Хууш ма-хиллара, карахь дерг «Россин МЧС-н цIеяларх ларбаран белхахойн» шо аьлла дIакхайкхийна ду. И бахьана долуш Нохчийн Республикин МЧС-н белхахоша республикин школашкахь а, берийн бошмашкахь а дIахьош ду бераш цIеяларх лардарна лерина цхьаьнакхетарш. Иштта, хIокху деношкахь Теркан районан Фрунзенское юьртарчу берийн бешахь а хилира Невран районан цIеяларх ларбаран №28 йолчу декъан белхахойн цхьаьнакхетар.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Теркан районан цIарах кIелхьарабахаран №28 йолчу декъан инспектор Хасанов Рустам. Цо берашна дийцира цIеяларх муха лардала деза а, сирникашца ловза мегарг цахилар а.
Цул тIаьхьа бераша дакъа а лоцуш цIеяьлла бохам хилча санна сурт хIоттийра. ХIоранна а цIеяйъархочун, цу бохамехь вагийначун, кхайкхинчу лоьрийн, ролаш екъна, берашна цIарах лардаларан бакъенаш муха хаьа хьаьвсира МЧС-н белхахой.
– Шаьш хIоттийначу «ловзарх» самукъадаьллера берийн. Мелла а тхан болх шайна бевзинчул тIаьхьа, ша-ша цIеяйъархо хир ву, шений-шений нахана гIо дан лаьа, уьш цIарах кIелхьарбаха лаьа, бохуш дуьйцура цара, – элира Р.Хасановас.
Цхьаьнакхетар дерзош, МЧС-н белхахоша хаийтира шаьш хIоттийначу суьрта тIехь санна, цIеяларца боьзна бохам даима иштта дика дIабоьрзуш цахилар.
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрта тIехь: берашца цхьаьнакхетар
№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо