Дера лоьйтур вац…
ГIала базара вогIучу БаIисан кевнехь лаьтташ волчу цхьана башхачу къонахчух бIаьрг кхетта. Аьрзун зIок санна хьаьвзина мара, мера кIелахь буру санна хьийзина хьаьрса мекхаш, схьаэккха боллуш лалула сийна ши бIаьрг болуш, гIода юккъехь тапча, аьрру агIор кхозуш, тур, аьтту агIор шаьлта йолуш, шек воцуш, нахана тIехула хьоьжуш лаьтташ хилла и хьенех.
Сацавелла, леррина цуьнга хьаьжна:
– Делан дуьхьа, къонах, хьайга стаг ма харц лоьйтур вацара ахь, – аьлла БаIиса.
– Дера лоьйтур вац-кха я харц а, я бакъ а-м, – аьлла шалтанна тIе куьг хьош, БаIисна ши бIаьрг тIебоьгIна цо.
Яй цхьаъ бен бац?
БаIис хьошалгIа вахана, хьал-де хаьттина, паргIат девлча, кхуьнга хаьттина:
– Хьаша, плов де хьуна, я чорпа?
Кхоччуш мацвеллачу БаIиса:
– Вай, яй цхьаъ бен бац шун? – аьлла.
Нана ян а яцара
Базара етт бохка вахана хилла БаIис. ТIе мел веанчо: «ХIокху аьттан нана муха яра?» – хоттуш хилла. ТIаьххьара тIевеанчо а изза хаьттича, оьгIаз а вахана, вайн хьешо аьлла: «Нана ян а яцара кхуьнан. Дестечуьнца тар а ца белла, дIабухкуш бу».
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо