«Доцца! – 2016» дуьненаюкъарчу фестивалехь

Нохчийн Республикерчу режиссеран-аниматоран Умарова Асетан болх уггаре а тоьлла лерина.

  Германски а, Российски а короткометражни фильмийн «Доцца! – 2016»  («Вкратце!» – 2016) денош хIокху шарахь доьалгIа  дIахьош дара. ХIинца уьш дIадаьхьира Волгоградехь. Цигахь дакъалаца баьхкинера  Россера а, Германера а режиссер-аниматорш.

И гIуллакх вовшахтоьхнера Волгоградски областан  культурин дIадолорийн агентствос Гете-институтца а, «AG-Kurzfilm» немцойн короткометражни  кинон юкъараллица а, культурин декъехь менеджер йолчу Барбара-Анна Бернсмайерца а цхьаьна.

Фестивалехь гайтаме яьхна яра документальни, анимационни, исбаьхьаллин короткометражни  кинош. Берриге а 80 болх бара жюрин кхиэле биллинарг. Царах финале баьлларг 20 болх бара. Умарова Асетан «Война. Белье из прошлого» кхаа минотехь йолу анимационни мультипликационни фильм яра фестивалехь гайтинарг. Цунна жюрис цхьабарт хиларца хьалхара меттиг а елира.

«И мультфильм ас яьккхинера масех шо хьалха Швецехь стажировкехь йолчу хенахь, тIеман дагалецамаш тIехь.  4–5 дийнахь елира со и болх бина. Суна билгалдаккха луур дара мультфильмехь йолу музыка язйинарг нохчийн вевзаш волу композитор Шахбулатов Iаднан хилар», – элира Умарова Асета.

Конкурсантийн белхийн мах хадош бара кинохь а, мультимедиахь а, культурологехь а, журналистикехь а зеделларг долу говзанчаш. Масала, продюсер, режиссер А.Сильвестров, режиссер Ксавер Штефан Бем, документальни проектийн авторш Н.Платонова, С.Карпов, культуролог Н.Шипулина.

 Л.ДАУТОВА

№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: