Катарера делегаци еара Нохчийчу

    Кху деношкахь белхан гIуллакхашца Нохчийн Республикехь хилира Катар пачхьалкхан Iедалан векалш. Царна юкъахь вара Катар кхиоран Фондан кхочушдаран директор Мисфир Хьамад Аль-Шахвани, оццу Фондан белхахо Султан Ахьмад Аль-Усайри, Катаран гIоьналлин организацин дуьненаюкъарчу кхиаран гIуллакхашкахула волу кхочушдаран директор Мухьаммад Iали Аль-ГIамиди, «Силатек» проекташ кхиорехула волу директор Валид Асаад ИсмаьIил.

    Нохчийчоьнан уггаре а хазачу меттигехь йинчу спортан-туризман «Къоьзан-Iам» комплексехь вайн регионан инвестицийн а, экономикин а декъехь йолу таронаш йовзуьйтуш презентаци дIаяьхьира. Хьешашна лерина   и цхьаьнакхетар дIахьош вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Хакимов Хьасан.

Иштта, цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, республикин транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана, республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан векалша, кхиболчу официальни наха.

Хь.Хакимовс билгалдаьккхира регионан социальни-экономикин дакъа кхиор карарчу хенахь коьртачу Iалашонех цхьаъ хилар.

«Тахана тхуна хьалха лаьтта Iалашонаш иштта ю: экономика айъар, инвестицеш юкъаялор, белхан меттигаш кхоллар, керла предприятеш схьаеллар, юьртан бахам а, производство а, промышленность а, энергетика а, туризм а кхиор. Оха сатуьйсу, билгалдаьхначу дерриге а дакъошкахь вай цхьаьна гIуллакхашдар тхуна а, шуна а пайдехь хирг хиларе», – элира цо.

Мисфир Хьамад Аль-Шахванис билгалдаьккхира шайн пачхьалкх Нохчийчоьнан инвестицийн дакъа довза а, вайца белхан юкъаметтигаш тоян а, шинна а агIонна пайда хир болчу кепара болх бан а лууш хилар.

«ХIинццалц Россехь кху кепара зеделларг хилла дац тхан. Кхузара цIадаханчул тIаьхьа, оха доклад а хIоттийна, иза хьакъ йоллучу министерствошка а, ведомствошка а дIалур ю. Вайн цхьаьнакхетарх вайна массарна а боккха пайда хир бу аьлла хета тхуна», – тIечIагIдира хьешо.

Цул тIаьхьа хьешашна туризман а, юьртан бахаман а, промышленностан а декъехь йолу проекташ йовзийтира. Царна юкъахь ду республикехь мехкадаьттанах гIуллакхдеш йолу завод яр а, иштта Шелан районерчу «Казбек» технопаркан майданахь гIишлошъяран сурсаташ арахоьцу 4 завод яр а. И заводаш яр бахьанехь республикин бахархошна 400 сов белхан меттиг хир ю, ткъа инвесторшна – пайда хир болчу агIор шайн ахча юкъадилла меттиг.

Цхьаьнакхетар дерзош Умаров Джамбулата хьахийра Нохчийчохь Исламан банкинг а, хьаналчу («халяль») сурсатийн инфраструктура а кхолла тарлуш хилар. Цу тIехь шаьш накъосталла дан кийча хилар хаийтира хьешаша.

А.СУЛИМАНОВА

 

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо                         

   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: