Таймасханова Аминат

ЙоьIан бархI бутт болчу хенахь хаийтира лоьраша нене Таймасханова Хьавага йоьIан цамгарх дерг. Хала дара нанна цунах теша. Цундела, цунна лиира республикел арахь  болчу лоьрашна а тIеяха. Иштта, Ростоверчу а, Ставрополерчу а лоьраша тIечIагIйира йоIана вайн лоьраша хIоттийна йолу ДЦП-н  диагноз. Амма, Хьава дукха йоьхна ца хьаьвзира… Таханлерчу дийнахь Деле доIанца доьхуш, цуьнан гIуллакхана, ша ца кхоош, лела иза.IMG-20160310-WA0033

Пачхьалкхан бюджетни «Дешаран туш» дешаран учрежденехь 8-чу классан дешархо ю Таймасханова Аминат. ЙоьIан дешар интернетехула дистанционни ду.  Могашалла ледара ю аьлла доцуш, дешарца дика ларош а, кхитIе долчу дешаран, ерриге а аьлча санна, кружокашка (фортепиано, бисерца хIуманаш агар, суьрташ дахкар, и.дI.кх.) лелаш а ю. Фортепиано лакха Iамош хьехархо Эльтаева Зухра ю. Цо дийцарехь, Аминат музыкальни похIма а, цу декъехь хиндерг а долуш ю. Массарал гIолехь ша гайта лууш,  къахьоьгу  йоIа. Доккхах долчу декъана Аминатан белхаш хуьлу конкурсашкахь дакъалоцурш, цара совгIатан меттигаш а йоху. Оцу гIуллакхо йоьIан кхолларалла кхиийна  ца Iаш, иза ирсе а йо.

Хьехархоша дийцарехь, дика, эсала, йоI ю А.Таймасханова. Шена тIебиллина болх мел дукха белахь а, иза чекхбоккхий бен ца йогIу иза  кружоке. ЦIахь бан белла болх ца беш ца Iийна цкъа а. Берриге а хьехархоша дозалла а до, царна дукха а еза Аминат. Иштта, жимачохь тайнигашна бедарш тоьгуш, тай-махица гIуллакх дар дезна йолу йоI дизайнер хила лууш ю.

Школехь дуккха а похIме бераш хиларе а, ша могаш цахиларе а  хьаьжна ца Iаш доггаха къахьоьгу йоIа. Цундела школин  тоьллачу дешархойн могIарехь ю.   Уггаре а жигара а, похIме а хиларна школин куьйгалло Соьлжа-ГIалин мэрин грант яларна хьалхатеттина яра иза. И совгIат цунна дан а дина.

Культурин департаменто дIахьочу «Зевне нота» республикин «ПохIмечарна некъ» конкурсашкахь дакъа а лаьцна, цигахь толаман меттигаш а яьхна А.Таймасхановас. Эзар берах лаьттачу Россин хоран  дакъалацархо а ю иза.

ЦIахь дечу гIуллакхаш тIехь нанна накъост ю Аминат. ПхьегIа юьлуш, нуй хьокхуш, юург еш гIо а до йоIа.

Муьлххачун а санна, Аминатан а бу шен сатийсамаш. Цунна уггаре а хьалха лууш дерг могашалла меттахIоттийна, кхидолу бераш санна дIаяхар ду.

Цуьнца цхьаьна цо Далла хастам бо шена деллачунна. Дела реза хуьлда боху йоIа ша лелош Iаш долчу шен дена-нанна а, музыкальни школин директорна М.Сулейманована а, ша Iамош болчу хьехархошна Хь.Матиевана, Р.Асхабована, М.Юрьевана а, шена гIо деш болчу массарна а.

 

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан сурт

№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: