Агропромышленни комплексан белхаш бовзийтира

Дукха хан йоццуш, «Грозный» радион «Парламентский час» программехь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Нутаев Хьусайна.

Шен къамелехь депутата довзийтира агропромышленни комплексаца, экологица, промышленностаца, транспортаца зIенашца долу хьал а, иштта оцу декъехь тIеэцна керла законаш а.

– Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикин Парламентан болх Нохчийчоьнан законодательни буха тIехь лаьтташ бу, и кхиорна тIехьажийна ду федеральни законодательствон дерриге а гIуллакхаш. Вайна хууш ма-хиллара, Россин Федерацин а, цуьнца цхьаьна Нохчийн Республикин а законодательство кест-кеста хийцалуш догIу. Цундела, вайна тахана го республикехь энергетикин а, промышленностан а, некъан боламан а хьокъехь йолчу законодательствехь хуьлуш болу хийцамаш. Иштта, герггарчу хенахь Россин Федерацехь энергетикин декъехь керла закон ду тIеоьцур долуш. Хала бохкучу доьзалша пайдаоьцучу электроэнергих мах баккхар социальни хуьйцуш ду и закон. Ишттачу доьзалера хIора а стагана электроэнергих пайдаэцарна чIагIбина мах хIоттор бу. (И закон хIокху, 2016-чу шеран 1-чу апрелехь бакъоне доьрзур ду), – дийцира цо.

Нохчийн Республикин агропромышленни комплекс даьхнилелорехь а, ораматашлелорехь а яккхий гIулчаш йохуш ю. Цуьнца цхьаьна экологин цIена сурсаташ дахар а лакхарчу тIегIанехь ду. (Бакъду, жалелор, говрашлелор жимма лахделла догIу. И проблема ведомствошна юкъарчу комиссехь йийцаре йина, герггарчу хенахь дIаяккха лерина).

Иштта, депутата дийцира шайна тIе бахархой дукха хьолахь хIун гIуллакхаш дохьуш богIу а, царах хьанна кхачам боллуш гIо-накъосталла до а.

Хь.БАХТАЕВА 

№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: