Бакъ долуш, цкъа ешнера ас Нохчийн Республикехь гIараваьлла вевзачу нохчийн журналистикин къаночо Магомаев Салавдис 2011-чу шарахь зорбане яьккхина шен дагалецамийн «ХIетахь догIа мела хуьлура» цIе йолу книга.
12-чу мартехь 80 шо кхочу Салавдин, ткъа царах 60 шо хан нохчийн газетехь болх беш даьлла цуьнан. Салавдина дукха совгIаташ дина, уьш дерриге а дан хьакъ долуш дина а ду. Сайн ницкъ кхаьчча оцу дезачу совгIаташна тIе кхин цхьа совгIат а тIетухур дара ас, Магомаев Салавдис шен 80 шарах дуьззина 60 шо, кхин белхан меттиг ца хуьйцуш, нохчийн газетехь болх беш даккхарна. Вайх хIораннан а ма дукха хуьлу дагалеца а, дийца а школехь даьккхинчу 10 шарца а, институтехь даьккхинчу 5 шарца а доьзна. Дийнна 60 шо хан цхьана «Даймохк» газетехь даккхар! Мел собар, хьуьнар, хаарш оьшу иза дан! Мас Iедал, зама хийцаелла цунна хьалхахула! Цундела дан а ду дагалеца, иэсан тогIенашкахула некъ бича, вайга схьадийца дуккха а пайдехь дерг. Лакхахь ма-аллара, цкъа ешнера, амма хIинца шолгIа юха а йоьшу, цо шен иэсан тогIенашкахула бина некъаш сайна а дуьхьал лаьтташ хеталуш. Салавдица 10 шарахь цхьаьна болх бан ирс хилла сан. Иза шен белхан говзанча а, дика накъост а хиларх дан тоьшалла ду. 80 шо аьлча дукха хан хета вайна, шерийн литта тIекIал кхетахь а, дан дезарш, дан лиънарш дукха хиларна, сиха яхна хета зама. Нохьа-Пайхамаре хаьттина боху, еха хийтира хьуна яьккхина хан аьлла (950 шарахь ваьхна иза, Дела реза хуьлда цунна). Цхьана хIусаман дуьхь-дуьхьал йолчу шина неIарехула араваьлча санна, сиха яхна хета шена шен хан аьлла бохуш, дуьйцу цо. Салавди вац шераш дукха ду аьлча вухур волучарех. Иза доьналла, хьуьнар долуш стаг ву. Дог-ойланца пхийттара ваьлла бен вац. Даима а забар ю кийча.
Мичара бу цуьнан орам, схьаваьлла нах, меттиг?..
Магомаев Салавди Хьалха-МартантIехь Махьмин Даудан, ДухIин Закрин Рукъиятан доьзалехь 1936-чу шеран 12-чу мартехь дуьнен чу ваьлла ву. Доьзалехь воккхахверг ву. 1944-чу шарахь нохчийн халкъ цIерадоккхуш 8 шо хилла цуьнан. Гинарг, хезнарг, лайнарг къаьсташ дагадогIу хан ю иза. Казахстанан Алма-Атан областерчу, «Красный Восток» колхозехь нисделира церан рицкъ. Лакхахь хьахийначу «ХIетахь догIа мела хуьлура» книгин «Казахстане беха некъ» аьллачу декъехь, цо дуьйцу шаьш биначу некъах. Дукха дийца а ца оьшу, цу тIера цхьа кийсак ялийча а тоьаш ду оцу де эшначу муьран сурт хIотто: « – Шу-м, кхидерш санна, адамаш ма-ду, – цецъяьллера йоккхастаг. – Тхьоьга-м шу вуно даккхий марош а долуш, адамаш дууш ду ма бохура». Йоккхастаг тхох чIогIа къахетта яра. «Шу гIелделлий а, мацделлий а хаьа суна, – бохура цо, – ДIо яй чохь кхехкийна бежанан наьI ду, иза уьрсаца кегий дакъош деш, хадийча, даало шуна. Сан кхин кхача бац».
Дахарехь хало, мацалла лайначо Дала мел деллачу рицкъанан пусар кхечарел а дукха сов дийр ду. Иза тхуна, «Даймохк» газетан белхахошна, гуш а дара Салавдига хьаьжча. Оха делкъе еш йисина бепиган юьхкаш гулйой, шайн лулахойн котамашна дIахьора цо. Дукха ду цунах Iама, цуьнгара схьаэца хьакъ дерш.
Казахстанехь 1-чу классе деша вахара иза. 1954-чу шарахь шайн доьзалца цхьаьна «Парижская коммуна» колхозе дIавахара. Цул тIаьхьа суьйранна школехь деша а доьшуш, дийнахь Туркестано-Сибирски цIерпоштан некъан Коьртачу материальни складехь а, тIаккха ОРС-ехь киранаш лелорхочун (грузчикан) белхаш бира.
1956-чу шарахь 10 класс чекхъяьккхира. Салавди кхиарна боккха тIеIаткъам бинарг церан деваша Магомаев Хасмохьмад вара. Иза редактор а волуш арахоьцуш яра СССР-н Лакхарчу Совете а, Казахстан ССР-н Лакхарчу Совете а харжамийн хьокъехь йолу положенеш а, харжамашца доьзна долу цхьацца документаш а. Уьш Хасмохьмада нохчийн матте гочъеш яра.
Къоначу Салавдис тергалбора цо беш болу болх. Цо хьоьхуш, цуьнга хоьттуш Iемира цкъа хьалха нохчийн элпаш, цул тIаьхьа нохчийн йоза а.
1955-чу шеран июль баттахь Алма-Атахь схьадиллира нохчийн маттахь долу «Къинхьегаман байракх» газет. Цуьнан хьалхара номер арахецначарна юкъахь вара Хасмохьмад. Дукха хан ялале Салавди, тIаьхьо Салавдин девешин кIант, вевзаш волу журналист Магомаев Леча шена улло дIавигира цо. «Къинхьегаман байракх» газетан редакцехь болх бира 1957-чу шеран 30-гIа май кхаччалц, юха меттахIоттийна йолчу Нохч-ГIалгIайн Республике цIаверззалц.
1957-чу шеран 9-чу январехь араделира Нохч-ГIалгIайн Республика юха меттахIотторан хьокъехь долу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ. Соьлжа-ГIала хьалха цIа богIучийн могIарехь цIаберза аьтто белира цуьнан доьзалан. Алды станцехь совцош яра шалонаш. Соьлжа-ГIаларчу Заводской районехь хиллачу профтехучилищан йоьхначу гIишло чохь дIанисбелира СалавдигIеран доьзал а.
Уьш цIакхаьчна кхозлагIчу дийнахь веара МагомаевгIаьрга, Салавди партин Обкоме кхойкхуш, цхьа стаг. «Ленинан некъ» газет меттахIоттош хилар хоуьйтуш, цигахь болх бан и гIуллакх девзаш болу нах оьшуш бу аьлла, Салавдига балха кхайкхира. МеттахIоттийначу «Ленинан некъ» газетан дуьхьарлера номер арахоьцуш истори юкъабаханчу нахана юкъахь ву Салавди. Уьш бара редактор Нажаев Ваха коьртехь а волуш, журналисташ Исмаилов Халид, Тасуев Султан, Батаев Мустафа, Джабраилов Мохьмад, Кагерманов Докка, Дадашев Iабдулла. 1957-чу шеран 15-чу июнехь дуьйна оцу газетехь литсотрудникан болх бан волавелира Салавди, цул тIаьхьа корреспондентан а, гочдархочун белхаш а бира цо.
Цул тIаьхьа кхочушбира деша вахаран лаам. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан заочни отделене деша воьду иза 1958-чу шарахь.
1960-чу шеран октябрь баттахь Москвахь КПСС-н ЦК-хь йолчу Лаккхарчу партийни школе партийни а, советски а белхахой юхакечбаран 6 беттан курсашка деша хьажаво.
1981–1986-чуй шерашкахь дийшира Ростоверчу лаккхарчу партийни школин журналистикин отделенехь.
1973–1975-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалин горсоветан депутат лаьтта иза. 1975-чу шеран август баттахь партин обкоман бюрохь «Ленинан некъ» газетан редакторан заместитель хIоттаво. Цигахь болх бира 1991-гIа шо кхаччалц. 1995-чу шеран март баттера 1996-чу шеран август бутт кхаччалц Нохчийн Республикин хаамийн, зорбанан министран заместитель вара.
1996–2001-чуй шерашкахь «Грозненский рабочий» издательствон директоран заместитель, 2001-чу шеран январера 2001-чу шеран июнь бутт кхаччалц «Вести Грозного» газетан редакторан заместитель белхаш бо цо. 2004-чу шеран январехь дуьйна «Даймохк» газетан корреспондент а, жоьпаллин секретарь а волуш болх бо цо. Дагардеш, охьаяздича сиха яздина вера ву, амма кхин хIумма ца хилча а, Алма-Атахь дуьйна Соьлжа-ГIала кхаччалц нохчийн газетан редакцехь мел хилла де а, нохчийн къоман историн хIоллам бу ала мегар долуш, гIарабевлла бевзачу нахах, хиламах дуьзна ду. «Суна цигахь бевзира вайн нохчийн къоман уггаре а сий-ларам болу нах, вайн интеллигенцин бакъдолу заза. Уьш бара вайн махкана генарчу Казахстанехь нохчийн мотт денбар, иза кхиор, шарбар шайна тIелаьцна къонахий, суна доккха ирс дара царна юкъахь хилар» – яздо Салавдис шен книгин 50-чу агIонна тIехь.
Нохчийн газетан редакци нохчийн интеллигенцин кхерч хилла лаьттира. Цигахь хуьлура Гайрбеков Муслим, хIетахь Казахстанан Компартин ЦК-н инструктор, (Казахстанехь нохчий а, гIалгIай а цIаберзоран вовшахтохараллин комитетан председатель), тIаьхьо, Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийча, республикин Министрийн Советан Председатель, Татаев Ваха, хIетахь Алма-Атахь пачхьалкхан филармонин директор, тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр, дуьненахь а гIараваьлла вевзаш волу хелхарча Эсамбаев Махьмуд, «Къинхьегаман байракх» газетан редактор Абазатов Мохьмад, жоьпаллин секретарь Габисов Бисолта, яздархой Хамидов Iабдул-Хьамид, Музаев Нурди, Магомедов Нохьа.
Салавди теш хилла, 1956-чу шеран аьхка Алма-Ата КПСС-н ЦК-н Хьалхара секретарь Н.С.Хрущев веача, нохчий а, гIалгIай а шайн Даймахка цIа берзоран хьокъехь нохчийн газетан белхахой хилла болу Ахматова Раиса, Бакашева Раиса, Казахстанан культурин министерствон белхахо Нинциева Нина цунна тIекхачарна. Н.С.Хрущевс: «Хир ю шуна шайн Кавказ», – аьлла, дош деллера нохчийн зударийн сий деш.
Нохчийн къоман исторехь боккха хилам бара иза. Бераллех лаьцна дагалецамаш, Салавдин хенара болчу нахана безам муххале а хетар бара, тахана хьалакхуьучу кегийрхошна а хиъча дика, дукха хIуманаш ду цуьнан йозанашкахь.
Хьалха заманахьлера нохчийн керт-кевнан, кхерчан сурт дуьхьал хIотталой, цу таронашна миска, амма ийман-беркатна комаьршачу ханна доьлху дог. «Тхан уьйтIарчу, зайла а тухуш, гIуй буллий, дIакъовлуш хиллачу ханнийн божална гена йоццуш яра хьаьжкIаш кхорзу куьрк, чудиллина кхорзучу хенахь хьажкIаш цхьабосса кхарзаялийта, уьш кегош хилла долу гIалакх а долуш. Ткъа рагIу кIел, аьхка кхача кечбеш латош, товха яра, цунна а, пешана а юххехь гуттар а дIахIоттабой хуьлура нуй, аьшкал, цIекегорг, хIупъолург» – яздо С.Магомаевс.
Телевиденис а, компьютерша а, интернета а вайна юкъара дIадаьхна шортта дика хIуманаш. Уьш ду буу кхача, берийн ловзарш, гIиллакхаш. Нохчийн къам шен юьхьанца хиллачу хотIах дохийна долу дерриге а вуониг новкъа ду цунна, цо дог шелдо цуьнан. Иза ду Салавди къоман кханенан дог лозуш хилар.
Салавдига хаьттира оха, хьо къона а волуш, къинхьегаман некъ юха дIаболо безаш хилча, хьайн говзалла, белхан меттиг хуьйцур ярий ахь, аьлла. Цо элира: «Со къона волуш, балха ваха везча, юха а «Даймохк» газете бен балха гIур вацара со, нохчийн мотт дукха безарна. Сайн книги тIехь ма-аллара тхан девашас Магомаев Хасмохьмада, шен куьйгайозанаш, говзарш дIаоьций, издательстве вохуьйтура со. Некъан бохалла цо яздинарш доьшуш воьдура со. Мел воккхавевора, сайна нохчийн элпаш, дешнаш вовшахтаса Iемаш. Нохчийн газет зорбане даьлча боьрша нах а хазахетий, боьлхура. Гочдарш деш, Джамалханов Зайндис а дукха гIо дина, Iамийна ву со».
Забар яр тахана санна а доцуш, нахана юкъахь лелаш, йича цунах кхеташ а бара нах.Балха тIехь мукъа миноташ хилча, Салавдис дагалоьцура, дуьйцура тхуна цхьацца самукъане хIуманаш. Иштта, Казахстанехь, Алма-Атахь радиохула нохчийн маттахь передача ян елла 15 минот хан яра боху цо. Хамидов Iабдул-Хьамида элира боху шега, нах сатуьйсуш бу нохчийн маттахь забаре йиш хазаре. Мунаева Сайбатца цхьаьна йиш лакха дезна Салавдин. Царна кехат-пондар локхуш хилла Анзорова Балкан. Iабдул-Хьамида ша кхуьнан цIе а йоккхур яц аьллера. «Колхозехь болх дика барна, 20 гали ялта ду делла», – аьлла, йиш лекхна Салавдис. Цхьа 2 кIира даьлча, Алма-Атара шаьш дехачу колхозе цIа веана хилла иза. Да-нана кхунна дов дан кечделла Iаш хилла. Дас: «КIант! И ялта мичара схьаэца дезаш ду вай?!», – аьлла, мохь тоьхна. «ХIун ялта?», – аьлла, ойлане ваьллачу Салавдина дагаеана ша радиохула лекхна йиш. «КIилло! Хьо дийна а волуш кхин ма лелалахь суна и йир лоькхуш!», – аьлла, дов дина хиллера дас Дауда.
Шен хиллачу белхан накъостех цунна уггаре а дукхавезарг Габисов Бисолта хилла. Иза газетан редактор хилла ву, къахьоьгуш, хаарш, зеделларг долу стаг. Бисолта Казахстанан университетан «журналистика» факультет чекхъяьккхина вара. Вайн къам цIадирзича КПСС-н Хьалха-Мартан райкоман хьалхара секретаран даржехь болх бира цо.
Къоначу журналисташка хIун эр дара, хIун хьехар дийр дара аьлча, Салавдис элира: «Ша школа, институт чекхъяьккхина аьлла, балха схьаварах тоьаш дац. Газете балха веанарг шена гуоанха мел долчу хIуманех (политикех, экономикех, дешарх, Iилманах) кхеташ хила веза. Дала гечдойла, вайн редакце вогIуш вара Цоцин-Эвлара Мовла. Георгафих а, историх лаьцна а ахь дIахаьттинчу хаттарна дала нийса жоп хуьлура цуьнан. «Чили мичахь ю? – аьлла шега хаьттича: «Ой дIавалахьа! Хьуьлла Тихий океанехь аса ю-кх иштта охьайогIуш», – элира цо. Нохчийн мотт, редакце схьа а кхачале, дас-нанас шайн доьзалехь, чохь буьйцуш, Iамо беза доьзална».
КIезиг дац Магомаев Салавдина Нохч-ГIалгIайн АССР йолчу хенахь дуьйна дина совгIаташ. 1973-чуй а, 1986-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан Президиуман цIарах Сийлаллин грамоташ елла, ткъа 1982-чу шарахь «Республикин культурин хьакъволу белхахо» сийлахь цIе елира.
2003–2010-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, Госсовета Председателан Исаев Хьусайнан а, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министран а цIарах Сийлаллин грамоташ елла цунна.
2011-чу шарахь Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат хуьлу иза.
Оццу 2011-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал ло. 2014-чу шарахь «Къинхьегамехь билгалваларна» «За трудовое отличие» седа ло, 2015-чу шарахь «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» цIе а, ахчанан совгIат а до.
Магомаев Салавди 2009-чу шарахь дуьйна Россин Яздархойн союзан декъашхо ву, ткъа 1959-чу шарахь дуьйна СССР-н Журналистийн союзан декъашхо а ву.
Доьзалан нана Зараъ 1957-чу шарахь дуьйна ю МагомаевгIеран цIенна тIехь. Тешаме, яхь, гIиллакх, доьналла долу накъост хилла лаьтта иза шен хIусамдена. Церан доьзалехь 6 бер а, 25 берийн бер а, 5 берийн берийн бер а ду.
Салавди дика журналист, яздархо, гочдархо хилла ваьхна Iаш вац. Иза шен доьзална хьалха декхарийлахь, хьокъалахь висна да вац. Цуьнан терго, Iуналла кIентийн а, йоIарийн а доьзалшна а тIехь кхаьчна. Балхахь вара аьлла ца Iаш, мел генарчу юьрта а дикане-вуоне воьду иза. Я хIумма а мало еш а ца воьду. Кегийчу наха масал эца хьакъ долуш стаг ву иза. Тезет, ловзар, театр, концерт, базар, пхьоьха, курорт – оцу массанхьа а кхочуш ву.
Цул сов, иза 19 пачхьалкхехь хила а кхиъна, ХьаьжцIахь а хилла. Салавди могаш-маьрша, сирлачу иэсехь хилар Делан къинхетам бу. Пенсе вахнера аьлла иза паргIат вита дагахь бац цуьнан белхан накъостий, иза вевза нах. Вайн республикин студенташца, дешархошца цхьаьнакхетарш деш, пайда оьцуьйтур бу Салавдин зеделлачух, цуьнан хьехарех.
Къинхьегаман мах АллахI-Дала хадош бу. Дала йоле дуьллийла, Салавди, нохчийн газетана ахь делла 60 шо. Могаш-маьрша Дала дукха вахавойла хьо!
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
МагомаевгIеран доьзалан архивера суьрташ
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо