Сценина дIаделла дахар

(Нохчийн Республикин халкъан артисткин  Исакова Зинин 90 шо кхачарна лерина)

Нохчийн къоман театран исторехь къаьхьа мур бара Исакова Зина актриса хила болчу лаамо цуьнан неIаре ялийча. Чувоьллина, тIепаза, лар йоцуш къайлаваьккхинера нохчийн литературин бухбиллархо, театран  верас Бадуев СаьIид. НКВД-х хьулвина, лаьмнашкахула Гуьржеха дехьаваьккхинера театран режиссер Чхартишвили Арчил. Шарахь гергга, «национализман бен» лерина НКВД-н сацамца,  къевлина лаьттира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театр. Шаьш муьлха, хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, гIайгIанехь бара актераш. Эххар а дагадеара Всеволод Вишневскийс язйина «1919-гIа шо» цIе йолу пьеса хIотто. Театран коьрта режиссер Владимир Вайнштейн вара. Пьеса Иосиф Сталин хестош яра, 1919-чу шарахь цо революционни шовкъаца гайтина хьуьнарш дуьйцуш. Дийца даьккхинчуьра аьлча, Iаламат дукха къахьегна режиссера Вайнштейна вайнехан театр когаяхийта болчу лаамца. Цу муьрехь къона яздархо хиллачу Музаев Нурдица цхьаьна цо язйо «Мекхаш-Мирза» цIе йолу самукъане комеди. ТIаьхьо Музаев Нурдис «Асет» цIе йолу кхин цхьа пьеса язйо. Нохчийн дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона а хIоттайо «Колхозхойн деза де» цIе йолу спектакль. Оцу спектаклашкахь шен  къинхьегаман хьалхара гIулчаш яьхна  Исакова Зинас. Яккхий ролаш цуьнга лойла дацара. Иза дукха къона яра театре балха йогIуш. Пхийтта шо кхачале еана иза театре, актрисин болх сил дукха безарна.Исакова_Зинаида

   1926-чу шеран 8-чу мартехь дуьнен чу яьлла Исакова Зина. 1939-чу шеран чаккхенехь дуьйна яра иза Нохч-ГIалгIайн драматически театрехь болх беш. Дукхах болчу артисташа санна, массовкаш тIера дIаболийна цо шен кхоллараллин болх. Делахь а, цуьнгахь хьуьнар дара хьовсархойн тидам шена тIеозо, дош аьлла йистхуьлуш яцахь а, шен турпалхочун амал гайта, цуьнга безам бахийта. Бераллехь дуьйна Исакова Зинин шен а яра Iаламат нуьцкъала амал, мел жима елахь а синъондалла яра цуьнца. ХIинца санна атта дацара вайнехан мехкаршна цу муьрехь театре балха бахка. Вайнехан Iадаташца догIуш ца хетара нохчийн зуда сцени тIе ялар. Амма Исакова Зинин ницкъ кхечира оцу дуьхьалонийн оганаш харцо а, юьхьарлаьцначу Iалашоне кхача а. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 40-чу шерийн юьххьехь беркате зIийдиг таса йолало актрисин  кхолларалла. 1940-чу шарахь режиссера Вайнштейн Владимира  Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь хIоттайо В.Билль-Белоцерковскийс язйина «Шторм» цIе йолу турпалаллин драма. Цу спектаклера ю Исакова Зинас дуьххьара ловзийна мелла а текст йолуш йолу роль. 1917-чу шеран октябрь баттахь хиллачу революцис кхайкхочу диканех цIенчу даггара тешаш ю цо васт кхоьллина йоI. Хетарехь, актрисина хала дацара и васт кхолла. Иза ша а яра коммунизман бIарлагIех Iаламат чIогIа тешаш. Дукха хьалхе хIоьттира актриса КПСС-н могIаршка. ТIаьхьо-м Исакова Зина Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн драматически театран  парторганизацин секретарь яра. Амма иза генна тIаьхьа хир ду. Ткъа 1940-чу шарахь иза къона, хаза, сирлачу сатийсамех дог-ойла юьзна яра, керлачу анайистошка дегайовхонца бIаьрг бетташ. Цо кхиамца дакъалоцу Саидов Билала язйинчу «Зайнап» пьеси тIехь хIоттийначу спектаклехь. Актрисина дагахь доцу кхиам беара гIалгIайн яздархочо Базоркин Идриса язйинчу «Тамара» цIе йолчу пьеси тIехь режиссера Батукаев ХIарона хIоттийначу изза цIе йолчу спектакло. Делахь а, къоначу актрисина массарел дукхаезачарах цхьаъ яра «Адин Сурхо» спектаклехь цо ловзийна Азманан роль. Нохчийн барта кхоллараллина тIехь поэта Гадаев Мохьмад-Салахьа, режиссерца Батукаев ХIаронца цхьаьна язйина яра и пьеса. ХIоттийнарг режиссер Батукаев ХIарон вара. И роль Исакова Зинина дукхаезаран а шатайпа бахьана дара. Нохчийн оьзда йоI яра цо васт кхоьллина Азман, собарх, къинхетамах, ийманах юьззина. Ткъа уггаре а коьртаниг, йист йоцу хIорд санна шуьйра, хьесан бустам санна хаза болчу нохчийн маттахь язйина яра пьеса. Поэтически кепехь язйина цуьнан репликаш ша-шаха дагчу юьйшура, Iамо атта яра, хIора дош маьIне а, кхеташ  а дара. Хьовсархоша дика тIеоьцуш яра «Адин Сурхо» цIе йолу спектакль. Къоначу актрисина цунах там хуьлура. Иза кийча яра керла ирхенаш яха. Амма 1941-чу шеран 22-чу июнехь болабеллачу тIамо  дерриге а дохийра. Къинхетамза хьаьшира нохчийн артистийн сирла сатийсамаш. ТIом болалуш Нохч-ГIалгIайн драматически театр Ведана хьалаяхана яра. Масех спектакль яра веданхошна гайта кечйина. Цхьа бутт хьалха Веданан кIоштахь  массо а маьIIехь дIайиттина афишаш яра гойтур йолчу спектаклех дуьйцуш. Вайнехан авторийн пьесаш хилла Iаш яцара репертуарехь. Дуьненна бевзачу яздархойн Мольеран, Гольдонин пьесаш яра. Амма цIеххьана Даймахко даьккхинчу орцано юкъахъехира театран гастролаш. Нохч-ГIалгIайн драматически театран актераш Ибрагимов ИсмаьIал, Туликов Абухьаьжа, Горчханов Iусман, Сапаров Мохьмад, Магомадов Ваха, Исаев Тапа, Гандаев Сайда, Сатабаев Ширвани, вежарий АлхазовгIар – Тута а, Ахьмад а шайн лаамехь Веданара-а тIаме дIабахара. Спектаклийн декорацеш Ведана хьалахьош йигна ворданаш, Даймахкана орцахбевлла тIеман ара, дIабоьлхучу актерашка дIайигийтира. Ткъа бухабисина зударий гIаш Соьлжа-ГIала охьабаьхкира. Веданара дуьйна Нохч-ГIалгIайн коьртачу шахьаре охьакхача шина дийнахь, шина буьйсанна некъ бан дийзира актрисийн. Яхь дIа ца луш, юучух мотт ца тухуш, и беха некъ бинчу зударшна юкъахь Исакова Зина а яра.001

Немцойн фашисташ ямартлонца Советски Союзана тIелеттачу заманчохь мукъа Iаш бацара цIахь бисина артисташ. Цара сихонца вовшахтуьйхира концертни бригада. Вайн махкахь йолчу ерриге а кIоштийн военкоматашна хьалха роггIана концерташ гойтура артисташа. Саидов Билалин а, Базоркин Идрисан а, Музаев Нурдин а хьуьнарца  литературно-музыкальни композици кечйинера вайн артисташа. Патриотизмах юьзна яра иза, дог-ойла ир-кара хIоттош, Даймохк безаре кхойкхуш, толам Советски адамашкахь, цуьнан ЦIечу Эскарехь хирг хиларх дегайовхо  а, тешам а чIагIбеш. Даймахках йолу байташ йоьшуш, цу композицехь дакъалоцуш яра Исакова Зина. ТIом дIаболабелла масех бутт балале Базоркин Идриса «Капитан Ибрагимов» цIе йолу пьеса язйира. ТIеман арахь доьналлица мостагIчух леташ волчу капитанах Мазаев Маташах яра и пьеса. Сихха режиссера Батукаев ХIарона спектакль  хIоттийра «Капитан Ибрагимов» пьеси тIехь драматически театран сцени тIехь. Вайн турпалхо дакъалоцуш яра оцу спектаклехь. ТIом бахбала боьлча Нохч-ГIалгIайн Республикехь концерташ, спектаклаш гайтина Iаш бацара вайн артисташ. Де-буьйса, шело-йовхо ца лоьруш, концерташца ерриге а Къилбаседа Кавказехула чекхъелира вайнехан артистийн тоба. 1942-чу шеран аьхка Армавире бахара уьш. Цигахь лаьтташ яра вайнехан бIаьхойх вовшахтоьхна,  255-гIа дошлойн полк, шен коьртехь Висаитов Мовлади а волуш. 18-чу июлехь дIайолийна пхеа дийнахь концерташ елира артисташа  дошлойн полкан дерриге а дакъошкахь. Иштта-м вайн актераша, шайн лаамехь ахча вовшахтоьхна, тIеман ара дIахьажо танк ийцира. Жигара дакъалоцуш яра Исакова Зина  оцу мехалчу гIуллакхашкахь. Цу чолхечу муьрехь къоначу актрисас кхиамца дакъалоцу Нохч-ГIалгIайн драматически театран репертуарехь хиллачу массо а спектаклехь. Царех яра М-С.Гадаевс, Х.Батукаевс язйинчу «Адин Сурхо» цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна спектакль, А.Афиногеновс язйина «Накануне» цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна изза цIе йолу спектакль. И.Базоркина язйина «Тамара», «Капитан Ибрагимов» пьесаш тIехь хIиттийна спектаклаш. Кац, Ржевский авторш болу «Олеко Дундич» пьеси тIехь хIоттийна спектакль, иштта дуккха а кхиерш. Актрисас кхоьллина васташ синош цIена долуш, нуьцкъала амал йолуш, шайх эца масал долуш хуьлура. Цундела дезаш тIеоьцура уьш хьовсархоша. Ткъа хазаллех дерг аьлча, вайнехан сцени тIехь хиллачех уггаре а хаза, куц-кеп долуш актриса яра Исакова Зина. Цуьнан исбаьхьчу елакъажаро  дуьне серладоккхуш хетара актрисин нийсархошна. Ткъа бIаьргийн Iин милла а йийсаре лаца ницкъ кхочуш дара. Амма цкъа а шен хазаллех куралла йина, цунах Iехаелла яцара Исакова Зина. ХХ-чу бIешеран 40-чу шерашкахь цуьнан дахарехь цхьа дегаIийжам беара, иза буьрсачу тIамо Iазапе лаьцначу Даймахкаца боьзна бара. Кхидолу адамаш санна, шен ницкъ кхочург дан гIертара актриса толаман де гергадало. Мел дукха концерташ хиларх, мел гена новкъа гIаш дIаяха езаш хиларх, цкъа а шена хуьлу хало хьахош Iедал дацара цуьнан. Генна тIеман арахь мостагIчух дера леташ болчу бIаьхошна кхин а хала дуйла хаьара йоIана. Уьш Даймехкан дуьхьа дахар дIадала кийча хилар а гуш дара. ТIаккха цо муха юьйцур яра шена хуьлуш йолу халонаш, ловш йолу мацалла.

ТIом кестта дIабоьрзур бу моьттура цунна. ТIом шолгIачу а, кхоалгIачу а шаре белира. Цуьнца цхьаьна алсамъевлира халонаш а. Дагахь доцург деара 1944-чу шаро. Сталинан хьадалчаша махках бехира вайнах. Цуьнца цхьаьна махках яьккхира къоман театр а. 18 шо дара Исакова Зинин къаьхьачу къурдаша хорам беш и  некъ цо юьхьара лоцуш. Иза ца кхетара хиллачух. Актрисин болх беш елахь а, дукхахболчу нохчашна санна, цунна моьттура вайнехан къомана йина  ямарт харцо Сталинна ца хаьа, амма ца хууш дуьсийла дац. ТIаккха, Сталинна дIахиъча, бохура йоьIан къоначу даго, иза орцах ца волуш Iийр вац. Дан дезачунна хьакъ доллу таIзар дийр ду нохчийн халкъ иштта холча хIоттадарна. Казахстане дIакхаьчча Джамбульски областерчу  Чу станцехь охьабиссийра ИсаковгIар. Оьрсийн мотт хаарна, йоза-дешарх кхеташ хиларна балха яха сихха аьтто хилира Зинин. ХIан-хIа. Шен корматаллица болх бацара цунна карийнарг. Бакъдерг дийцича Чу станцехь театр яцара. Ялта Iалашдеш йолчу базе яхара иза балха. Юьхьанца нохчийн кхиболу зударий санна, баьхьанца ялта кегош, галеш чу дерзош, уьш вагонаш тIе дохуш, хала болх бара цо бинарг. ТIаьхьо-м, болх дика барна, мелла а даржехь лакхаяьккхина, учетчица йира цунах. Ткъа  уггаре а коьртаниг, ялтица Зина болх беш хиларна кхуьнан йиша-вешех цхьа а мацалла ца леш, хIорш хене бевлира. Цул сов, вайн махкахочун хьанал къинхьегам тидаме эцна, 1957-чу шарахь Iедало Исакова Зинина совгIат дира «За освоение целинных земель» мидалца.002

1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо елира. Махках баьхна нах сихонца цIабирзина, катоьхнна шайн дай баьхна латта юха цIиндан буьйлабелира. КогахIоттийра вайнехан къоман театр а. Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министра а, къоман театран куьйгалло а къоман сцени тIехь актрисин похIма оьшуш хиларна,  цIаерза бакъо елла, 1958-чу шарахь цIаялийра Исакова Зина. Цуьнан белхан накъостий хилла актераш керлачу спектаклаца театр схьаелла кечлуш бара. Нохчийн сийлахь-воккхачу яздархочо Ошаев Халида язйинчу «Асланбек Шерипов» пьеси тIехь спектакль хIоттош бара режиссераш Л. Горькая, М. Минаев. ПетIаматан роль яра Исакова Зинех тешийнарг. Иза цо даима санна кхиамца ловзийра. Ошаев Халидан кхин цхьа пьеса хIоттийра театро цу шерашкахь. Цуьнан цIе «Ахьмар-Хьаьжа» яра. Режиссер Батукаев ХIарон вара цу пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль хIоттийнарг. Коьртачу турпалхочун хIусамненан роль ловзош яра Зина. Дешнаш дукха дацахь а, наггахь бен сцени тIехь гучу ца ялахь а, цуьнан ницкъ кхечира хIусамдена муьтIахь йолчу нохчийн зудчун васт кхолла. Дуьне цецдаккхал шегахь долчу собарца хьовсархой йийсаре лоцуш, еххачу ханна церан дегнашкахь даха  дисира актрисас   кхоьллина васт.

Юьртан бахамах йолу цхьамогIа пьесаш хIиттайо Нохч-ГIалгIайн къоман театро цу муьрехь. Музаев Нурдис язйина «Уггаре а хьоменаш», Дагестанерчу  драматурга Курбанов Амира язйина «Кайсаран ловзар», Балкхаройн драматурга Боташев Iийсас язйина «Султанан некъ», иштта дуккха а кхиерш. Цу ерриге а спектаклашкахь дакъалоцуш хилла  Исакова Зина. Къаьсттина цуьнан кхоллараллин кхиам  лара богIу  «Кайсаран ловзар» цIе йолчу спектаклера Шамсин роль. Диканна дакъа кIезиг гуш болчу Кавказерчу зударийн васт дара Зинас цу спектаклехь кхоьллинарг. ЦIийндас догэцар наггахь а ца нислахь, Дала шена деллачунна резайолуш, доьзалан дуьхьа ехаш зуда яра актрисин турпалхо. Хьуьнар, корматалла тоьира актрисин ирсо пе тоьхначу зудчун васт кхолла. Нохч-ГIалгIайн къоман театран сцени тIехь «Кайсаран ловзар» цIе йолу спектакль кхиамца чекхъялар Исакова Зинин  похIмица дозуш а дара. Кхойтта шарахь Даймахках а, сил дукхаезачу театрах а хьегийна вайнехан актераш, режиссераш цкъа а ца хиллачу жигараллица балхана тIебирзинера ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь. Батукаев ХIарона хIоттийра «ШолгIа тулгIе» цIе йолу спектакль. Мусаев Мохьмада язйинчу изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна яра иза. Немцойн фашизмана дуьхьал советски халкъо бинчу буьрсачу тIамах яра пьеса. Нохчаша цу тIамехь жигара дакъалацар гойтуш язйина яра иза. Шен лаамехь Даймахкана орцахваьлла, тIаме  хIоьттинчу жимачу стеган тIехьийзачу йоьIан роль яра Исакова Зинас  «ШолгIа тулгIе» спектаклехь ловзийнарг. Иштта боккхачу кхиамца дакъалецира актрисас режиссера Батукаев ХIарона хIоттийначу «Мекхаш-Мирза» спектаклехь а. Цкъа мацах хилла яра и спектакль вайнехан драматически театран сцени тIехь. В. Вайнштейна, Н.Музаевс язйинчу изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна яра иза, цу муьрехь театран коьрта режиссер хиллачу Вайнштейн Владимира. Ткъа хIинца Батукаевс карлаяьккхира «Мекхаш-Мирза», цуьнан комически агIонаш говза серлайохуш. Вайнехан хьовсархоша дезаш тIеэцна Кочусетан васт кхоьллира Исакова Зинас.

Вайна массарна дукха дика дагайогIу «Бож-Iела» спектакль. Цу спектаклехь Жарманан роль яра Исакова Зинас ловзийнарг. Синкъерамехь хилла пондарча яра Жарман. Синкъерамехь хабарш дахдала доьлча Сутарбис мохь тухура: «Жарман, дIаозае и левси, хIун деш Iа хьо, бага а гIаттийна?!» ТIаккха Жармана пондар дIалокхура даггара, говза, хьовсархойн а тIехь дог-ойла тIомайоккхуш. Иза а актрисин похIмин цхьа дакъа дара. Зина йиш лакха хууш а, тIаьхьара пондар бало хууш а яра.

Дукха хьолахь, яккхий ца хуьлура Исакова Зинех тешийна ролаш. Цунах эпизодан актриса ала мегар ду. Амма йоццачу кийсакехь актрисин ницкъ кхочура къеггина васт кхолла, амал гайта, шен турпалхочо лайна халонаш, цуьнан дахаран зеделларш хьовсархошна довзийта, хьовсархой ойлане баха. Иштта яра режиссера Солцаев Мималта хIоттийначу «Бешто» спектаклехь цо ловзийна роль а. Коьртачу турпалхочун Бусанин йиша яра иза «Бешто» спектаклехь. Iаламат кIезиг дара дешнаш, амма сцени тIехь цуьнан гучуяларо а, цуьнан юьхь тIера Iанаоьхучу шийлачу гIайгIано а гойтура нохчийн лаьмнашкахь зударийн дахар цкъа а атта цахилар. Исакова Зинас дакъалаьцна муьлхха а спектакль хьахийча, буьйса хазйина седарчиий санна, иэсехь карладовлу Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу драматически театран сцени тIехь цо кхоьллина исбаьхьа васташ. Муьлххачу ролехь ша елахь а, актрисин аьтто болура нохчийн зудчун  амал, синъондалла, хьекъал, собар, доьналла гайта. Хаза, цIена, дукха хьолахь халкъана, махкана муьтIахь хуьлура цуьнан турпалхой. Цундела бисина уьш хьовсархойн дегнашкахь. 50 шарахь сов болх бина Исакова Зинас вайнехан къоман драматически театран сцени тIехь. Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъйолу артистка йолуш 1986-чу шарахь пенсе яхара иза. Къоман культура кхиорехь актрисас хьанал къахьегар тидаме эцна, персональни пенси диллира цунна. Амма пенсе яханера аьлла, къоман театраца долу гергарло  ца хадийра актрисас. Юкъ-кара спектаклашкахь дакъалоцура цо. Цундела 2008-чу шарахь кхин а цхьаъ сийлаллин цIе елира къоман театран а, Даймехкан тIеман а ветеран йолчу Исакова Зинина. «Нохчийн Республикин халкъан артистка» яра цунна елла рогIера сийлахь цIе. Иза цунах Iаламат йоккхаера, хIара дерриге а дуьне шена делча санна. 2009-чу шарахь бакъдуьнене йирзира иза. ДIабайра ах бIе шарахь сов шен  похIмица къоман театр серлаяьхна, шатайпачу башхаллица вайн дегнаш хьистина седа…

 А.ГАЗИЕВА

№29, шинара, бекарг (март) беттан 15-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: