Иштта яра хIокху деношкахь Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь дIабаьхьначу гайтаман цIе. Иза лерина бара Нохчийн Республикин Конституцин денна, вовшахтоьхнера вай лакхахь хьахийначу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексо.
Гайтамехь дакъалоцуш вара Россин Федерацин художникийн союзан декъашхо Дибиров Джабраил, Нохчийн Республикин халкъан художник, СССР-н художникийн союзан декъашхо Асуханов Аманди, Россин Федерацин журналистийн союзан декъашхо Чагаева Тамара.
Гайтаме биллинера Нохчийн Республикин къоначу художникийн ассоциацин декъашхойн: А.Абкаровн, З.Бакараеван, А.Оздаевн, И.Абдулаевн, Б.Дудаеван, Х.Макалован, Я.Макалован, Х.Ясаевн 50 гергга болх.
ХIора а говзанча похIме хилар гуш дара церан белхашка бIаьргтоьхча: ангалин цуьргех дина маьждиг, туьтешца дина зезагийн суьрташ, дечигех гIирт йоккхуш кечдина хаза гIутакхаш, пхьегIаш, тIаргIанах диллина зезагийн а, графикин жанрехь дехкина а исбаьхьа суьрташ, нохчийн истангаш, кхийра пхьегIаш, коьчалш.
Асуханов Амандис элира:
– Со чIогIа воккхаве тахана хIара гайтам, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Россин Федерацин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь вовшахтохарх а, тхо кхуза кхайкхарх а. Вайн махкахь дуккха а похIме адамаш ду, иза тахана кхузахь болчу белхашка бIаьргтоьхча хуур ду. Кху гайтамехь дакъалоцуш мел волу говзанча шатайпа похIме ву, царах хIора а шен болх даггара дукхабезаш а ву, – элира А.Асухановс. – Нохчийн Республикал арахьа хуьлучу гайтамашкахь Дагестанера, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Къилбаседа ХIирийчуьра куьйгана говза болчара бина белхаш хуьлура. Ткъа вайн махкара живопись, графика бен кхин белхаш ца хуьлура. Иза суна новкъадогIура. Амма, суна теша лаьа, таханлерчу дийнахь дуьйна ишттачу гайтамашкахь Нохчийн Республикера белхаш а хирг хиларх. Тахана юьхькIайн ву со. Суна хазахета шу нохчийн къоман искусство кхиорехь къахьоьгуш хилар. Дала аьтто бойла шун! Дала тIаьхье беркате йойла!
Цул тIаьхьа Ж.Дибировс а, А.Асухановс а цIен аса хадорца схьабиллира гайтам.
З.САГАЕВА
Суьрташ тIехь: гайтаман дакъалацархой
№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо