Зударийн дезачу дийнахь…

Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театрально-концертийн залехь дIадаьхьира Зударийн дуьненаюкъарчу денна – 8-чу Мартана  лерина даздарш. Цига кхайкхинера белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу МВД-н белхахойн наной, дукха бераш долу наной, ткъа иштта, къинхьегамехь къаьсттина билгалбевлла зударий.зударий5

   Уьш дезачу денца декъалбан веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, республикин Правительствон Председателан заместитель, Россин Президент волчохь Нохчийн Республикин юьззина бакъонаш йолу векал Таймасханов Бехкан, Нохчийн Республикин Счетни палатин Председатель Тумхаджиев Iийса, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, цхьамогIа кхиберш.

– ХIокху исбаьхьчу дийнахь ас даггара декъалбо вайн наной, денаной, ненананой, йижарий, хIусамнаной, йоIарий. Уьш даима а халкъан гIортор хилла лаьттина, тахана а лаьтта. Уггаре а хала яьхкинчу хенашкахь а, божаршка нийсса халонаш а, цатемаш а лайна цара. Вай дозалла до вешан зударех. Цара халкъана муьтIахь кIентий кхиийна. Цара шайн синош дIаделла терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамехь, шайн къоман паргIатонехьа, аьттонехьа. Шуна юкъахь бу шайн цхьаъ бен воцу кIант дIавоьллина а, шина-кхаа кIантах бевлла а наной. Тахана вай базбо итт а, цул алсам а доьзалхо кхиийна болу наной. Данне а атта дац уьш когахIитто, кхио, царах халкъана а, махкана а хьакъ доллу адамаш дан. Халкъо дозалла до шух, – элира  Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан Куьйгалхочо «Материнская слава» орденашца совгIаташ дира 11 зудчунна, цара шайн бераш Даймахкана муьтIахь а, патриотизман ойланехь а кхиорна. Иштта, Кадыров Рамзана ялх зудчунна «За трудовое отличие» сийлаллалин билгалонашца совгIат дира. ЦхьамогIа зударшна «Нохчийн Республикин промышленностан хьакъйолу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо», «Нохчийн Республикин ЖКХ-н хьакъйолу белхахо», «Нохчийн Республикин транспортан хьакъйолу белхахо», «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо», «Нохчийн Республикин юьртан бахаман хьакъйолу белхахо» сийлаллин цIерш елира. Цуьнца цхьаьна балха тIехь билгалбевллачу цхьамогIа зударшна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин Грамоташца а, Баркаллин кехаташца а совгIаташ дира.

Цул совнаха, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Айманин сацамца 106 хIусам  елира дукха бераш долчу, дахаран халачу хьолехь болчу, таронаш ледара йолчу доьзалшна. Кхуззахь хIусамийн догIанаш 15 зудчунна ша дIаделира Кадыров Рамзана.

Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа зударшна лерина даздаран концерт хилира.

Д.АНАДЕВ

 

№27, еара, бекарг (март) беттан 10-гIа де, 2016 шо                         

     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: