Сайдулаева Маликин цIе дика евзаш ю нохчийн зевне мукъамаш дезачарна. Дукха хан ю цо эшарш лоькху. Жима йолуш дуьйна цунна Iаламат хазахетара радиочохь вайнехан эшарш хезча.
Мукъам а, керлачу эшаран дешнаш а сихха дагахь Iемара Маликина. ТIаккха дукха хан ялале цо локхуш а хезара гергарчарна. Дуьнен чу ялар Дагестанерчу Хасавюьртан кIоштахь хилла йоьIан. Амма йоI школе яхана дукха хан ялале цуьнан да а, нана а гуттаренна Iан-баха йолчу ойланца Соьлжа-ГIала схьадеара. Цундела Маликас юккъера школа чекхъяккхар Соьлжа-ГIалахь нисделла. ЙоIана чIогIа лаьара эшарш лакха. Делахь а цIахь берш реза бацара Маликин сакIамдечу кхоллараллин некъана. КIезиг бацара кхуьнан хазалло хье дIаэцна кегий нах а. Цундела нисделла хила там бу юккъера школа чекхъяьккхина яьлча Малика маре яхар а, цхьана ханна эшарех а, кхоллараллин балхах а дог дуьллуш. Амма хьан цIийца дерг, экамечу сица лозург цкъа а, цхьаьнгга а хьашаделла дац. Иштта, Маликас, иттех шарахь эстрадина юьстаха Iийнехь а, сценех дог диллина ца хиллера. Зевне аз хиларал сов, Садулаева Малика ша эшаршна дешнаш яздеш а, мукъам боккхуш а ю. Кхин хIумма а ца хилча «Сумая» цIе йолчу эшаршлакхархочун репертуарера 15 йиш Садулаева Маликас дешнаш яздина, мукъам баьккхина ю. Вокальни говзалла йолчу кхечу мехкарша дIалокхуш а алссам эшарш ю цо яьхна. ЛадогIархошна Iаламат хазахетачарех цхьаъ ю вайн мехкан нанна Кадырова Айманина Садулаева Маликас яьккхина назма. Иза дIаолуш ю «Нохчо» ансамблера къона йишлакхархо Макаева Лайлаъ. Хьеннан а бIаьргех хи даккха ницкъ кхочуш говза а, чулацаме а язйина ю Маликас и назма. Цхьана юкъанна «Нур-ЖовхIар» ансамблан хорехь болх бира Маликас. ТIаккха Нохчийн Республикин Тайнигийн театрехь болх бар а нисделира. Нохчийн пачхьалкхан университетан актераш кечбечу факультетехь заочни кепехь доьшуш ю Садулаева Малика. Тахана Нохчийн Республикин коьртачу шахьаран мэрин культурин департаментехь хьанал къахьоьгуш ю иза, белхан накъосташа магош а, дика цIе йоккхуш а ю. Ткъа уггаре а коьртаниг шен сил дукха нохчийн мохк а, ненан мотт а безаш ю. Цундела нисло хир ю-кх цо яьхна эшарш дахаре безам чIагIбеш а, дог-ойла тIома йоккхуш а. Ма дика ду иштта похIме а, хьуьнаре а адамаш вайн махкахь долуш, хьоьстуш.
А. ГАЗИЕВА
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо