Бекхам

Хасике чIогIа вуо деанера. Луларчу шен накъоста елла жимачу уьрсан мIаьчиг, хIокхо лелош хаа а елла, йоккхах йолчу йишас, оззийна  схьаяьккхинера.брат с сестрой2И бохам бахьана долуш, вистхила а дог доцуш, юучунах чам а баьлла, яьхьира цо суьйре. Буьйса а буьрса яра. Наб ца кхеташ веха Iиллира иза, делахь а коьрте хьийзачу ойланаша, хIуъа хилахь а, шена хилла зен меттахIоттадар хьоьхура.

Iуьйранна, самаваьллачул тIаьхьа, йиша лаха вахара Хасик. Иза цунна карийра уьйтIарчу доккхачу цIа чохь, ерриге а хIуманаш кегийна, оьшург дIанисъеш, ца оьшург арайоккхуш йоллуш.

НеIсагIин улло охьалахвелира Хасик. Ша къамел муьлхачу дешнашца долийча нийса хир ду ца хууш, сацавелира иза. Геннара дIаволавелира:

– Хьо хIу деш ю, Хьава?

Хьава схьа а ца хьожуш йистхилира:

– Хьуна ца го?

Юха а, йишига хIун аьлча нийса хир дара ца хууш. Хасика мара хьалауьйзира, масийттазза балдаш туьйхира.

– ГIо дой хьуна? – меллаша, лар а луш хаьттира цо.

Хьавас резайоцуш сихха жоп делира:

– ДIавало, ловза гIо, новкъара дIа а валий…

Амма Хасик меттах ца волуш, тийна Iара. Хьава масийттаза дехьа а, сехьа а, елира хIара дIа а тоттуш. Ойланаша гена вигначу Хасикина цIеххьана хезира цуьнан аз:

– Ца хеза хьуна ас хьайга бохург?

– Вало, и антенна схьа а эций, рагIу кIел дIахьо! Сиха…

сиха…  хьалагIаттал! – тIетуьйхира Хьавас.

Цкъа дуьхьало ян дагадеанчу Хасика, сих ца луш элира:

– Йоккха ю иза. Соьга яхьалур яц.

Хьава юха а оьгIазе йистхилира:

– Валал гIаттий! Яхьалур ю хьуна.

Ша Iачуьра меттах а ца волуш, кIанта юха а элира:

– Дика ду. ТIаккха ахь сан урс схьало!

Цуьнца къийсаяла дог доцучу Хьавас, сихха хIара шен кочара ваккха дагахь, резахиларца корта таIийра.

– Дика ду.

– Схьало урс!

– Хьо антенна дIахьой схьавола, тIаккха дIалур ду ас.

Хасик хьалаиккхира. Еза, йоккха антенна мара а йоьллина, цхьа агIо текхош чуьра аравелира иза. Дукха хан ялале юхакхечира, йишига элира:

– ХIинца сан урс схьало!

ХIара новкъаволучу Хьавас чIогIа элира:

– ДIавалол, аравалал кху чуьра! Лур дац! Жима ву хьо хIинца а урс ловзо.

Хасикан дог шелделира, иштта шийла дара цуьнан оьгIазе хьажар. Вист ца хуьлуш, чуьра аравелира кIант. Лами тIе а хIоьттина йишига юхахьаьжира иза, хIинца-м, гIеххьа велакъажар дара цуьнан юьхь тIехь ловзуш.

Ша стенах тасаелла ца кхеташ, цецъяьлла, юхайирзинчу Хьавана гира ша хьалха хиллачохь, меттах ца яьккхича санна, яьржина Iуьллу антенна.

М.МАГОМАЕВА

№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: