«Минутка» комплекс кестта схьайоьллур ю

Соьлжа-ГIалахь хIокху бIаьста схьайоьллур ю махлелоран-самукъадаккхаран «Минутка» комплекс. Цигахь тайп-тайпана туьканаш (бедарийн, кхачанан), берашна лерина а, кхачанан а, самукъадаккхаран дуккха а меттигаш хир ю. Цуьнца цхьаьна дуккха а белхан меттигаш хир ю туьшахь (ши бIе гергга).IMG_2933

   Оцу комплексан гIишло ян 2015-чу шеран апрель баттахь ян йолийна. Таханлерчу дийнахь гIишло йоьттина яьлла ю. Кхаа гIотах лаьтташ ю иза. ХIинца а дуккха белхаш бу бан безаш, (чу кираш тохар, йийбар нисъяр, кхидерг а).  Карарчу хенахь гIишлонна чу хи далош бу белхалой.

Туьшо дIалоцу ерриге а майда 10 000 квадратни метр ю. Балха юкъа озийна шовзткъа сов леррина техника. Шина сменехь болх беш 75 белхало ву.

«Минутка» комплекс Соьлжа-ГIалахь нах уггаре а дукха дIасалелачу меттигехь ю. Цундела машенашца а, гIаш а тIеваха бегIийла хьелаш ду кхолла дезаш.

Вайн республикехь уггаре а яккхийчу инвестиционни проектех цхьаъ ю «Минутка» туш.

Хь.УМАРОВА

 

№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: