«Вайн махкахь а тоьллачу куьйгалхойх цхьаъ ву»

Иштта мах хадийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан ГIезалойчоьнан Президента Минниханов Рустама14 

                ГIезалойчоьнан Президент Р.Минниханов тешна ву Кадыров Рамзана кхидIа а Нохчийчоьнна куьйгалла дан дезаш хиларх. «Иза балхара дIавалар боккха эшам бу Нохчийчоьнна а, ткъа иштта ерриге а Россина а. Ас телефон а тоьхна, аьлла цуьнга: «Ахь кхидIа а болх бан беза», – элира журналистийн хаттаршна жоьпаш луш Р.Миннихановс.

   ГIезалойчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, цунна хьалха дуьйна а хууш дара Кадыров Рамзан «шен даржах тасавелла Iаш воций, шен халкъан а, республикин а дуьхьа» балхара дIаваха кийча вуй. «Амма иза шен республика кхиоран хьокъехь ойла еш, гIайгIа беш ву. Со бIе процентана тешна ву цо иза цIенчу даггара бохуш хиларх», – бохура ГIезалойчоьнан Президента.

Минниханов Рустама иштта тидам тIебахийтира Кадыров Рамзан доккха похIма долуш, нуьцкъала, хьуьнаре куьйгалхо хиларна а, шен башхалла йолчу регионна куьйгалла деш иза хиларна а. «Вайн махкахь уггаре а хьуьнаречу куьйгалхойх цхьаъ ву иза. Со шозза хилла Нохчийчохь. Сайн бIаьргашна гина цо кегарийнах республика йина дIахIоттийна хилар. Хьуьнаречу стаге бен далур дацара иза. Бакъонца тхьамда ву иза. Цунна аьттехьа а вогIуш вац цхьа а», – чIагIдо цо.

ГIезалойчоьнан Президентана хетарехь, Кадыров Рамзан бIаьрла, массара а боккха сий-ларам беш, оьзда, гIиллакхе, ийманехь стаг ву. Амма, цо  дийцарехь, цхьа кхачамбацар ду цуьнгахь: шена дагадеъанарг дIаолуш ву иза.

Дагадаийта лаьа, кху шеран 27-чу февралехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана регионан куьйгалхочун даржехь ша йоккху хан чекхйолуш хиларан а, оцу дарже Iедало кхин стаг лаха везаш хиларан а хьокъехь дIахьедар дина хилар. «Ма-дарра аьлча, со гIуллакхаш деш ву, тахханалц сан цу тIехь аьтто а хуьлура. ХIинца, сан цIарах сайн халкъана дуьхьал пайда ца эцийта, суна хетарехь, пачхьалкхан куьйгалло кхин стаг лаха веза. Сан хан чекхъяьлла боху ас. Вайн командехь дуккха а бу оцу даржехь хила хьакъ болу дика говзанчаш», – элира Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун даржехь Кадыров Рамзан волу 5 шо кхочу хIокху шеран 5-чу апрелехь. Иза оцу даржехь чIагIвинера 2011-чу шарахь. Республикин рогIера куьйгалхо регионан бахархоша харжар дIахьур ду кхаж тасаран цхьааллин дийнахь. Нохчийчоьнан Куьйгалхочун дарже кандидаташ хьалхататтар дIадахьа дезаш ду политикин партеша. Цу хьокъехь болу хийцамаш республикин Конституцехь бина 2012-чу шарахь.

Кадыров Рамзана шегара дарж охьадиллинчу дийнахь дуьйна, керла хьаьржина куьйгалхо шен даржехь чIагIваллац йолчу хенахь, республикина урхалла дийр ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдеш волчо. Ткъа иза Россин Федерацин Президента шен Указаца хIоттон везаш ву.

Д.АНАДЕВ

 №28, шот, бекарг (март) беттан 12-гIа де, 2016 шо            

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: