Абрадж аль Бейт

abraj_al_bait_5

СаIудийн Iаравин  пачхьенехь – Маккахь уггаре а йоккха, лекха гIишло  ю Абрадж-аль-Бейт. ХьаьжцIенна – КаIбатна  нийсса тIеерзийна, хьаьрмана   уллехь  лаьтташ ю и башха, исбаьхьа гIишло. СаIудийн Iаравехь  уггаре а лекха йолчу  цул  дуьненахь лекха  Бурдж-Халифа  бен яц. И шиъ лекха ю Петронас  бIаьвнал (Куала-Лумпур, Малазия).

Маккахь  уггаре а  къегина, бIаьрла ю  Абрадж аль-Бейтан  бIаьвнаш. Оцу шахьаран  уггаре а езачу  меттигана  аль-Хьарам  маьждигна – ХьаьжцIенна  юххехь  хиларе  терра дуккха а адамаш  оьху  цуьнга  хьовса. Маккахь хьаьждан  хIора  шарахь вогIучу лаххара а пхи миллион   бусалбанах  100 эзар стаг хIокху  цIейнан  уггаре а лекхачу  бIаьвна чохь  йолчу отелехь  дIатарвеш ву. Оцу цIеношкахь  диъ гIат  долу   махлелоран   пассаж а, 800 машен дIахIотто  аьтто  болуш  гараж а ю.

Цул сов  оцу  цIеношкахь  маккахойн  хIусамаш  ю, конференц-центр ю, бизнес-туристийн  хьашташ  кхочушдеш йолу. БIаьвнашна буьххьехь   вертолеташ  охьахьовшарна   лерина   майданаш ю.

Уггаре а лекхачу  Паччахьан  бIаьвна  тIехь сахьт ду. Цуьнан гуо  (диаметр)   43  метр  бу. Иза йиъ бIе  метр лекхахь  ду. Сахьтан  йиъ цифербулат еа агIор (къилбехьа, къилбаседехьа,  малхбалехьа, малхбузехьа) дIахIоттийна ю. Шахьаран  муьлххачу меттера  дIахьаьжча дийнахь а, буьйсанна а дика гуш ду сахьт. Буьйсанна  чиркхаша  къагийна  ду иза.

Стигала  кхевдина  лаьттачу  цIенойх (небоскребех)  уггаре а  лекха  ду  Паччахьан сахьт  тIехь  дерг. Цуьнан  локхалла  60I  метр  ю. ЦIенош  дар  чекхдаьккхина  2012-чу  шарахь. ХIора цIийнан  (бIовн) шен-шен  цIе ю. Лакхахь  хьахийнарг, йоцург  кхин а ялх  бIов ю. Иштта ю церан  цIераш:  Хьаджар, Замзам, Макъам, Къилба, Сафа, Марва. Уггаре а  лекхачу  бIовна   буьххьехь  45 метр  лекха шпиль  ю. Цо  сахьт  дашо  варкъ  даьккхинчу  ахбаттаца   цхьаьнахутту. Оцу  шпила тIехь бархI   могIанехь  дIатоьхна  160  азчIагIдийраш (громкоговоритель) ю. Уьш  бахьанехь хьаьрмахь  моллалла  кхойкхуш  хеза   вархI  чаккхарма  генахь   волчунна а. Вуьшта  аьлча  азан  доьшуш хаза тарло  Маккин берриге а  бахархошна.

Серлояларан  керлачу  системи  юкъахь ю 44  прожектор, 21000 лепаш  болу  стогар,  2200000 (светдиод) серлонан диод. Ткъа  ахбутт дуьненахь  уггаре  а  боккха  бу. Цуьнан  конструкци  юкъахь болатан  колоннаш а, тIайш  а дац. Чоьхьара  иза  гIуллакхаллин   масех  чоьне   бекъна  бу. Царах  цхьа   чоь  ламаз  дарна   лерина ю. Дуьненахь  уггаре а  лекха ю иза. Ах бутт 107  тонна  беза  бу. Цуьнан гуо  23 метр  бу. Ах бутт  а, цуьнан  бух а дашо  варкъ (мозаика)  даьккхина  бу. Цо  дIалоцу  1050  квадратни  метр.

Цу  тайппана тмашийна   гIишло  ю Абрадж аль-Бейт.

Зорбане   кечйинарг – С.ХАСАНОВ    

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: