьнан бахам ларбарна а, иза кхиорехь къахьегарна а цхьаьнакхетарехь лаккхара мах хадийра Къилбаседа ХIирийн а, Нохчийн а, Адыгейн а республикийн, Ростовски областан.

Нохчийн Республикин хьуьнан бахаман хьал дийцаре деш, Валентик Ивана дийцира шен Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьаьнакхетарх лаьцна. Цо билгалдарехь, цу цхьаьнакхетарехь дийцира республикин хьуьнан бахам кхиарх а, цу декъехь мелла а алссам терго оьшуш долчу гIуллакхех а лаьцна.

Иштта, цо билгалдаккхарехь, Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу хьаннаш ларъяран туьшийн балхана координаци яран Коьрта Туш Соьлжа-ГIалахь хир  ю. Цул сов, республикин хьуьнан бахамна гIоьналлина лур ю цIершна дуьхьало латторан кхузаманан оборудовани а, техника а.

Хьуьнан бахам ларбарехь шайна тIедехкина декхарш а, шайна елла бакъонаш а  дика кхочушйинчу субъекташна баркалла элира цхьаьнакхетаран чаккхенехь Хьуьнан бахаман федеральни агентствон куьйгалхочо Валентик Ивана. 2015-чу шарахь бинчу балхо гучудаьхна долчу кхачамбацаршна къаьсттина тидам тIебахийтар а дийхира цо. Карарчу шеран Iалашонаш, Рослесхозан куьйгалхочо аьлла ма-хиллара, хьаннашкахь  цIерш йийларна  дуьхьал эвсара къийсам дIабахьар а, хьаннаш меттахIитторан белхаш Россин Къилбан ерриге а субъекташкахь кхин а жигарабахар а ю.

 

И.ХАСАХАНОВ

Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо                         

  

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: