Нохчийн Республикин Правительствехь дIаяьхьира Россин Федерацин Президент волчохь граждански юкъаралла кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Советан кхеташо. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Президентан хьехамчас, лакхахь билгалъяьккхинчу Советан председатела Федотов Михаила. Кхеташонехь иштта дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, кхечара.
Гулбеллачаьрга маршалла хаьттира М.Федотовс. Цо билгал ма-даккхара, Чернокозоверчу набахтехь а, Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь а хилира уьш хьалхарчу дийнахь. Цхьана а тайпа бакъонаш талхор билгал ца даьлла царна.
– Суна чIогIа хазахийтира Чернокозоверчу набахтехь долчу хьелашна цхьана а тайпа аьрзнаш цахилар, – элира Федотов Михаила. – Иштта Соьлжа-ГIаларчу талламан изоляторехь а хилира тхан шолгIа тоба. Бакъонаш талхош хилар хаа ца делла цигахь а.
Кхеташонехь къамел динчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхира:
– Ерриге а республикехь маьрша дахар дIахIотто аьтто хилла тхан. Халкъан а, юкъараллин а дIадолораш кхиорна дерриге а хьелаш кхоьллина. Бакъонаш ларъяран гIуллакхаш нахана дIадовзийтарна тIера дIадуьйладелира тхо. Уггаре хьалха Юкъараллин палата кхоьллира. Тахана кхузаманахьлерчу Интернет-технологех пайдаоьцу оха. Муьлхха а тайпа аьрзнаш а, хетарг а республикин куьйгалхошка дIакхачо таро ю бахархойн.
Кадыров Рамзана ма-аллара, антитеррористически 17 комисси а, белхан 9 тоба а ю республикехь. Церан болх дІахьош бу гIалийн а, районийн а куьйгалхой. Дика гайтамаш а бу цу декъехь бечу белхан.
– Кху шарахь цхьа а теракт хилла яц республикехь, – элира регионан Куьйгалхочо. – Терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь доккхачу маьIне ду кегийрхойн а, къаьмнийн а политика кхочушъяр. Ийманехь а, гIиллакх-оьздангаллехь а кегийрхой кхетош-кхиорна тIехьажийна ю иза. Цхьаьнакхетарехь иштта къамелаш дира лакхахь хьахийначу Советан декъашхоша Шевченко Максима, Бабушкин Андрейс, Каляпин Игора, Мукомолов Александра, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векало Нухажиев Нурдис а, регионан юкъараллин «Коалиция» боламан куьйгалхочо Яхъяев Денис а, кхечара а.
РогIерчу номерехь оха мелла а шуьйра дуьйцур ду цу кхетошонах лаьцна.
Э.ДАВЛЕТБАЕВ
Авторан сурт