Лулахойн дахарера

Вожатеш хила кечлуш бу

 МАЙКОП. Меттигерчу пачхьалкхан технически университетехь гIуллакх дан йолаелла вожатеш кечбаран школа. Иза вовшахтоьхна кегийрхойн юкъара Россин юкъараллин «Россин студентийн тобанаш» аьлла йолчу организацин Адыгейн региональни отделенис.

Школин ладогIархой хила бакъо яьккхина кхузарчу тайп-тайпанчу вузийн 33 студента. Хьалхарчу тобано дешар дIахьур ду май бутт чекхбаллалц болчу муьрехь. Экзаменаш кхиамца дIаеллачарна дала билгалдина Адыгейн, Кавказан Iаьржачу хIордан бердайистошкахь, Москвана уллорчу меттигашкахь, Россин кхечу регионашкахь гIуллакх деш хинйолчу лагершкахь вожатийн болх бан луш йолу сертификаташ.

Цул сов, сацам хилла аьхкенан каникулаш йолчу муьрехь берашца, кхиазхошца болх бан лаам болчарна иза хуьлуьйтург хиларан хьокъехь.

 

МФЦ-н керла офис

МАХАЧКАЛАКхузарчу Редукторни поселкехь даздаран хьолехь схьадиллина дуккха а агIонаш йолу туш (МФЦ). 40 корехь адамаш тIеэцарна лерина ду иза. Цу чохь кхочушдан билгалдина пачхьалкхан а, муниципальни а декъехь долу бахархойн  200 гергга хьашт.

Туьшо мехала маьIна лелош хилар билгалдоккхура иза схьаделларехь дакъалоцуш Дагестан Республикин Правительствон Председатель Гамидов Абдулсамад, Махачкалан куьйгалхо Мусаев Муса, регионан транспортан, энергетикин, зIенан министр Умаханов Сайгидпаша, Россин цхьамогIа субъектийн оцу кепарчу туьшийн цхьаболу векалш, юкъараллин векалша хилла хиларо. А.Гамидовс гулбеллачеран тидам тIебахийтира тахана республикехь бахархойн хьашташ кхочушдеш 420 корана лерина йолу 57 туш а, регионехь  365 корана лерина МФЦ-н къаьсттина структураш а хиларна. Республикерчу 92,4 процент бахархойн хьашташ кхочушдо цара.

Туьшахь гIуллакх деш ву лаккхарчу корматаллин 40 говзанча – хIора корана лерина цхьацца.

 

Школина – хаза гIишло

НЕСАРЕГIалахь чекхдаьккхина ткъеитт шарахь оцу Iалашонна лерина йоцчу чоьнашкахь дIатаръелла хиллачу хьалхарчу школина лерина   кхо гIат долу гIишло яр. 1989-чу шарахь дуьйна уллорчу 4-чу школин гIоьналлин чоьнашкахь доьшуш дара оцу школера 700 бер. Масех сменехь дIадахьа дезаш хуьлура дешар.

Регионан гIишлошъяран, архитектурин, ЖКХ-н министерствехь билгалдаьккхина ма-хиллара, школин керлачу гIишло чохь дерриге а хьесапе эцна: гIуллакх деш хир ю администрацин чоьнаш, актови, музыкин, спортан залаш, кхача кечбаран чоьнаш, лаборатори. Хьехархойн коллективо шен ницкъашца кечйина кабинеташ. Керла школа гIуллакх дан йолаяла декхар ду хIара бутт чекхбалале.

Ведомствехь иштта тидам тIебахийтира 2009-чу шарахь дуьйна республикехь 11,5 эзар меттигна лерина йолу дешаран 56 объект йина хиларна. Царна кхин а пхи эзар меттиг тIекхетар ю кху шарахь керла шийтта школа йина яьллачул тIаьхьа.

 

Шаьш урхалла даран де

ЭЛИСТАГIалмакхойн Республикин кхочушдаран Iедалан органашкахь дIадаьхьира кегийрхоша шаьш-шайна урхалла даран де. Цуьнан Iалашо яра кегийрхойн юкъараллин-политикин жигаралла лакхаяккхар а, уьш регионан социально-экономикин гIуллакхаш кхочушдарна юкъаозор а.

Оцу гIуллакхан гурашкахь регионан кегийрхойн правительствон председатель Сангаджиев Эрдин, энергетикин, ЖКХ-н министран дублераца Четыров Алдарца цхьаьна коьртачу шахьаран 10-чу микрорайонехь 114 хIусамна лерина цIенош дар муха дIадоьду хьаьжира. Аварийни хIусамашкахь бехаш болу бахархой дIакхалхорна лерина ду и цIа.

Кегийрхойн правительство гIоьналлин орган ларалуш ю регионан правительствехь, юкъараллин дIадолорашна тIехь гIуллакх а до.

 

Хьехаран кепаш хийцар лоьху

ВЛАДИКАВКАЗ. Берашка хIирийн мотт парггIат бийцийтархьама оьшу иза школехь хьехаран кепаш хийцар. Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран институтана а, хIирийн мотт толлуш болчарна а хьалха иштта декхар хIоттийна регионан дешаран, Iилманан министран декхарш кхочушдеш йолчу Салбиева Зитас.

Къилбаседа ХIирийчоьнан Куьйгалхо волчохь гIуллакх дечу хIирийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а комиссин векалшца цхьаьна ведомствон белхахой кхаа дийнахь  шахьаран  школашкахь хIирийн маттехула а, литературехула а хиллачу схьайиллинчу урокашкахь хилла хиларан жамI дара иза. Комиссин векалша билгалдоккхура хIирийн мотт Iалашбархьама, кхиорхьама тахана школашкахь тоъалчу барамехь учебникаш а, оьшуш болу бух а хилар. Амма берашка хIирийн мотт парггIат бийцийтархьама оьшу хьехаран кепаш хийцар, тоьллачу хьахархойн зеделларг ерриге а школашкахь даржор.

 

Мичахь бу похIма дерш?

СТАВРОПОЛЬ. ХIокху деношкахь гIалин администрацин культурин а, кегийрхойн политикин а комитетаца цхьаьна Паркуран «Оффбитс» туьшо дIадолор ду похIма долу муьлхха а тайпа хелхар дийраш, вокалисташ, воркаутерш, трейсерш, фрираннарерш, диджейш, бозбуанчаш, дизайнерш, ма-дарра аьлча, йоккхачу сценина шайн похIма ду аьлла хеташ берш схьакъастор. Юьхьанцарчу регистрацех чекхваьлла цхьа бIе гергга стаг.

Проектан куьйгалхочо Работенко Валентина дийцарехь, оцу гIуллакхан (кастинган) коьрта Iалашо ю тIейогIучу хенахь гIаланашкахь, крайшкахь, федеральни тIегIанехь дIахьон йолчу шоу-программашкахь дакъалацарна похIма долу керла дакъалацархой билгалбахар а, схьакъастор а.

 

«Къоначу законодателан школа»

НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхаройн Республикин пачхьенан №4 йолчу гимназехь схьайиллина «Къоначу законодателан школа». Цуьнан коьрта Iалашо лору бакъонан пачхьалкх кхолларан принципаш шуьйра йовзийтар а, законаш кхолларан балхахь дакъалацарца кегийрхой пачхьалкхана урхалла дарна юкъаозор а.

Школа схьайиллина регионан парламентехь дешарехула а, Iилманехула а йолчу кегийрхойн палатин комиссин а, КБР-н кегийрхойн туьшан а, ткъа иштта СКФО-хь «Керла адамаш» проектан координаторан Суркова Екатеринин а дIадолорца. Иза гIуллакх дан йолаяларца республикин муниципальни цхьаьнакхетараллийн векалшна йовзийтира законаш кхолларан коьрта принципаш.

Къоначу законодателан школа чекхъяьккхинчунна сертификат лур ду.

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 №28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: