2016-чу шеран 10-чу мартехь, Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Дуьненаюкъарчу «Вайн Сийлахьчу Толаман Седа» проектан белхан тобанан кхеташо хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Хь.Хакимовс, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Д.Умаровс, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра М.Тагиевс, культурин министра Х.-Б.Дааевс, кхийолчу министерствийн а, ведомствийн а векалша.
Дийцаре дира «Вайн Сийлахьчу Толаман Седа» проектан дакъалацархой республике бахкарх лаьцна. И гIуллакх лерина ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 71 шо кхачарна. Цу дийнахь вайн республикехула автомобилийн марш ян, иштта дуккха а кхидолу гIуллакхаш дан лерина.
Д.Умаровс шен къамелехь билгалдаьккхира, ша куьйгалла деш йолу министерство цу декъехь массо а тайпана гIо-накъосталла дан кийча хилар а, иштта шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша и гIуллакх нахана гойтург, довзуьйтург хилар а.
Проектан билгало ю Толаман байракх (200 кв.м. йолуш). Проектан дакъалацархоша шаьш кхаьчначу хIора гIалахь оцу байракхан цхьацца копи юьтур ю.
Хь.БЕРТОВА
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо