Шен ненан матте безам, марзо йолчу нохчичунна дика девза республикехь арадолу «Даймохк» газет. Цкъа цуьнан редакце веанчунна ца вовза йиш яц, 1957-чу шарахь дуьйна оцу газетаца шен дахар доьзна волу Магомаев Салавди. 2009-чу шарахь «Даймахке» балха еанчу сан а ирс хилира иза вовза. Шерех доьзна доцуш, юьхьанца къийлалуш, гуттар а сайгара цхьа гIалат даларна кхоьруш, ма генахь ю-кх со кху адамашна тIаьхьакхиа а, кхаьрга нийсса яздан Iама а аьлла хеташ, хала лелачу сан дика хьехархо хилира Салавдех. Диканиг дика ду олий хастош а, галдаьлларг муьлхарг ду, и муха нисдан деза, дукха лерина дуьйцуш а Iедал дара цуьнан. Иэс дика хиларна, цкъа даьлла гIалат шолгIа ца далийта хьажар а тидаме оьцура цо. КIеда амал йолчу Салавдица муьлхха а бегаш мегара. Цкъацкъа цо бечу бегаша иза шен 25–30 шо кхаьчначу хенахь висна аьлла хоьтуьйтура. Юьхьанца аьрха хета цуьнан и амал товра Iама баьхкинчу къоначарна а.
Иза жимачуьнца жима хила а, воккхачуьнца лараме хила а хууш вара. Ткъа балхана тIера хилар, нохчийн меттан газетана чу садиллина хилар муьлхха а белхахочуьнгахьчул а сов дара Салавдигахь. «Сийсара хан яллалц яздеш Iий-кх со, тахана агIо дIакъовла материал ца тоарна кхоьруш», – олий, хийлазза ша буьйсанна яздина йозанаш дохьуш вогIура иза.
Цхьа а шеко йоцуш, газетехь бечу балхо ерриге а хан дIайоккхуш ца хиллехь, цо дуккха а книгаш зорбане яьхна хир яра. Ткъа цуьнан «ХIетахь догIанаш мела хуьлура» цIе йолчу книгех лаьцна аьлча, дахаран бакъдолчух язйина ю иза, мотт говза болуш а, чулацам сирла болуш а ю.
Яздан Iама гIертачунна гIо-накъосталлина шен хан ца кхоош а, цунна дийца алссам хаарш долуш а, хилларш девзаш а волчу Салавдис нохчийн гоьбевллачу яздархойх – Мамакаев Мохьмадах, Хамидов Iабдуллех, Ошаев Халидах, иштта кхечарах лаьцна дуккха а дуьйцура. Уьш, Салавдин дийцаршкахь, ешархошна ма-хеттара, цхьа паналлин лакхаллехь а боцуш, къомана юккъера, цуьнан сих-дегIах ийна, амма Дала дешан похIма делла адамаш хиларна, дагна гергара, уллора хетара.
Муьлххачу а хаттарна нийса жоп карадора цунна, дика вовшахтохархо а, дика Iу а вара иза цIахь а, балхахь а. Тхо даима а цецдовлура цо шен доьзалан ечу тергонах. Церан хьовха, цуьнан бала хуьлура кIентийн а, йоIарийн а доьзалийн. Наггахь, дог кIадделлачохь, ерриге юьхь серлайолий, кIедачу велакъажарца дукха хуьлура цуьнан царах лаьцна дийца.
Салавдина санна, шен болх безаш беш, цуьнга нисса вацахь, стаг хир вацара. Цундела кхоьрура иза ша цомгаш хилла юкъахваларна а, шераша ша юьстах ваккхарна а. Халахеташ делахь а, и шолгIаниг нисделла Салавдин.
Цундела, сан дийцарехь дукха нисделла «вара» боху хандош.
Салавди-м, Дала мукъ лахь, волуш ву, газетаца а, цуьнан белхахошца а гергарло лелош а ву, церан воцуш ца тору накъост а, хьехамча а ву. Дала могаш-маьрша волуш, шен доьзална а, вайна массарна а дукхавахавойла иза.
Т.САРАЛИЕВА
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо