Кху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар коьртехь а волуш, дIаяьхьначу министрийн кхеташонехь регионан Iер-дахаран тайп-тайпана дакъош кхиорна леринчу 21 сацаман проектах 20 проект, къобал а йина, тIеэцна.
Къобалйиначарна юкъахь ю регионехь спорт кхиоран пачхьалкхан программина юкъа хийцамаш балоран Iалашонца Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министерствос хIоттийна йолу проект. Керлачу хийцамашкахь билгалдоккхуш ду оцу программин Iалашо республикин бахархошна хаддаза спортаца а, физически культурица а гергарло лелон таро хинйолу хьелаш кхоллар, вайн спортсменийн ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а турнирашкахь кхиамаш бахаран таронаш лакхаяхар, республикехь кхиамца даккхий къийсадаларш вовшахтохар хилар.
«Программа кхочушъярца сатуьйсуш долу коьрта жамI ду – физически культура а, спорт а гуттар кхуьуш хилар (иза гуш хир ду спортехь болу гайтамаш лакхабовларца а, хийцамийн дика маххадорца а)» – яздина тIеэцначу кехата тIехь.
Иштта, правительствехь дIаяьхьначу кхеташонехь тIечIагIйира регионан бахархошна транспортаца кхачояран Комплексни план. Йоццачу хенахь а, еххачу хенахь а кхочушдан лерина гIуллакхаш ду цу юкъахь. Проектехь билгалдаьхна гIуллакхаш кхочушдаро гIалина юххерчу ярташка, куьпашка нах дIасабахаран дикалла а, эвсаралла а лакхайоккхур ю.
Цул сов, правительствон декъашхоша тIеэцна республикехь пачхьалкхан жамIашдаран аттестаци (ГИА) дIаяхьаран хьокъехь болу сацам. Масала, оцу проектехь билгалдаьхна ду республикин министерствоша а, шаьш шайна урхалла даран меттигерчу органаша а дешаран, Iилманан министерствона пачхьалкхан жамIашдаран аттестаци дIаяхьарехь а, цунна кечамбарехь а гIо-накъосталла дарехь магийна а, тIедехкина а долу гIуллакхаш.
Лакхахь билгал ма-даккхара, кхеташонехь министраша йийцаре йинарг ерриге а 21 проект яра, царех 20 тIеэцна, цхьаъ тоян езаш хиларна, юхаерзийна.
А.ВАХАЕВА
№28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо