Бакъонашларъярхоша шайн хазна юкъа юьллур ю

махкахь хинболу харжамаш кхиамца дIабахьарна

ХIора дийно гергакхачадо вай кху шеран сентябрехь Россин Пачхьалкхан Думе депутаташ хоржун болчу денна. ХIинццехь дуьйна цунна кечамбар дIадолийна мехкан харжамийн комиссешкахь, политически партеша, юкъараллин организацеша. Мехкан дахарехь Iаламат мехалчу оцу гIуллакхана юьстах латта дагахь бац адамийн бакъонаш ларъяран атта доцу дукъ шайна тIелаьцнарш а.

Цунна къеггина тоьшалла хилира дукха хан йоццуш  вайн мехкан коьртачу шахьарахь Россехь адамийн бакъонаш ларъяран Векал волчохь дIаяьхьна семинар-кхеташо. Векала Памфилова Аллас цуьнан декъашхошка дийхира Пачхьалкхан Думе харжамаш дIабахьарна кечамбечу муьрехь бакъонаш талхор хиллачу меттигех лаьцна болу хаамаш цига бан политически берриге а ницкъийн таро хинйолу шатайпана бакъонаш ларъяран МЧС, аьлча а, харжамийн компани дIахьочу муьрана оперативни штаб кхоллар. Цунна хетарехь, цо таро хуьлуьйтур ю адамийн аьрзнашца беш болу болх дикка жигарабаккха, гучудаьхна кхачамбацарш сихха дIадаха.

Мехкан адамийн бакъонаш ларъяран Векала иштта хаам бира шен аппаратехь оцу кепара йолу оперативни штаб герггарчу хенахь кхуллуш хиларан хьокъехь. ГIуллакх деш хир ю иштта шех олуш йолу «йовха лини». Цигахь гулбийр бу харжамаш дIабахьарехь сихха къасто дезаш хьалха хIуьттучу гIуллакхех лаьцна болу хаамаш. Цуьнан коьрта Iалашо ю хила тарлуш долу талхораш шен хеннахь гучудаьхна ца Iаш, уьш сихха дIадахар Iедалан органашка деха.

Ведомствон пресс-службо бечу хаамца, даггара къобалдеш тIеэцна уьш кхоллар Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала а, цуьнан аппарато а. Оццу хенахь Нухажиев Нурдис билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь харжамаш дIабахьарна даима а Iедалан меттигерчу органашкахь боккха тидам тIебохуьйтуш хилар. Вайн регионехь федеральни а, меттигерчу а маьIнин харжамаш дIахьочу хенахь харжамхойн бакъонаш ларъярна тIехь терго латторан доккха зеделларг IаIийна Нохчийчоьнан бакъонаш ларъярхойн юкъараллехь.

– 2003-чу шарахь дуьйна регионан бакъонаш ларъярхойн юкъаралло жигара дакъалоцу вайн республикехь дIабаьхьначу берриге а харжамашкахь, – хаам бира нохчийн Векала, – хуьлда уьш Россин Пачхьалкхан Думе, Нохчийн Республикин Парламенте депутаташ, президент, шаьш урхалла даран меттигера органаш хоржуш дIахьош болу харжамаш. Тхуна дика го Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана мел доккхачу маьIне лору уьш, регионан харжамийн комиссина, харжамийн компанеш дIаяхьарна тIехь терго латтош йолчу юкъараллин а, бакъонашларъярхойн организацийн гIуллакхашна цо мел боккха тидам тIебохуьйту.

Нухажиев Нурди тешна ву Россин Пачхьалкхан Думе хинболчу харжамашкахь а шайн хьакъ доллу дош ала, лаккхара жигаралла гайта вайн харжамхой кийча хиларх. Цунна тIехьажийна республикехь харжамхойн бакъонаш буьззинчу барамехь  ларъяйта дерриге а хьелаш кхоьллина хирг хиларх шеко йолуш вац иза.

Харжамхошка шайн бакъонаш кхочушъяйтарна тIехь бакъонаш ларъяран юкъаралло муха терго латто еза а дийцира нохчийн Векала. Цунна хетарехь, бакъонашларъярхойн уггаре а коьрта декхар ду харжа а, хаьржина хила а йолчу бакъонах гражданашка пайдаэцийтарна буьззинчу барамехь кхачояр. Оцу Iалашонца харжамийн хIора компани дIайолалучу муьрехь Векалан аппаратехь вовшахтуху аппаратан белхахойх а, Юкъараллин палатин, вайн республикехь гIуллакх деш йолчу правительственни йоцчу организацийн векалех а лаьтташ йолу харжамашна кечамбар а, уьш дIабахьар а шайн тидамна кIел  хIоттийна  йолу мобильни тоба. Ткъа кхаж тосучу дийнахь хIора харажаман участкана тIечIагIво царах жоьпалле волу цхьаъ. Цо шен рогIехь терго латтор ю кхажтасар дIахьочу дийнахь харжамхойн бакъонаш ларъярна тIехь.

Кхин цхьаъ ду тидам тIебохуьйтуш. Харжамаш дIахьочу дийнахь царах лаьцна болу берриге а хаамаш Векалан аппарате дIахьовсабо. Уьш, цхьаьнатухуш, кечбинчул тIаьхьа харжамаш дIабахаран дуьззина сурт хIоттош, ерриге а агIонаш чулоцуш йолу справка кечйо Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна.

Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала мехала лору харжамаш дIабахьаран процессехь бакъонаш ларъяран пачхьалкхан системин а, вайн юкъараллин тергамхойн а дакъалаца  йиш хилар. Цо таро хуьлуьйту харжамаш дIабахьаран ерриге а агIонаш ма-ярра гайта, цуьнан жамIаш шеконе хIитторна дуьхьало ян, сацам боллуш некъ боьхку хьарамлонаш лелорна. Цундела къобалдеш тIеийцира нохчийн Векала мехкан адамийн бакъонаш ларъяран Векал волчохь харжамаш дIабахьаран муьрана оперативни штаб кхолларан хьокъехь болу сацам.

Оцу дерригенан а цхьа маьIна даккха догIу аьлла хета: шайна юкъахь вайн бакъонашларъярхоша хьакъ йоллу меттиг дIа а лоцуш, мехкан бакъонашларъярхоша тахханехь дIаболийна хинболу харжамаш адамийн хьашташна буьззинчу барамехь жоп луш хиларе кхачийтарна тIехьажийна беш болу болх. Даггара теша уьш шайн Iалашоне кхочург хиларх.

 

Л.АБУБАКАРОВ.

 

№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: