Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь
дIаяьхьира 1990–2001-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь дзюдо латарехула Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхеяккхаран турнир. Кхузахь дакъалоцуш бара Ставрополера, Дагестанера, ГIалгIайчуьра, Къилбаседа ХIирийчоь – Аланера, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Кхарачойн-Чергазийчуьра спортсменаш.
Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Цул тIаьхьа финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: З.Албастов (55 кг.), М.Хамбулатов (58 кг.), А.Исаев (60 кг.), М.Чалаев (65 кг.), Р.Минаев (66 кг.), М.Самбиев (68 кг.), Т.Мухтаров (68 кг.), А.Адаев (72 кг.), А.Межидов (73 кг.), Т.Такаев (100 кг.), И.Абдулкадыров (+100).
Командашна юкъахь Нохчийн Республикерчу дзюдоисташа толам баьккхира
ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьенехь
дIаяьхьира греко-римски кепарчу охьатохархлатарехула йолу кегийрхошлахь Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхеяккхаран турнир. Вайн республикера цигахь дакъалоцуш 8 спортсмен вара.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Хь.Исаев (69 кг.) – №3 йолу ДЮСШ, А.Баракаев (50 кг.) – РДЮСШ, У.Тимаев (54 кг.) – № 4 йолу ДЮСШ.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт
№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо