Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикер Жамалдаев Шаид а, Парламентан депутат Оздамиров Iусман а цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан дешаран 1-чу корпусехь республикин лаккхарчу дешаран заведенийн студенташца.
Цхьаьнакхетарехь дийцира Нохчийн Республикин Конституци тIеэцна 13-гIа шо тIекхочуш хиларх а, Конституцис вайн мехкан а, къоман а дахарехь дIалоцуш йолчу меттигах лаьцна а.
– Шуна дагадогIуш хир дац 2003-чу шеран 23-гIа март. Иза вайн къоман а, мехкан а керлачу историн хьалхара де ду. Цу дийнахь вайн халкъо тIеэцна шен мехкан керла Конституци. Тахана и Конституци вайн мехкан Паспорт хилла дIахIоьттина, – элира Жамалдаев Шаида.
Цунна хетарехь, нохчийн халкъе шен мехкан Конституци тIе ца эцийтархьама, вайна хууш а, ца хууш а дуккха а дуьхьалонаш йина.
– Цу дийнахь вай вешан Паспорт тIеэцна ца хиллехь, тахана вай кху чохь Iаш хир дацара, кху чохь Iен меттиг а хир яцара вайна. Бан болх а, бийца мотт а, дола дан Мохк а хир бацара. Делан къинхетам хьалха а баьлла, вайн республикин хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжах (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) бахьана а хIоьттина, нохчийн халкъо тIеийцира Конституци, – бохуш, хилларш дагалоьцура Ш.Жамалдаевс.
Оздамиров Iусмана дийцарехь, нохчийн халкъо 2003-чу шарахь Конституци тIеэцарца шена Россин къаьмнашца бертахь даха лаьа аьлла ца Iаш, шена шен мохк а, шен къоман пачхьалкхалла а еза аьлла, чIагIдина.
– 2003-чу шеран 23-чу мартехь нохчийн халкъо кхачам боллуш жоп делла дуккха а хаттаршна: Россин халкъашца бертахь даха лаар, нохчийн халкъана пачхьалкхалла езар, иштта кхидIа а. Цхьаболчара хатта тарло, «Кхин хIун делла вайна оцу Конституцис?» – аьлла. И Конституци бахьана долуш вайн махкахь машар бу, вайн халкъан мотт пачхьалкхан мотт бу, бусалба дин лелон вай маьрша ду, иштта маьрша ду вай вайн халкъан ламасташ а, культура а кхион. Цул сов, вайн байракх ю, герб ю, Шатлакхан илли (гимн) а ду. Кхин хIун оьшу вайна?, – дерзийра шен къамел I.Оздамировс.
Цуьнан къамеле ладоьгIуш Iийначу Жамалдаев Шаида элира:
– Iусмана кхетош дийцира вайн халкъан маршонах лаьцна. Вайн дайша и маршо къуьйсуш бIеннаш шерашкахь тIемаш бина. И маршо яккха аьлла вайга весет а дина. Тахана вай оцу маьршоне кхаьчна. Вай яьккхина и маршо. Вайга дина хилла долу весет кхочушдина девлла вай. ХIинца вай вешан мохк а, халкъ а кхиош, даха декхарийлахь ду, – элира цо.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь къамел хилира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжах лаьцна. Хьешаша студенташна йовзийтира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн халкъан исторехь йитина лар.
– Ирча зама яра иза… Ичкери, «вилаят Нохчийчоь», бохуш, нохчийн махкана цхьа тамашийна цIерш а техкина, шайн бийца бух а боцуш, цхьа нах лела буьйлабелча. Церан питанаш бахьанехь, Нохчийчохь итт шара чохь шозза тIом белира. Царех цхьа а нохчийн махках а, нохчийн къомах а доглозуш вацар аьлла, дуй баа йиш а ю вайн. Цу муьрехь гучувелира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Гучувелира аьлча а, гIаьттира-кх… «Ас лур ду сайн къомах жоп» – олуш гIаьттира-кх. Дала Ахьмад-Хьаьжах бахьана а деш, къинхетам ма бира вайх. Вайн къам цунах тийшира, цунна тIаьхьа а хIоьттира. Цунах Россин Президент Путин Владимир а тийшира, – бохура Ш.Жамалдаевс.
Студенташа дуккха а хаттарш дира хьешашка. Дукхах болчарна хаа лаьара, нохчийн халкъо Конституци тIелацарехь дакъа муха лецира.
– Кхаж таса бакъо мел йолчо бохург санна дакъалецира цу дийнахь референдумехь. Кхерам ма бара, махкахь машар а ма бацара. ХIетте а, халкъо тIеэийцира Конституци. ХIан-хIа, вай тIамах кхерадалар дацара иза. Вай тIамах Iабар дара. Вай Ахьмад-Хьаьжах тешар дара, – дерзийра Жамалдаев Шаида цхьаьнакхетар.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: студенташца цхьаьнакхетар
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо