Футболе – ховха безам

Хаджиев Казбекан цIе дика евзаш ю нохчийн журналистийн гуонашкахь. Дукха хан ю цо вайн махкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь шен хьаналчу къинхьегаман некъ дIаболийна. КIорггера хаарш, ира хьекъал, сема тидам болуш стаг ву Казбек.Снимок резка

ЦIеначу нохчийн доьзалера схьаваьлла хиларе терра, иза даима гIиллакхе а, оьзда а ву. Ларамаза дацара цуьнан журналистике кхачар а. Казбекан воккхах волу ваша Рамзан вара Нохчийчохь а, генна дозанал арахьа а вевзаш тележурналист. ОРТ-н леррина корреспондент волуш болх беш вара Хаджиев Рамзан вайн махкахь 1994-чу шарахь хьалхара тIом болабелча. Халкъана, махкана уггаре а халачу деношкахь тIеман арара репортажаш йора Рамзана бакъдерг дуьнене дIакхайкхо цхьаннах а ийза ца луш. Амма оьмар Iаламат йоца хиллера цуьнан. 1996-чу шеран 11-чу августехь шен белхан декхарш кхочушдечу муьрехь федеральни эскаран векалша тоьхначу герзо хеназа вожийра похIме журналист Хаджиев Рамзан. Боккха иэшам бара иза бакъонах а, нийсонах а хьаьгначу нохчийн къомана. Делахь а беанчу бохаман йийсаре вахана, юьстаха ваьлла ца сецира цу хенахь 30 шо кхаьчна хилла Казбек. Шен воккхах волчу вашас санна буьрса кхехкачу тIеман арара репортажаш еш болх дIакхийхьира Казбека. Телевидени, газеташ, хаамийн агенствош – иштта яра Хаджиев Казбека къахьегна меттигаш. 2002-чу шарахь дуьйна «Терек» футбольни командин пресс-атташе ву хьуьнаре журналист. Шен белхан декхаршца дика ларош схьавогIуш а ву. Бакъду, 2008-чу шарахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран  хьалхара заместитель волуш болх бира лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолчу журналиста. Нохчийн Республикехь болчу шуьйрачу хаамийн берриге а гIирсашна Iуналла деш вара иза. ЦIархазмана доцуш, хьанал къахьоьгуш стаг вара. Дика куьйгалхо а, сема белхан накъост а вара Хаджиев Казбек. Иза журналист хиларна, Iаламат атта дара цуьнца болх бан. Шега дIадуьйцучух а, хила дезачух а кхеташ куратор вара Казбек. Цундела боккха ларам бара цуьнга шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх бечу журналистийн. Амма, мел халахеташ делахь а, цунна футбол дукхаезаш хиллера. Журналисташ шех Iехабеллачу хенахь, иза юха а «Терек» футбольни команде  дIавахара. И белхан меттиг тайначух тера ду Хаджиев Казбекана. ХIора шеран 8-чу мартехь ша вина де билгалдоккху Хаджиев Казбека. 1966-чу шеран 8-чу мартехь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьллачу цуьнан 2016-чу шеран 8-чу мартехь 50 шо кхаьчна. Цундела даггара иза декъалвеш, дика мел дерг цуьнан дахарехь хила лаар хоуьйту Нохчийн Республикин журналистийн тобано. Даима ирсо хьоьстийла хьан комаьрша дог. Хьайна бевза-безачийн кхин цкъа а вон ма гойла хьуна, тхан лараме Казбек!

А.ДАЧАЕВА

№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо    

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: