Гелдаганара шайх Висита-Хьаьжа

3

«Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  динан  некъ» цIе йолчу башхачу проектан  хьалхара мур чекхбаьлла. Цу тIехь  болх бар ши  шо хьалха дIадолийра. Хууш  ма-хиллара, Нохчийн Республикин махкахь дуккха а зиярташ ду. Дукха ханйоцуш уьш  юкъарчу  каталогна  юкъадахийтина еза, нах тIеоьху меттигаш санна хьесапе эцна. 2011-чу  шарахь дIадолийра и гIулалкх таллар а, зияртийн  леррина  каталог  яр а. И болх  бира. Делахь  а гучуделира  и каталог  хIоттийначарна дерриге а зиярташ  девзаш  цахилар. Цундела сацам хилира и гIуллакх  кIорггера   талла, оцу балхана   Iилманан  белхахой  юкъаозийна ца I аш, Нохчийчоьнан гIаланашкара а, ярташкара  а Iеламнах юкъа  а озорш.

Суна  хетарехь, нийса  хир ду тIекхуьучу тIаьхьенна  эвлаяийн  дахар, некъ, гIуллакхаш, караматаш кест-кеста  довзуьйтуш  хилча. Церан  хьокъехь  дукха  хьолахь  дуьйцуш  тайп-тайпана хабарш, легендаш хуьлу. Ткъа  Лекхахинволчо хаьржинчеран, Цо шен дика  динчеран  хьокъехь  болу  дагалецамаш барта дIасабаржош бу, цхьамма вукхуьнга  дуьйцуш,  вай   Кхоьллинчунна цIенна гIуллакх  даран дуккха а масалш  дитинчу цара шайн  дерриге а  дахарца  вайгахь  вовшашка аьхналла а  кхуллуш.

Тахана суна дийца луур ду  меттигерчу  эвлаяэх  цхьаъ  волчу  шайхах Висита-Хьаьжех. Суна цуьнан  хьокъехь дийцира  Абдул-Кадыров  Шарпуддис. Шайхан Висита-Хьаьжин  тIаьхьенех  цхьаъ ву иза. Цунна  дика  хаьа  шен  пхенашкахь  лелаш дерг хьенан  цIий  ду, дика  бевза шен орам. Тахана  Абдул-Кадыров Шарпуди  законна гIаролехь  лаьтташ а, Нохчийн  Республикин прокуроран  даржехь  а  ву.

IMG_2889

Ас сайн дийцар  дIадоладо   цIеяхханчу шайхан дахаран коьртачу хиламашна  тIера. Висита-Хьаьжа  вина Гелдаганахь  1867-чу шарахь. Цуьнан диъ шо  кхаьчча  дас  иза деша  дIавелира  Дагестанерчу  хьуьжаре. Цу хенахь цигахь  бусалба  динан  баххаш Iамадора къаьсттина  похIме  долчу  берашна. Жима  волуш, да а, нана а кхелхина, байлахь  висира  Висита. Амма оцу  зиэро   ца бохийра   бусалба  дин, цуьнан  исбаьхьалла, кIорге Iамон  болу цуьнан  лаам. МутаIеламашна  юкъахь  а  къаьсташ вара  иза  ийман  чIогIа хиларца, кIеда-мерза, гIиллакхе хиларца, лаам, амал чIогIа хиларца. Хьуьжарехь  шийтта  шарахь (1871–1883 ш.ш.) дийшира цо. Шен  ялхийтта шо кхочуш  иза кхиамца чекх а яьккхира. ХIетахь  жимачу   стагана тIехь  верасалла  деш  вара цуьнан  дешича.

Хьуьжарехь хьоьхуш хиллачу хьехархоша, Виситех  тIейогIучу   хенахь воккха Iеламстаг  хир  ву аьлла хеташ, цуьнга   дехарш дира  Дагестанехь  виссахьара бохуш. Делахь а цунна шен  Даймахка  юхаверза лиира. ЦIавеанчул  тIаьхьа а цо кхидIа а дIадаьхьира  Къуръан Iамор.

Висита-Хьаьжин  хьехамча, устаз  вара  Эвтарара Бамат-Гири-Хьаьжа  (Iовда).  Шен устазаца  ойла   йогIуш а вара иза  цуьнца  дика юкъаметтигаш  йолуш а  вара. Цуьнан заманхоша дуьйцура Бамат-Гири-Хьаьжас  шена шен  мурд везаш  хилар  лечкъа  а  ца  дора бохуш. Цо  билгалдоккхура вайн  Пайхамар (Делера  салам-маршалла  хуьлда цунна)  а санна Висита-Хьаьжа бераллехь буо висина хилар а, бер  долуш иза маликаша иймана  чохь а, динан  Iилмана чохь а лийчийна  хилар.

Висита-Хьаьжа масехазза  хьаьждан  Макка  вахана. СаIудийн  Iарави  тIаьххьара  дина  хьаьж  Бамат- Гири-Хьаьжин  тIарикъатан  Iилманна  лерина, цунна тIера  дара. Цул тIаьхьа  Висита-Хьаьжина  юьззина  бакъо  елира  бусалба дин  хьеха, шен  вирд юкъадаккха, тоба вовшахтоха.

Iеламстага  шайхас Висита-Хьаьжас,  цу  заманахь хиллачу  динан  гIуллакххошца цхьаьна  жигара дакъалецира  вайн  махкахь хуьлучу  динан  гIуллакхашкахь а, юкъараллин-политикин  дахарехь а. Шайхо  лелийна динан гIуллакхаш  бахьана  долуш цуьнан  кIант  Iабдул-Къедир, цIеяххана   волу   Iеламстаг, Гелдаган юьртан  маьждиган имам, лаьцна  дIа а  вигина, гIаларчу  набахте   воьллира. ТIаьхьа цунна тоьпаш  туьйхира бусалба динах юха ца   валарна, Делах  тешар ца дитарна, шен хьежамаш  ца хийцарна.

Висита-Хьаьжин  боккха сий-ларам бора  ша вехачу юьртахь а, ткъа иштта  кхечу  ярташкахь  а. Иза устаз  лаьцна, цуьнан  тоба дина  болчу Гелдаганарчу, Курчалойн-Эвларчу,  Эвтарарчу, Майртуьпарчу  БIачи-Юьртарчу, Цоци-Эвларчу, Гермачигарчу, ВаларгтIерчу, СемаIашкарчу, ЧуьлгIа-Юьртарчу, кхечу  ярташкарчу бахархоша. Висита-Хьаьжин ийманан, Iилманан лерам беш, цуьнан  цIе  ца  йоккхуш, Молла олура   цунах. Шайх вевзара  комаьрша дог  долу, Лекхахинволчуьнга болчу безамах дуьзна  дог  долу стаг санна. Цуьнца цхьаьна хIайбате  сибат  долуш, Iаь  хаза йолуш стаг а вара  иза. Цунна хаьара  ша кIорда а ца  войтуш, амма тешшош  хьехам  бан, дикачу  гIуллакхашна, Далла дезачу гIуллакхашна, Iамал-Iибадатна   адамаш  ир-кара   хIитто.

Билггал  бакъдолуш   хууш ду АллахIа  Висита-Хьаьжина караматаш  делла хилар. Иза чIагIдеш  долу  дуккха а тоьшаллаш ду цуьнан тIаьхьенийн. Шайхо  хьалххе  аьлла  хилла ша  маца  кхелхар ву а,  ша  лахьте мичахь  верзор  ву а. Иза кхелхина 1916-чу  шарахь. Шайх кхелхинчул  тIаьхьа   цуьнан  мурдаша  цуьнан коша  тIехь  шага тIулгах къуб а, зиярат а дира. Вайн  халкъ махках  даьккхина  Юккъерчу  Азе а,  Казахстане  а  дIадигначу  хенахь  иза  доьхнера. МеттахIоттийра  нохчий шайн махка  цIабирзича – 1957-чу  шарахь. Цул  тIаьхьа а дукхазза а тодира зиярат, цу  юкъахь  1996–1999-чуй  шерашкахь а, вайн  республикехь  тIарикъатан  некъа  тIера  дIахьовзар  хаалучу  хенахь а. Зиярат хIора  шарахь  а  тодо  шайхан  Висита-Хьаьжин  тIаьхьенаша. Тахана эвлаяан  зиярат  Гелдагана юьртахь  уггаре а  хазачех гIишло  хилла  ца  Iаш, даима  а бусалбанаш  шена тIеийзош  меттиг а  ю. Оцу  зиярате  а оьхуш  доIанаш а до, АллахIе  къинхетам бар а доьху вайн   махкахоша. Цхьадика, ваха-ван  гена доцуш, юьрта юккъехь а ду иза.

ДУРАЕВА  Хьава,

Кадыров  Ахьмад-Хьаьжин  цIарахчу  Сийлаллин Мемориальни  комплексан  Iилманан белхахо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: