Езаш тIеийцира хьехархо

нук

Гуьмсан районерчу Ойсхаран №2 йолчу юкъарадешаран школехь шолгIа шо ду Мухтарова Залха Курбановна хьехархочун болх беш йолу. ХIокху школин директора Албасова Натальин лехамца кхечира иза Нохчийчуьрчу школе. Говзаллехула химик, биолог йолу хьехархо санна езаш тIеэцна ца Iийра иза ойсхархой. Хууш ма-хиллара, муьлххачу а юкъараллехь тIевеанарг дика гуш  хуьлу, мелла а мах хадочу хьежамца хьовсу бухарниш цуьнга. Ткъа Залха Курбановна корматаллин агIор баккха бехк боцуш хиларал сов, духарца, леларца, цIенна бусалба зудчуьнгахь товш долчу гIиллакхашца дикаллин  езаелира юьртахошна.

Иза йина, кхиъна Къилба Дагестанан Рутульски районерчу Лучекехь. Дагестанан иттаннашкахь долчу кегийчу къаьмнех верриге а 3 эзар стаг бен воцучу къомах, рутулка ю иза. Рутулан Къурбин а, азербайджанкин Чичекан а боккхачу доьзалехь (12 бер ду церан) шолгIаниг ю Залха.

Бераллехь хьехархочун болх безаш а, я деша лууш а яцара йоI, амма цхьана хиламо хийцира кхуьнан дахар. Школин юьхьанцара классаш чекхъевлча, кхеран хьехархочо Умай Замановнас,  школе кхайкхира Залхин нана. Дешарца массарал а тIаьхьаюьсуш йолу йоI шолгIачу шарна ца йитича ца йолу ша элира цо нене. «Суна дика дагайогIу сайн ненан вас хилла юьхь а, цуьнан юьхьIаьржа хIоттарна хих буьзна бIаьргаш а, – дуьйцу Залхас. – Муха мегар дара оццул сайн нана холчу хIотто? Дохкояларан доза дацара сан. Сайн хьехархочун куьг лаьцна, ас дехар дира цуьнга: «Умай Замановна, хьалаяккхахь со лакхарчу классе. Ас дош ло хьуна дика деша. Сох хьехархо хир ю хьуна». Дика дагадогIу суна сайн хьехархочун ца теша-аш елааьшна хьажар. Амма хьала-м яьккхира цо со».

Ала деза, алссам бераш долчу ден-ненан доьзалехь дан дезарг кIезиг ца кхочура йоIана. Амма деша хан карайора. 4-чу классехь хьалхара ахшо дIадаьлча юьртан клубехь вовшахтоьхнера юьртахойн гулам. Кхузахь массарна а хьалха тIехдика дешарна дуьххьарлера грамота Залхина елира. «Дуьххьарлера грамота схьаэцна суо юьстаха йолуш, сайн нана тергалйира ас, – дагалоьцу Залхас, – цуьнан бIаьргаш хих дуьзна дара, бакъду хIинца уьш кхин  бІаьрхиш дара. Сан ойла чIагIъелира, иштта сайн нана йоккхайоьйтур ю-кх ас сайх аьлла. Ткъа клубан йоккхачу зала чохь хевшина Iаш болчу юьртахоша вовшашка: «Хьажахь, 3 класс бен чекхъяьккхина йоцучу Чичекан йоIа мел дика доьшу», – бохуш а хезира суна. ХIинца сан цаьрца а яхь яра».

Залхин дийцаро гойту, адаме шен лаам болу хIума далуш хилар. Цул тIаьхьа Залхех школин сийлаллин дешархо хилира, ткъа доьзалехь хIетте а, цуьнгара дешарна а, низамна а тIехь масал оьцура тIекхуьучу йиша-вашас.

DSC04879

Лакхарчу классашкахь республикин коьртачу шахьарахь Махачкалахь дIахьочу школин предметийн  химин, биологин олимпиадашкахь дакъалоцура Залхас. Толам боцуш юхаерза йиш яцара цуьнан. Кхеран химин хьехархо вара башха амал а, иштта хаарш а долу Iийса Алиевич. Иза юьхьIаьржа хIотто янне а йиш яцара, ткъа цул сов, школехь хьовха, юьртахь а хаара Залха хьехархо хир йолуш юйла, и бахьана долуш «Къоначу хьехархочун школехь» доьшуш а яра иза.

«Iийса Алиевич башха хьехархо хилла Iаш вацара, – дагалоьцу Залхас, – иза иштта дика адам а дара. Цхьа адам кхечарах къастош йолу башхалла яра цуьнгахь. Ас эр дац иза тІера хазалла яра аьлла а, тІехулара  башха куц  долуш а  вацара иза, ког бацара цуьнан, протез лелош  вара, иза  чухулп  хазалла йолуш  стаг вара. Класса чухула иза чекхволуш, цуьнан дечиган коган цIийзар а эшаран мукъам санна хетара суна, иштта ларам бара сан а, тхан массеран а цуьнга. Цхьа даггара Iамадора цо тхо, берашна дика кхета шайца даггара я дегаза хилча, цундела цуьнан дегІан  хІоттаман эшам дага а ца богIура тхуна, ур-аттал цІа  «заьIапхо» хилар дага а ца  дог1ура  тхуна. Классан у тIехь кег-кегийра йоза яздеш Iедал дара цуьнан. Урок йолаелла 5 минот ялале иза йозанах, формулех хьаладузура цо. Сан ойла хуьлура, иштта сайн предмет а, дешархой а дукхабезаш хьехархо хила лур юй-те со, олий».

Шен хьехархойн дика амалш схьаэцна, царах ша Iемина хиларх йоккхаеш дуьйцу Залхас. «Биологи хьоьхуш яра тхуна Райханат бохуш кхин цхьа хьехархо а,– елакъажарца дагалоьцу цо, –  урокан тема цо  юьйцуш, куьг дIакховдийча тIекхочур волуш, цо мел дуьйцург хьан бIаьргашна хьалха ду моьттур дара. Цул сов, медйишин хаарш долуш а яра иза. Сих-сиха юьртарчу зударийн бераш схьаэца юьгура иза. Райханатан ший а говзалла а, иза ша а хазахетара суна. И санна биолог хилла ца Iийра со а, медйиша а ю со».

1978-чу шарахь дика дешарца школа чекхъяьккхина Залха  деша яхара Дагестанан пачхьалкхан хьехархойн институтан биохимин факультете. Иштта дика дешарца чекхъяьккхира институт а. Амма ша дешначу школе юхаеана, шен хиллачу  хьехархойн белхан накъост санна, цаьрца болх бан ца ларийра йоI. Цунах Унцукульски районерчу Эрганай юьртахойн нус хилира. 1983-чу шарахь дуьйна 17 шарахь шен доьзалан деца ехира Залха, оццул шераш дIаделира цо кху юьртарчу школина а. Кхиийра ши кIант, ши йоI. Ши йоI а, воккхахволу кIант а шайн доьзалш болуш вехаш ву хIинца. Жимахверг школа чекхъяьккхина доьшуш ву политехникин институтехь. Доьзалан да кхалхарца доьзна цомгуш хилира Залха. Цхьана шарахь собар а дина, шайн йиша шаьш тIекхочехь а, шайн тергонехь а хилийта, 2001-чу шарахь йиша-вашас шаьш долчу Кизлярски районе дехьаяьккхира хIара. Жимма

метта еанчул тIаьхьа, луларчу Ефимовски бархIшеран школехь юха а хьехархочун болх бан йолаелира. «Хьехархо хилар иза корматалла я говзалла хилар ма дац, иза диагноз ю, – боху Залхас, – хьехархо ца мега безачу балхах а, берех а хаьдча». 4 шарахь цигахь болх биначул тIаьхьа оццу районерчу Красновосходски школе, шен йиша-ваша дехачу юьрта сехьаелира. 2012-гІа шо кхаччалц химикан, биологан, экологан хьехархочун болх бира цигахь. «Нохчийчохь дІабахана хиламаш бевзаш бара, – дагалоьцу Залхас, – хууш ма-хиллара, ишттачу меттехь эшам халкъана хуьлу. Ткъа хи диллича санна кхуьучу  берийн хан сиха дIайолу, дешарца, Iилманца тIаьхьабуьсу уьш. Суна лиира нохчийн халкъан меттахIоттарехь сайга далун гIо дан, хиира химин хьехархой кхузахь тоьаш цахилар а. Наталья Дамировна йовзаро а гIо дира и гIуллакх тIаьхьа-хьалха даккха. Къона а яц, я дIогара могаш а яц нехан махка яха йиша-вашас а, бераша а боххушехь, ас ден гIуллакх алссам оьшучохь жимма а болх бан хьожур ю со аьлла, еара со.

Ала деза, школин коллективо а, берийн дай-наноша а дерриг а дахарехь шаьш соьга хьоьжуш даьхча санна, дика тIеийцира со. Цхьа шо даьлча а, суна цIа ян ца лиъча, даьхкина сан бераш, гергарнаш, сан Iер-дахар а девзина, кхузахь керла гергарлонаш а тесна дIабахана. Бакъдерг ала деза, чIогIа дика адамаш ду кхузахь. Сан лулахо а, белхан накъост а йолчу Товбулатова Зулайс бе-берса ша йинчу  юургах а ца къастайо со. Дуьххьара Наталья Дамировна йолчохь Iийра со, делахь а сайна а, царна а йолчу паргIатонна кхуззахь школин тхов кIелахь еха со. Аьттонаш кIезиг-м бу сан цкъачунна, делахь а дIатаръелла йоллу со. Схьахетарехь, сайн цIа я квартира елхьара дIаяхаран ойла а йийр яцара ас. ХIинца а цхьана шарна еана йолу, шолгIа шо ду дIадоьдуш. Суна эхь хоьтуьйтуш хьовсу соьга сан берийн дай-наной а. Со цецйоккхуш балхана чу са диллина хьехархой алсам бу школехь. Изза Наталья Дамировна сецна а, садоIуш Iаш а ца гина суна. Шен масалица болх муха бан беза гойту цо».

Залха Курбановнас дийцира шен нохчийн дешархойх лаьцна а:

– Бераш миччахь делахь а бераш ду, – элира цо, – ткъа хьехархо декхарийлахь ву царах кхета. Цкъацкъа нисло цара бохург баккхийчара, вай, дан дезаш а. Сан дешархойн оьрсийн мотт хаар ледара хилар билгалдаьлла суна, амма иза церан бехк бац. Царна деша Iама ца лаьа аьлча а ца теша со, хIунда аьлча сан урокехь  шаьш ца кхетарг юх-юха а хоьттуш, тIаьхьакхиа лууш хуьлу уьш. Дешарехь  коьртаниг берийн шайн лаам хилар ма ду, цхьаъ лоьхуш бохкушшехь, «новкъахь» кхин керланиг а ма карадо царна, цунах самукъа а долу церан. Цундела компьютер, интернет, интерактивни у тхан урокан накъостий хуьлу.

– Тхан коллективе Залха Курбановна еачахьана а цхьа керлачун хIуо кхетта тхан дешаран дIахIоттамах, – дийцира школин директора Албасова Натальяс. –  Шен урокашкахь Федеральни стандартийн лехамехь ма-хиллара, хаарш лаха Iамабо хьехархочо дешархой, тидаме оьцуьйту церан «самообразовани» хила езар а. Химин кабинета чохь  оьшу оборудовани а ю тхан. Цара гIо до урокаш керлачу кепашца яла. Бакъду Залха Курбановнина дика хаьа, еккъа урок ялар иза дешаран декъан селхане юйла. Цундела бераш олимпиадашна а кечдо цо,  иштта кхин а тайп-тайпана белхаш бо.

Залха Курбановнин дуккха а дика дешархой бу. Тахана а цаьргара хаам кхочу цунна. Эрганайра а, Ефимовкера а, Красновосходскера а кхуьнан хиллачу дешархошкара интернетан  «Одноклассники» сайта чохь кест-кеста шена  яздина баркаллаш доьшу цо. Иза йоккхае нохчийн берашна а шен хаарш дала таро шен хиларна.

– Сайн берех лаьцна дийца дукха ду сан, – боху Залха Курбановнас –   Стохка Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цІарахчу музейхь хилира тхо, Гуьмсерчу аквапарке а дахара тхо, кхушара доккха совгIат хилира тхуна дай-наношца, берашца цхьаьна Эртана дахарх. Каникулаш тIекхаьчча Дагестане гIур долуш а ду тхо. Дуккха а дика Іалашонаш ю тхан, Дала мукъ лахь.

– Тхан берийн ирсана Дала нисйина тхуна Залха Курбановна, – элира цунах лаьцна, цуьнан дешархойн да а, белхан накъост а волчу Идалов Нажмуддис,

– хууш ма-хиллара, хими урок вайн берашна хало ю. Ша еллачу уроках тоам бина ца Iаш, берашца кхитIе а болх беш тIаьхьа юьсуш а, царна цхьа къасттийна шайга болх байта тIедахкарш луш а, урокехь опыташ еш а, керланиг довзийтарна тIехь мало ца еш а, къахьоьгуш ю Залха.  Ша Кавказан йоI хиларе терра, оьзда, гIиллакхе а йолуш, дика бусалба стаг  а  йолуш  схьайогІуш  а  ю иза. Тхуна доккха хIума хета, вайн республикехь дIахьочу Ийманехь кхетош-кхиоран концепцица догIуш а долуш, кхуьнан духарх, хабарх, собаре хиларх, хаарех вайн мехкаршна масал хиларх. Берийн дай-нанойн догъэца хаьа кхунна, бусалбаллехьа, ийманехьа берийн дог-ойла тIекхийдош, уьш дикаллина дог делла Iамош хилар, тхуна кхаъ хилла. Тхайн массеран а цIарах Залха Курбановнина баркалла а олуш, цуьнан могашалла а, дахарехь, доьзалехь ирс-аьтто хуьлийла а луур дара тхуна, Зударийн дуьненаюкъарчу   денца  иза декъалъян  а  луур  дара.

Ишттачу дикачу тоьшаллина резахилар бен тхуна дуьсуш хIумма а дац. Дала аьтто бойла дикаллина дог диллинчеран массеран а.

Т.САРАЛИЕВА

Авторан суьрта тIехь: З.К.Мухтарова

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: