Нохчийн журналистикин къона къано

Кестта 93 шо кхочу «Даймохк» газетан («Серло», «Ленинан некъ») хьалхара номер араяьлла. Оцу еххачу хенахь дукха журналисташа къахьегна газетехь. ЦIарца вийца а 170 сов ву уьш (массеран цIерш ца йовзахь а, хила-м кхин дукха а хилла). Цхьамма шарахь болх бина, вукхо 30 шарахь, амма, нохчийн газетаца зIе ца хадош, 60 шаре ваьлларг вац  Магомаев Салавди воцург. Деккъа и цхьаъ тоьар дара цуьнан цIе даиманна газетан а, нохчийн журналистикин а исторехь йиса.

    Тахана шен 80 шо кхочуш а (цуьнан кадечу боларе а, дахаре йолчу шовкъе а хьаьжча-м 50-л сов лур дац цунна) къоначарел а къона волуш, жигара журналистикехь къахьоьгуш схьавогIу Салавди.

Цахуург хатта а, цадевзарг довза а, шеконе долчух дагадовла а уллохь иза волуш, дукха паргIат хуьлу газетан белхахой. Редакцин болх вовшахтохарца а, газет арахецарца а, цуьнан чулацамца а доьзначу муьлххачу а хаттарна дала дуьззина жоп долуш, лаккхара корматалла а, белхан доккха зеделларг а долуш журналист ву Салавди. И иштта хилар чIагIдеш, цуьнан кхоллараллин белхан лаккхара мах хадийна юкъаралло а, Iедало а. Цунна тоьшалла до журналистана С.Магомаевна диначу совгIаташа: «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист», «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» сийлаллин цIерш, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал, «Къинхьегамехь  билгалваларна» знак, М.Мамакаевн цIарах йолу орден, Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIат, тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн Сийлаллин грамоташ, иштта дIа кхин а.

Салавдих-журналистах дуьйцуш, билгалдаккха догIу, муьлххачу темина а яздан говза хиларал сов, дош дукха нуьцкъала «герз» хиларх тешаш, сема журналист иза хилар. Вуьшта аьлча, ша яздеш долу дош, муха яздо а, стенах яздо а, хIунда яздо а хууш, яздо цо. Уггаре а чIогIа иза ларлуш верг, доцург аьлла, стагана вас яр ду. «Нохчийн маттахь долчу газетехь олуш долу дош а нохчийн гIиллакхца, оьздангаллица  догIуш, маслаIате, адамийн дог-ойла диканна ойуш, хила деза», – сих-сиха олу Салавдис къоначу журналисташка.

Корматаллин агIонашца цхьаьна ала догIу Салавдин адамаллин амалех. Цхьа башха, адам дукха дезаш, цаьрца уьйр-марзо, гергарло дезаш стаг ву Салавди. Духалург ахча делла а, цхьанна шегара гIо хилча, чIогIа цунах там хуьлуш а ву.

Лерина леладо цо гергарло, экама, ша бахьанехь  и дохар кхоьруш санна. «Хала ма лелахьа», – шега аьлча, Сулейманов Ахьмадан байташкара могIа балабо: «Шад боцуш хотталац хадийна тай».

Салавди санна, йиша-вешина, доьзална тIера стаг а дукха хир вац. Иза санна хIуманан тIалам беш стаг а ца вевзина суна…

Салавдица долчу дуккхачу диканех алссам дакъа (тхуна хетарехь-м коьрта дакъа) цуьнан беркатечу хIусамнанна Зараана а кхочу. Мухха делахь а, Делера долчу диканна а, вуонна а дан собар долуш, леткъамаш бар доцуш, доьналлица дуьненан халонех чекхвала хьуьнар кхочуш, де кхолуш хьаьжна малх деккъа шена ца хьаьжний хаа хьекъал долуш, шен 80 шеран зиле кхаьчна къонах ирс долуш хета. Дала оцу ирсах ца хадош, яхйойла цуьнан оьмар!

АБОЛХАНОВ Хьаким

 

№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: