«Марш Мира» акцин дакъалацархой – Нохчийчохь

Дукха хан йоццуш Нохчийн Республике баьхкира А.-Хь.Кадыровн сийнна леринчу «Марш Мира» акцин делегаташ. Делегацина коьртехь вара Россин мигрантийн Федерацин президент, «Марш Мира» Москвара Иерусалиме кхаччалц» проектан вовшахтохаран комитетан председатель Маджумдер Мухьаммад Амин. Акцин дакъалацархошна Нохчийчу богIуш гIо-накъосталла дира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама.IMG_8427Дуьненан 47 пачхьалкхера юкъараллин организацеша кхайкхам бина «Антитеррористически шуьйра коалицин вовшахтохаран бух бу халкъан дипломати» аьлла. Дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарехь Россин политикин гIолацарна лерина ю «Марш Мира».

(Делегацина юкъахь 27 стаг вара).

Уггаре а хьалха Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексеяхара делегаци. Цигахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Д.Умаровс а, делегаташа а А.-Хь.Кадыровн мемориалана хьалха зезагаш дехкира. Цул тIаьхьа музейхула леррина эксукурси йира хьешаша.

Цигара бевлча, делегаташ Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждиге бахара. Цуьнан хазаллех шайн баккхийбер ца лечкъадора хьешаша.

– Дуьнен чохь дуккха а маьждигаш гина тхуна, бакъду, арахь а, чохь а иштта хазий, цIений цхьа а ца хетта, – элира царах цхьамма.

Цигара А.-Хь.Кадыров ваьхначу Курчалойн районерчу Хоси-Юьрта бахара делегаташ. Уьш тIеийцира Къилбаседа Кавказан а, Нохчийн Республикин а Iеламнехан Кхеташонан председатела Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас. Уьш  цхьаьна А.-Хь.Кадыровн коша тIе бахара, цигахь доIа дира.

– Тхо «Марш Мира» шолгIачу акцин декъашхой ду, тхайн болх Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина оха. Массарна ма-хаарра, республикехь машар хилийтаран дуьхьа шен са дIаделла цо. Тхо дагахь ду хIара марш Иерусалимерчу «Аль-Акса» маьждигехь ерзо, – элира Маджумдер Мухьаммад Амина. Акцин дакъалацархошца цхьаьна доIа а дира, АллахIе Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда Цунна) умматах къинхетам бар доьхуш.

– Ас а доьхур ду шун некъ маьрша хилийтар а, шун нийят, цIена ойланаш къобал хилийтар. Вай, бусалба наха, уггаре а хьалха къобалъян а, дIакхехьа а еза «Марш Мира», хIунда аьлча, вайн дин – машаран дин ду. Дала мукъ лахь, оха тхайн доIанаш юккъе лоцур ду шу, аш «Аль-Акса» маьждиге дIаькхаьчча шайн доIана юккъе тхо а лацалаш, – элира Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас.

Малхбуза ламаз АргунерчуКадырова Айманин цIарахчу «Ненан дог» маьждигехь дира «Марш Мира» акцин делегаташа. Цуьнан архитектура чIогIа тайра хьешашна.

Дагадоуьйту, А.-Хь.Кадыровн сийнна лерина «Марш Мира»5-чу мартехь Москвахь дIайолийна хилар (Иштта и проект йолийна 7 пачхьалкхехь, 24 гIалахь). Акци вовшахтоьхна цхьаннах а йозуш йоцучу «Бусалбанийн цхьаьнакхетта уммат» организацис.

Хь.АВХАДОВА

№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: