14 март, 1949 шо. ГIиргIизойчохь вина Ахмаров Рамзан, нохчийн поэт (кхалхар хилла 2001-чу шарахь). Шен схьавалар Гермачигара ду цуьнан. Дешна Буйнакскерчу финансийн техникумехь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Белхаш бина Гермачигара №4 йолчу юккъерчу школехь, Аргунерчу №30 йолчу корматаллин-технически училищехь, Шелан районан «Зама» газетехь.
Поэтан говзарш зорбане йийлина муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а. Халахеташ делахь а, стихийн шен гулар «ГIоттуш ю Iуьйре» поэт кхелхинчул дикка тIаьхьа араяьлла – 2011-чу шарахь.
15 март, 1882 шо. Соьлжа-ГIалахь вина Чермоев Тапа (Iабдул-Межед). Кавказан гоьваьлла юкъараллин-политикин гIуллакххо, нефтепромышленник. Оьрсийн эскаран инарла-майоран Чермоев Орцин кIант. Дешна Владикавказерчу реальни училищехь, цул тIаьхьа Николаевски дошлойн училищехь. 1901–1906-чуй шерашкахь гIуллакхдо Россин императоран Николай ШолгIачун сийлаллин гIаролехь (хехь). Эскарехь гIуллакхдарх мукъаваьлча, «Алдынская нефть» шен фирма а юьллий, мехкадаьтта доккхуш, духкуш болх бо. Дуьненан хьалхарчу тIамехь дакъалоцу «Акхачу дивизин» («Дикая дивизия» – Кавказская Туземная конная дивизия) Нохчийн полкан эпсар волуш (ротмистр, полкан адъютант). 1917-чу шарахь жигара дакъалоцу Ламанхойн цхьаьнакхеттачу союзан балхахь, оццу шеран май баттахь цуьнан ЦК-н председатель хоржу. 1918-чу шеран майхь Батуми гIалахь Къилбаседа Кавказан йозуш цахилар дIакхайкхорехь а, Ламанхойн Правительство (Горское правительство) вовшахтохарехь а дакъалоцу. Правительствон председатель чIагIво Т.Чермоев. Кавказехь большевикийн Iедал тоьллачул тIаьхьа эмиграци воьду. Эмиграцехь ваьхна Францехь а, Швейцарехь а. Кхалхар хилла 1937-чу шарахь Женевехь, дIавоьллина Парижехь.
15 март, 1912 шо. Дагестанан Хасавюьртан районерчу Осман-Юьртахь нохчичун-ахархочун доьзалехь вина Бейбулатов Ирбайхан, Советски Союзан Турпалхо. 1935-чу шарахь Соьлжа-ГIалара хьехархойн училище чекх а йоккхий, винчу юьртахь дIаболабо хьехархочун болх. 1941-чу шеран июнехь Советски Эскарехь гIуллакх дан волало. 1942-чу шарахь чекхйоккху Буйнакскера тIеман-гIашлойн училище. 1943-чу шеран январехь дуьйна Даймехкан тIамехь дакъалоцу къоначу эпсаро.
Оццу шеран октябрь баттахь Ирбайхана куьйгалла дечу батальоно дакъалоцу Мелитополь гIала фашистех паргIатъяккхарехь. ГIалин урамашкахь хиллачу тIемашкахь цуьнан бIаьхоша хIаллакйо мостагIчун 7 танк а, 1000 сов фашист а. Ирбайхана ша йохайо 1 танк, хIаллакво 18 мостагI. Мелитополь гIала паргIатъяьккхира, и паргIат йоккхуш шен дахар дIаделира нохчийн кIанта Бейбулатов Ирбайхана. Цигахь гайтинчу хьуьнаршна Советски Союзан Турпалхочун цIе елира И.Бейбулатовна 1943-чу шеран 1-чу ноябрехь (веллачул тIаьхьа). Цул хьалха цунна совгIат динера ЦIечу Седанан орденца а.
ДIавоьллина ву Мелитополь гIаларчу Кировн цIарахчу паркехь.
19 март, 1947 шо. Казахстанехь вина Паскаев Рамзан, гоьваьлла пондарча, композитор, Нохчийн Республикин халкъан артист. Шен схьавалар Йоккхачу АтагIара ду. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн АССР-н телевиденин, радиовещанин Комитетан халкъан инструментийн оркестрехь, «Вайнах» ансамблехь, кхоллараллин кхечу коллективашкахь. «Кавказан Iуьйре», «Хьан дагара хиъча», «Шина деган лаам», «АтагIахь суьйре», «Шовданехь», «Безаман маргIал», «Даймохк», кхечу иллийн мукъамийн автор.
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо