Герггарчу хенахь «Кавказехь йина» аьллачу билгалонца сурсаташ хир ду туьканийн гIопасташкахь.
Иштта хаам бира Пятигорскехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь Россин Федерацин Къилбаседа Кавказехула долчу гIуллакхийн министра Кузнецов Левс.
Россин Федерацин субъектийн а, Къилбаседа Кавказазан федеральни округан (СКФО) а, агропромышленни комплекс кхиоран белхан тобанан а, ведомствошна юкъарчу аграрно-промышленни органашна гIо-накъосталла даран туьшан а кхеташо хилира.
Иза дIаяьхьира Россин Федерацин юьртан бахаман министра Ткачев Александра, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказехула долчу гIуллакхийн министра Кузнецов Левс, Россин Федерацин Президентан СКФО-хь юьззина бакъонаш йолчу векала Меликов Сергейс, иштта федеральни министерствон векалша, СКФО-н субъектийн Iедалан органийн, СКФО-н агропромышленни комплексан куьйгалхоша.
«Кавказехь юьртан бахаман экономикехь коьрта меттиг дIалоцуш хилар тхуна хууш ду. Цундела, оха коьрта тидам тIебахийтина кхачанан сурсатийн кхерамазаллина. Дуккха а проекташ ю кхочушъян лерина, цигахь инвесторша шайна бакъахьа хеттачу дакъошка хьажор ду шайн ахча», – бохура Л.Кузнецовс.
Иштта Л.Кузнецовс билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йина хилар а, дикалла а гойтуш «Кавказехь йина» аьллачу билгалонца герггарчу хенахь кхачанан сурсаташ арахецар шайн коьрта Iалашо хилар.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо