Шемахь машар баран, герзаш деттар сацоран хьокъехь болчу бартана тIе а тайна, герзаш охьадехкина оппозицин 42 тобано.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна тIелатар чIагIдина Iедалан эскарша. Террористашкара схьайохуш ю керл-керла ярташ, чIагIонаш. ТIаьхьарчу масех дийнахь Пальмира шахьарна уллора масех юрт схьаяьккхина террористашкара.
***
Шемарчу бахархошна гуманитарни гIо дар тIеттIа шордеш ю ООН. ТIаьхьарчу шина-кхаа дийнахь кхачанан сурсаташца гIо дина 60 эзар сов стагана.
***
США-с а, Къилба Корейс а цхьаьна дIахьош долчу тIеман Iаморех цадашаран кеп хIоттош ши ракета кхоьссина Къилбаседа Корейхь.
***
Iамаркан 10 эзар салти а, эпсар а юкъахь волу спецназ ю карарчу хенахь 80 пачхьалкхехь дIатарйина.
***
Израилан Премьер-министра Б.Нитаньяхус дIахьедина 17-чу мартехь ша США-н Президентаца Б.Обамица цхьаьнакхета реза цахилар. Бахьана довзуьйтуш дац.
***
НАТО-с дикка алсамдаьхна Эгейски хIорда тIехь долу шен тIеман кеманаш. Мигранташ оцу хIордачухула Европин мехкашка ца кхачийта дина гIуллакх ду боху иза.
***
Россин Президент В.Путин Москвахь цхьаьнакхийтира Эрмалойчоьнан Президентаца С.Саргсянца. Цара дийцира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь.
***
В.Путинан телефонехула къамел хилира Желтойчоьнан Премьер-министраца С.Ципрасца. Цара дийцаре дира энергетикан декъехь цхьаьна болх баран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин могашаллаIалашъяран министерствос бечу хаамашца карарчу хенахь вайн махкахоша пайдаоьцуш долчу молханех 80 процент дерш Россехь арахоьцуш ду.
***
Февраль баттахь Россин дуьненаюкъара валютин тIаьхьало 2,4 процентана алсамъяьлла.
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо